Ши́шкина Вале́рия Ю́рьевна (вина 1952 4 январь, ХӀинжа-ГӀала, ДегӀастанан АССР, ССРС) — российн журналист, йаздархо, . 2001 шарахь кхоьллира хӀора дийнан машин литературин-философин журнал «Топос», цунах хилла Рунетан уггаре гӀарадаьллачу а, авторитетан а арахецарех цхьаъ. 2004 шеран июнехь дуьйна йу цуьнан коьрта редактор.

Шишкина Валерия
Йина терахь 1952 шеран 4 январь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (72 шо)
Йина меттиг ХӀинжа-ГӀала, ДегӀастанан АССР, ССРС
Гражданалла:
ГӀуллакхан тайпа:
Жанр: журналистика
Произведенин мотт: оьрсийн
СовгӀаташ: Российн йозан академин «Серлонан эмгаралла лелориг» мидал
topos.ru

Кхиина Соьлжа-ГӀалахь, чекхйаьккхира № 3 йолу Соьлжа-ГӀалин йуккъера ишкол.

Дийшира Пятигорскан пачхьалкхан арахьара мехкийн меттанийн институтехь, Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетехь, Москохан пачхьалкхан хьехархойн арахьара мехкийн меттанийн Мориса Торезан цӀарах институтан аспирантурехь. Шиъ лакхара дешар чекхдаьккхина (филологин, психологин). Кандидатийн диссертици чекхдаьккхира ССРС ӀА психологин институтехь «Ойла яр а, къамел а» говзаллийца.

Москохан инженерин-физикин институтехь хьехархо, АЦШхь гочдархо болх бира.

Икэнобо ишколан икебанин профессоран тӀегӀа йу (Киото, Япон).

1974 шарахь дуьйна йеха Москохахь.

Майра — Шишкин Анатолий Владимирович, йоӀ — Валерия Анатольевна.

Журнал «Топос»

бӀаьра нисйан

Шишкина Валерияс редакци йеш долу журнал ша-тайпана ду, цуьнца йу говзалла а, новаторалла а, цигахь бу цхьаьна майданахь лулахь, дахаре а, литературе а хьажар дуьхь-дуьхьала долу авторш, цигахь йу авторийн эстетикин а, индивидуалан поэтикин контрасташ. 2008 шарахь философа а, емалчо а Роганов Сергейс «НГ EX LIBRIS» «Маьрша газетехь» йаздо: «Литературин-философин журнал „Топос“ йукъаделира 2001 шарахь филолог а, психолог а, кхин тӀе японин икебанин Икенобо ишколан говзанча йолчу Шишкина Валериян ницкъашца… ХӀара йа кхин йозанаш емал дийр ду аша, шу доьлур а ду цунах йа марзо оьцур йу, амма хьала а, охьа а шу йухадоьрзур ду виртуалан аренера, коьрта маьӀнаш кхуьу, цхьаьна топосе… Дахар кхин дӀадоьду, тӀаккха цуо кхуллу керлачу куьзганийн система — керлачу заманан йоза а, керла иза дӀакхоьхьурш. „Топос“ — из адӀакхоьхьучарех цхьаъ»[1].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Российн йозан академин «Серлонан эмгаралла лелориг» мидал — машанан литературин-философин журнал «Топос» кхолларна а, кхиорна а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан