1689 шо
(1689 тӀера хьажжина кхуза)
Григорианан рузма | 1689 MDCLXXXIX |
Юлианан рузма | 1688—1689 (11 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7197—7198 (11 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2441—2442 (1 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5449—5450 ה'תמ"ט — ה'ת"ן |
Исламан рузма | 1100—1101 |
Шираэрмалойн рузма | 4181—4182 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1138 ԹՎ ՌՃԼԸ
|
Цийн рузма | 4385—4386 戊辰 — 己巳 можа саьрмик — можа лаьхьа |
Эфиопийн рузма | 1681 — 1682 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1745—1746 |
- Шака самват | 1611—1612 |
Иранан рузма | 1067—1068 |
Буддийн рузма | 2232
|
Хиламаш
бӀаьра нисйан- Январан чаккхе — Парламент-конвенто хаьржина Вильгельм Оранан а, Мария а яьсса йисинчу Ӏарш тӀе.
- 1689—1694 — Ингалсан паччахь-аьзни Мария II.
- 1689—1702 — Ингалсан паччахь Вильгельм III Оранан (Голландин штатгальтер).
- 13 февраль — Ингалс. Конвенто тӀеэцна «Бакъонийн деклараци». 3 июнехь — Динашна собар хиларан акт, цуо бакъо елира даржашка баха протестанташна-диссентерашна. Гуьйре — «Бакъонийн декларацех» «Бакъонех билль» йина[1].
- 31 май — шайн коьртехь Джейкоб Леслер волу гӀовттамхоша дӀалецира Америкера Нью-Йорк форт, кхоьллира шайн правительство. Леслеран гӀаттам охьатаӀийра британин эскаро 1691 шарахь[2].
- Ингалс «Аугсбурган лига» юкъакхетий Францица тӀом болабо.
- 6 октябрь Александр VIII-гӀа Руман папа хаьржина
- 1689—1691 — Папа Александр VIII-гӀа.
- Паччахьан йоӀ Софья йохор, Пётр I-ра ша урхалла дан волавалар.
- Чехехь (Коуржима кӀоштахь) ахархойн гӀаттам.
- Шеран чаккхе — Австрихой туркошла иэша буьйлабелла, юхабевлира. Сербера австрийн махка бевдира 60-70 эз. стаг гергга. Туркоша охьатаӀийра Сербера а, Македонера а гӀаттам.
- 30 март — Иезуиташ атеизман бехке вина, Варшаван базаран майданахь вагийна литван эла Казимир Лышински.
- март-май — В.В. Голицынан оьрсийн эскар ГӀирме дахар. Оьрсий коьрта тӀом ца беш юхабевлира Перекопера.
- Аьхке — Нерчинскехь Российн а, Цийчоьнан а йукъара дийцарийн юьхьиг. 27 августехь — Нерчинскан барт бина Российно а, Цийчоьно а. Амуран аьрру берд бисира маньчжурашкахь.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Декларация прав 1689 года // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ БСЭ 3-е изд. т.14 — С.356.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |