Шуойн-Мохк (гуьрж. ფშავი) — Гуьржийчоьнан жима историн-географин область (хIинцалера Мцхета-Мтианети мохк), лаьтта Йоккха Кавказан къилба басеш тIехь Арагви эркаца, Иори эркан лахахь. Меттигера бахархой — шуой — къамел до гуьржийн меттан шуойн меттадекъехь, дин православин леладо. Церан истори а, гIиллакхаш а тер аду кхечу Гуьржийчоьнан ломанхойчух, пхийшах, тушинех. Шуойн-Мехкан коьрта шахьар ю Шуапхо (гуьрж.შყახო).

Шуойн-Мохк

ფშავი


Карта

Меттиг, климат, латта

бӀаьра нисйан

Доккхаха долу лаьмнашна тIехь гуттаренна а лайш ду, дисинчарна тIаехь ло ца хуьлу чIогIа йовха ца хилчи. Дерзина лекха тархаш айаделла дум ассо а агIора, хьаннаш а йац, коьллаш а ца хуьлу наггахь бен. Климат луьра ю, чIогIа хийцалуш а ю меттиге хьаьжжина. лаьтта бархI баттахь, гурахь а, бIаьста а чIогIа мехаш хуьлу, доцца аьлчи, Ӏалам башха дика дац оцу меттиган бахархошна, церан амалехь а, гIиллакхехь а гуш ю уьш бехачу лаьттан климат.

Латта кхузахь кIезиг леладо, деккъа даьхний ду бахархойн бахам, Iа дахделча церан хьал дика ца хуьлу. Оцу меттигехь беха шуой а, тушинаш а алсама реза бу шайн дахарна, церан амал а ю кIеда пхийнчул, цара дIалоцу кхин а лакхара Кавказан ломан акъареш. Пхийн хьена доцу латто ялта кIезиг даларна цара гуьржашца тIаргIа хуьйцу ялтан дуьхьала.

ГIарабевлла махкахой

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан