Эсамбаев, Махьмуд Ӏеласолтийн воӀ

(Эсамбаев, Махмуд Алисултанович тӀера хьажжина кхуза)

Махму́д Алисулта́нович Эсамба́ев (1924 шеран 15 июль, Йоккха АтагӀа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР — 2000 шеран 7 январь, Москва, Росси) — советски нохчийн балетан артист, эстрадан хелхархо, хореограф, актёр, СССР Халкъан артист (1974 шо), Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1984 шо) ву.

Эсамбаев Махмуд Алисултанович
ГӀуллакхан тайпа Актёр, артист балета, хореограф, политик, балетмейстер, эстрадный артист, артист эстрады
Вина меттиг
Кхелхина меттиг
Викилармин логотип Эсамбаев Махмуд Алисултанович Викилармехь

Махмуд Эсамбаев вина 1924 шеран 15 июлехь Йоккхачу АтагӀахь. Иза тайпан ишхо вара[2]. Жима волчу дуьна иза дика хелхавуьлуш вара. ВорхӀ шо кхаьчча дуна дӀа иза ловзарашках хелхавуьлура. 19391941 шарашкахь Соьлжа-ГӀалара хореографин училищехь дийшира. 15 шо кхаьчча Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хелхаран а, эшеран а ансамблехь хелхавала волавелира, 19 шо кхаьчча — эшеран комедин Пятигорскан театрехь. ТӀема хенахь иза фронт концертан бригадийца хелхавуьлура госпиталешкахь а, фронтехь а, дуьхалон яшйолу гӀишлошкахь а.

ЦӀера арадехначу хенахь, 19441956 шарашкахь Махьмуд вара Бишкекехь йолу Операн а, балетан а ГӀиргӀизан театрехь солист. Цигахь иза хелхавуьлура «ГӀургӀезан хӀорд» а, «Бахчисарайн фонтан» а, «Наб кхетта хаза йоӀ» а аьлла балеташкахь коьрта партиш.

1950 шарахь Махьмуд балет йитина халкъан хелхар да волавелир. 1957 шо дуьна дӀа иза Нохч-ГӀалгӀай АССРн филармонин солист ву. 1959 шарахь иза Москвахь хелхавелира шен программийца, цул тӀехьа «Совет балетан седарчий» аьлла йолу труппица гастролешца кхечира Франце а, Къилба Америке а. Гастролеш боккху кхиамца дӀайахара.

Гастролеш чекхйаьлча Махьмудас шен тоба кхоьллира. Цо кхоьллира «Дуьненан къаьмнийн хелхараш» аьлла СССР-х хьалхара цхьаммо дӀакхоьхьушйолу хелхаран программа. Цо дукха тайп-тайпана халкъийн тайп-тайпана хелхараш дира: «Бежа Ӏу» (вайнехан, узбекан), «ТӀемало» (башкиран), «Дашо дела» (индусан), «ЦӀеран хелхар» де Фальи мукъаман Ӏадатан хелхар, «Ла-коррида» (испанхойн), «Арсашца хелхар» (таджикан), и. к. д.

Эсамбаев хоьржара Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, РСФСРн а, СССРн а Лакхара Советашна депутат. Иза вара Халкъашна йукъара эстрадан исбаьхалли белхалой бертан президент, Халкъашна йукъара хелхаран академин академик. Цо гӀо деш Соьлжа-ГӀалахь йина керла цирк а, драмман театр а.

Махьмуд кхелхира 2000 шеран 7 январехь. Иза дӀавоьллина Москвахь Даниловски бусулба кешнашкахь.

Операн а, балетан а Киргизан театр

бӀаьра нисйан
  • «Бахчисарайн фонтан» — Гирей
  • «Тарас Бульба» — Тарас
  • «Наб кхетта хаза йоӀ» (П. И. Чайковский) — фея Карабос
  • «Анар» (В. Власов, В. Фере) — Кудаке
  • «ЦӀен зезаг» (Р. М. Глиэр) — Ресторанера хелхархо.

Фильмографи

бӀаьра нисйан
  1. 1961 шо — «В мире танца»
  2. 1962 шо — Я буду танцевать — Махмуд Ишхоев
  3. 1968 шо — Лебединое озеро — Ротбарт
  4. 1972 шо — «Вино из одуванчиков»
  5. 1973 шо — Земля Санникова — Шаман
  6. 1975 шо — На край света
  7. 1976 шо — Пока бьют часы — придворный скрипач Иги Наги Туги
  8. 1976 шо — Честное волшебное — Огонь
  9. 1983 шо — Приключения маленького Мука — казначей
  10. 1984 шо — «Репортаж из бездны»
  11. 1988 шо — Дорога в ад
  12. 1994 шо — Увертюра
  13. 1995 шо — «Зов предков»

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • РСФСРн Сийлахь артист (1957 шо)
  • РСФСРн Халкъан артист (1966 шо)[3]
  • Киргизан ССРн Халкъан артист (1969 шо)[4]
  • СССРн Халкъан артист (1974 шо)
  • Социалистически Къинхьегаман Турпал:
    • 1984 шеран 13 июлехь бина СССРн Лакхара Президиум Советан Сацамца совет хореографин искусствон гӀарбевлу кхиамаш бахьнехь а, 60 шо кхачарна бахьнехь а Эсамбаев Махьмуд Алисултанович, СССР Хьалкъа артистан йелла Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо цӀе Ленинан орден а, «Марс а, варзап а» дашо мидал а луш.
  • Сийлахь-боккха Даймехкан тӀеман II даржан орден (1985 шеран 11 март)
  • ДоттагӀаллин орден (1994 шеран 20 июль) — хелхаран искусствехь гӀарбевла кхиамашна а, беркате йукъаралин белхан а[5].
  • «Даймахкан хьалха кхиамашна» аьлла III даржан орден (1999 шеран 15 июль) — хелхар искусствехь гӀарбелла кхиамашна[6]
  • Тайп-тайпана халкъашна йуккъера конкурсийн лауреат.
  • Цьуна зуда йара Эсамбаева Нина Аркадьевна. Иза лор йара. Уьш вовшийн бевзира Махьмудан 17 шо кхаьчча. Шен майра кхелхича шина шарахь йехира иза.[7][8]
    • Цера йоӀ Стелла йисина.

Виццавалар

бӀаьра нисйан
  • 2008 шеран 17 июлехь Соьлжа-ГӀалахь Махьмуд Эсамбаевна цуьна 84 шо даздеш памятник хьайиллина. Памятник хӀоттина Культура а, Искусствон а республикин центран цӀийн хьалха. Скульптура йина Бено-Йуртара Аслан Тимерхановс. Цо иза Нохчийн Республикин культурин министерствон совгӀатан йелла.
  • 2009 шеран 11 августехь Соьлжа-ГӀалин Революцин проспектан Махмуд Эсамбаевн проспект цӀе тиллина.
  • 2011 шарахь «Молодая гвардия» аьлла издательствехь «Башха неха дахар» серехь арахецна Алауди Нажмудинович Мусаевс йазйина книга «Махмуд Эсамбаев».
  • Эсамбаев сий деш цьуна цӀе тиллина 4195 цӀе хилла астероидан. И астероид 1982 шеран 19 сентябрехь гучуйаьккхинарг астроном Черных Людмила Ивановна йара.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Эсамбаев Махмуд Алисултанович // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  2. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
  3. Театральная Энциклопедия. драма опера балет оперетта цирк эстрада драматург режиссёр
  4. Народные артисты Киргизской ССР — Энциклопедия Киргизская ССР
  5. Указ Президента РФ от 20 июля 1994 г № 1501
  6. Указ Президента РФ от 15 июля 1999 г № 891
  7. http://shkolazhizni.ru/archive/0/n-28344/
  8. Елизавета Маетная. Махмуд Эсамбаев: “Как шило из мешка вылезает, так и я из своего народа выскочил. Оказался у меня талант...”. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 апрель. Архивйина 2013 шеран 17 апрелехь

Литература

бӀаьра нисйан
  • Нашхоев Р. Чародей танца. — Грозный, 1971.
  • Пожидаев Г. Повесть о танце. — Москва, 1972.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан