1745 шо
Григорианан рузма | 1745 MDCCXLV |
Юлианан рузма | 1744—1745 (12 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7253—7254 (12 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2497—2498 (2 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5505—5506 ה'תק"ה — ה'תק"ו |
Исламан рузма | 1158—1159 |
Шираэрмалойн рузма | 4237—4238 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1194 ԹՎ ՌՃՂԴ
|
Цийн рузма | 4441—4442 甲子 — 乙丑 баьццара мукхдахк — баьццара старгӀа |
Эфиопийн рузма | 1737 — 1738 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1801—1802 |
- Шака самват | 1667—1668 |
Иранан рузма | 1123—1124 |
Буддийн рузма | 2288 |
Японин шераш дагардар | 2-гӀа шо Энкё |
1745 (эзар ворхӀ бӀе шовзткъа пхеалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу ПӀераскахь. Иза вайн эран 1745 шо ду, 745 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 45 шо бӀешеран, 5 шо 5-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 6 шо 1740-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйан- 20 январь — Мюнхенехь велла Сийлах Руман империн император Карл VII-гӀа[1][2].
- 22 апрель — бина Фюссенан машар, цуьнца Сийлахь Руман империн веллачу императоран Карл VII-гӀачун когаметтаволу Баварин курфюрста Максимилиан Иосифа дӀахаийтира австрин латтана а, императоран тажан а реза ца хилар[2].
- 11 май — Фонтенуара тӀом — Францин мудиран Саксонин Морицан эскаро иэшийра австрин, ингалсан, голландин эскарш[3].
- 4 июнь — Пруссин паччахьо Фридрих II-гӀачо Гогенфридебергехь иэшийна австрин-саксонийн эскар[2].
- 26 июль — крикетах ловзаран зударийн хьалхара Hambledon иа, Bramley а командашна йукъара матч ловзийра Йоккха Британин Суррей графаллера Гилдфордехь.
- 19 август — Карл Эдуард Стюарт 1745 шарахь ЯкубгӀеран гӀаттам айира Шотландехь
- 13 сентябрь — Сийлахь Руман империн император хаьржина Мария-Терезиян майра а, цуьнца цхьаьна урхалча хила а Франц Стефан Франца I[1][2] цӀарца.
- 30 сентябрь — Фридрих II-гӀачо Зоргаухь толам баьккхина[2].
- 16 ноябрь — Уралехь угаре а ширчу металлургин заводо болх болийна
- 23 ноябрь — Фридрих II-гӀачо Хеннерсдорфехь толам баьккхина[2].
- 15 декабрь — Фридрих II-гӀачо Кессельдорфехь толам баьккхина[2].
- 18 декабрь — пруссин эскар Дрезденан чудахана[2].
- 25 декабрь — Дрезденера сепаратан машар Пруссин а, Австрин а, Саксонин а. Франц I-ра император къобал варна дуьхьала Силези Пруссех тохар[2]. Фридриха къобал йира Прагматикин санкцеш.
Нисса терахьаш доцурш
бӀаьра нисйан- Ингалсхоша Канадехь схьайаьккхира Сийлахь Лаврентийн эркан хикхочера Луисбург гӀап.
- 1745—1762 — Шлезвиг-Гольштейнан герцог Карл-Петер-Ульрих (Пётр III).
- 1745—1765 — Сийлахь Руман империн император Франц I Стефан.
- 1745—1777 — Баварин герцог Максимилиан III Иосиф.
Ӏилма
бӀаьра нисйанМузыка
бӀаьра нисйанБелла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1745 шарахь
- Свифт Джонатан — «Гулливеран леларш» романан автор.
Бина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1745 шарахь
- 24 февраль — Ушаков Фёдор Фёдорович (велла 1817), оьрсийн флотан баьчча, адмирал (1799), ӀаьржахӀордан флотан баьчча (1790—1792).
- 3 апрель — Фонвизин Денис Иванович (велла 1792), екатеринин муьрера оьрсийн литератор, оьрсийн бахаман комеди коьллинарг.
- 14 апрель — Румянцев Николай Петрович (велла 1826), граф, 1807 – 1814 шерашкахь Российн арахьара гӀуллакхийн министр. Иза гӀараваьккхира цуо гулйина ша-кепара жайнин коллекци — Румянцевн музей. Цуьнан бух тӀехь 1862 шарахь дуьйна болх бан йолайелира публикин библиотека, 1925 шарахь цунна Ленинан цӀе йелира.
- 17 апрель — Щедрин Семён Фёдорович (велла 1804 шарахь), суртдиллархо-Ӏаламдиллархо.
- 20 апрель — Пинель Филипп (велла 1826), французийн лор, Францехь Ӏилманан психиатрин бух биллинарг.
- 16 сентябрь — Кутузов Михаил Илларионович (Голенищев-Кутузов), оьрсийн баьчча, инарла-фельдмудир
- 6 октябрь — Смуглевич Франциск, полякийн исбаьхьарча, литвахойн суртдилларан ишколан бух биллинарг.
- 10 декабрь — Холкрофт Томас, ингалсан йаздархо
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанКатегори «1745 шо» ца карийна.