Шоной
Шуоной[1] — нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайпа. Тайпанан мохк бу Нажи-Йуьртан кӀоштан Шоьна[2].Тайпа юкъадогӀу Q1 гаплотобан. Декъало некъашка: Т1ийр-Берт’ай (“J2”: JM-172), ИсмаӀал-некъе (Q1a),[3].
Къена тайпа | |
Шоной | |
---|---|
Кхин цӀерш | Шоьной |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчмахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац ДегӀаста: хууш дац Урдан: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Географи
бӀаьра нисйанШоьна лаьтта Нажи-Йуьртан кӀоштахь, Коьжалг-дукъ тӀехь. Доза ду: Ӏаларца а, Сесанца а — малхбалехь, ГӀоьрдалца — къилбехахь, Эна-Кхаьллаца а, Ялхой-Мохкца а малхбузехь.
Шоьнахь Шоной боцурш кхин а беха: БелгӀатой, Зилой, ЖӀай[4].
Шоной беха меттигаш
бӀаьра нисйанБехаш бу Гумс а, Мичик а хишна йисттерачу эвланашкахь.
Шьоной беха меттигаш: Акхболт-Йурт (Хаси-Эвлан кӀошт), Бена-Йурт, Гелдаган[5], Гуьмсе, ГӀойтӀа, Гезлой-эвла, Керл-Шоьна, Дубовски[6], Джалка, Дойкар-йурт, Курдюковски, Къедин-Йурт[7], Комсомольск, Калиновски, Ӏелин-Йурт, Соьлжа, Лаха Невре[8], Мескер-йурт, Майртуп, Мескита, Новр-ГӀала, Ойтара, Ойсхара, Орз-ГӀала, Нойбоьра[9], Ишхой-йурт, Илисхан-йурт, Хьаьнгиш-Йурт, ЧӀулга-Йурт, Шела[10], Шелковски, Новошедрински, Чечана, Энгель-Йурт, Цоци-йурт, Ӏазамат-Йурт[11], кхин а беха Урданехь[12].
Топонимаш
бӀаьра нисйанШоьна цӀе йолуш эвланаш йу Балкхаройчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Кхарачайхь а, Гуьржийчохь а[4]:
- Шоана — ГӀалгӀайчуьра Армхин аьтту бердаца йолу эвла. Шоанара акъари тӀе кхелхина ШанхоевгӀеран фамилеш.
- ТӀерча Шоьна — Шоьнан къилбаседехьара меттиг — «Шоьнан турс» йа «Лакхара Шоьна». Оцу меттиган кхин цӀе йу — Наьрташ даьхнача. Цигахь карадо шира мелхан кешнаш, гӀирсан оьздангаллин хӀуманаш, эчиган тарраш, борзанан а, цӀестан а хӀуманаш, тӀулган кохьарш, мокхаз уьрсаш[13].
- ТӀера Шоьна — Шоьнан малхбален йист[13].
- Шуона эвла — Ишхой-Йуртан къилбаседа йистехь 1845 шо кхачале лаьттина эвла[14].
- Шоной эвла — 1845 шарахь Яьссин аьрру агӀора керла йиллина эвла.
- Шона Ӏола — ЧӀуорчу Бассахьан къилба-малхбузера меттиг.
Этимологи
бӀаьра нисйанВайнехан меттанийн материалашца этноним йогӀу Гуьржийчуьра Шоной (Сваны) къомаца (гӀалгӀай — «шоьй», бацой — «шуоно//суоно, свано»), оцу дашехь «шу//шоь» гу, айайелла меттиг йу (дуста «шуьто» — Нохчийчоьнан ломан кӀоштан вахархо, «шу тӀе» — лам тӀе, гу тӀе).
Кхин а варианташ йалайо талламхоша, масала, «шоьнарг» нохчийн маттахь олу стечу шоьх, этнониман кхин вариант, «шун» — пхьегӀа, текхь; «шуоной» — пхьегӀаш йийриш.
ГӀарабевлла тайпанан нах
бӀаьра нисйан- Шамилев Моца — Кавказера тӀаьххьара (1932 шо) имам[15], Беркхана некъехь хилла.
- Уллубий-Молла — Кавказа тӀеман Ӏовхойн махкара Шемалан наиб. ДӀавоьллина Шемара Кунейтрахь.
- Уьда-Молла — Кавказа тӀеман декъашхо. ДӀавоьллина Нажи-кӀоштара Шоьнахь
- Усман Майртупара — Кавказа тӀеман Майртупа кӀошта наиб.
- Оьздамир Цоци-Ойлара — Кавказа тӀеман Цоциойла кӀошта наиб.
- Мусткъи Мохьмад — Кавказа тӀеман Ичкерий кӀошта наиб. ДӀавоьллина Нажи-кӀоштара Шоьнахь.
- Осман Мутуев — Мути Ӏуспа, Терка-йистера гӀараваьлла обарг. ДӀавоьллина Азамат-ойлахь.
- Муса Къазим — (18..-1912) Шейх Накъшбанди тӀарикъат некъе, авлияъ ларалуш хилла ву. Ваьхна Шемара Кунейтрахь.
- Таймасхи Егитхан — (179..-18..) Кунта-Хьаьжи мурид, авлияъ ларалуш хилла ву. Ваьхна Азамат-ойлахь.
- Кусаев, Ӏадиз Джабраилович — нохчийн поэт, йаздархо, журналист. ССРС журналистийн бертан декъашхо (1970), Российн журналистийн Союзан декъашхо (1995), ССРС яздархойн бертан декъашхо (1990), Российн яздархойн бертан декъашхо (1990), Нохч-ГӀалгӀайн АССР оьздангаллин хьакъдолу белхало (1990). 2003 шарахь РФ оьздангаллин министралло совгӀат дина «Оьздангаллера кхиамашна» цӀе йолу къастаман хьаьркаца.
-
Кусаев Ӏадиз
Силсил
бӀаьра нисйан1.Шуоно
2.Шема — Мукlа
3.Туга — Тlакха
4. Танкха — Чина
5. Орза — Дучlа
6. Даа — Ада
7. Гlача — Чара
8. Дана
9. Кума
Лекхара дай цlераш гуттура шира лоруш ю.
Беркхана некъийн силсил: Жанхот — Хоша (1830 шарахь гергга чӀиран вийна ДегӀастанахь лечкъина Ӏаш) — кӀентий БецӀи, Олхазур, Шемал — Шемалан кӀентий МоьцӀа (МацаевгӀар, Нойбоьрахь беха), Моцу, Джамал, Якъуб, Хасал — Моцун кӀентий ИбрахӀим, ИсмаӀил, Абубакар.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Сулейманов, 2006, с. 317.
- ↑ Наталия Георгиевна Волкова — Етнический состав населения Северного Кавказа: в ХӀХ-начале XX века
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 304.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 497.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 643.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 541.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 559.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 510.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 487.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 551.
- ↑ История села Шуани и шуанинцев Архивйина 2017-01-14 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 305.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 514.
- ↑ В. В. Марущенко — Сверный Кавказ: трудный путь к миру — Страница 33
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни : топоним. слов. — Нальчик : «Эль-Фа», 1997. — 685 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
- Убушаев В. Б. Национальная политика советского государства: репрессии против народов и проблемы их возрождения : материалы международной научной конференции. — Элиста : Кальмгу, 2003. — 257 с. — ISBN 5-230-20177-0.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |