1608 шо
(1608 тӀера хьажжина кхуза)
Григорианан рузма | 1608 MDCVIII |
Юлианан рузма | 1607—1608 (11 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7116—7117 (11 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2360—2361 (1 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5368—5369 ה'שס"ח — ה'שס"ט |
Исламан рузма | 1016—1017 |
Шираэрмалойн рузма | 4100—4101 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1057 ԹՎ ՌԾԷ
|
Цийн рузма | 4304—4305 丁未 — 戊申 цӀиен уьстагӀ — можа маймал |
Эфиопийн рузма | 1600 — 1601 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1664—1665 |
- Шака самват | 1530—1531 |
Иранан рузма | 986—987 |
Буддийн рузма | 2151
|
1608 (эзар йалх бӀе бархӀалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу шинарахь. Иза вайн эран 1608 шо ду, 608 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 8 шо бӀешеран, 8 шо 1-гӀа иттаннаш шерашкахь XVII бӀешеран, 9 шо 1600-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйан- 30 март — Лисовский Александр (Харцдмитрий II-гӀачун гӀуллакхехь) Зарайскан тӀамехь иэшам бо паччахьан эскаршна.
- 30 апрель — Правительствон коьрта ницкъаш хӀаллакбо Харцдмитрий II-чун эскаро Болховн тӀамехь.
- Май — Германехь кхуллу Протестантийн («Инжийлан») лига. Бахьна хуьлу Донауверт. Лигин коьрте хаьржина Фридрих V Пфальцан.
- Рудольфан а, цуьнан вешин Матиашан а йукъара биллина болу тӀеман йуьхьиг. ТӀом беш бара кхечу махкара мах белла ницкъашца.
- Июнь — Лисовский Александрана иэшам бо паччахьан эскаро Ченан гечо йолчура тӀамехь.
- 28 июнь — Либенера бертаца императора Рудольф II-чо дӀайелла Матиашна Мажарчоь, Морави, Австри[1].
- 1608—1617 — Мажарчоьнан паччахь Матиаш.
- 1608—1613 — Трансильванин эла Гавриил Батори.
- Коьртехь Джанпулад-охӀлу волу Шемара а, Ливанера а феодалашна дуьхьала болу «джелали» болам. Джанпулад-охӀлус барт бира Тосканин сийлахь герцогца. Туркоша къизаллица хӀаллакбира гӀевттинарш, хӀаллаквира бӀе эзар стаг гергга.
- 1608—1610 — Харцдмитрий II-гӀачо йиллина Тушинон лагерь. Москохан гуо лаьцна.
- Москоха дуьххьара Монголера вакийлат йеина. Монголе оьрсийн вакийлат а йахана.
- Канадехь Квебек гӀала йиллина французийн хӀордахочо Самюэла де Шамплена.
- Йина куьзганийн бӀаьргийн телескоп.
Литература
бӀаьра нисйанБина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1608 шарахь
- Борелли Джованни Альфонсо — Йухадендаран муьрера италихойн Ӏилманча-универсал. Физикера, медицинера, астрономера, геологера, математикера, механикера белхаш бу. Галилейн дешархо хилла, цуьнан астрономин талламаш кхин дӀабаьхьна. Биомеханикин бухбиллинарг. Дерриг дуьнено тӀеозоран законан формула йаьккхинчех, дуьххьарчарех цхьаъ ву.
Белла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1608 шарахь
- Джамболонья — флоренцин скульптор-маньерист а, хьалхара бароккон векал а.
- Иоахим III Фридрих — бранденбурган курфюрст, ГогенцоллернгӀеран некъийн векал. Иоахим II Гекторан кӀентан кӀант а, курфюрстан Георг Иоганнан кӀант а.
- Карл III — Лотарингин герцог 1545 шерера ша валлалц. Герхарда I-чун тӀаьхьенах хиларна, хила везара Карлом II, амма лотарингин историкаша, Лотарингин герцогашна КаролинггӀаьрца гергарло тӀейаздан гӀерташ, лоьмаршна йукъатуьйхира КаролинггӀеран некъех волу Карл I-ра.
- Мария Анна Баварин — Карла II Штирийнан эрцгерцоган зуда.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанКатегори «1608 шо» ца карийна.