1972 шо
(1972 шеран тӀера хьажжина кхуза)
Григорианан рузма | 1972 MCMLXXII |
Юлианан рузма | 1971—1972 (14 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7480—7481 (14 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2724—2725 (4 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5732—5733 ה'תשל"ב — ה'תשל"ג |
Исламан рузма | 1392—1393 |
Шираэрмалойн рузма | 4464—4465 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1421 ԹՎ ՌՆԻԱ
|
Цийн рузма | 4668—4669 (с 15 февралан) 辛亥 — 壬子 кӀайн хьакха — Ӏаьржа мукхдахк |
Эфиопийн рузма | 1964 — 1965 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 2028—2029 |
- Шака самват | 1894—1895 |
Иранан рузма | 1350—1351 |
Буддийн рузма | 2515 |
Японин шераш дагардар | 47-гӀа шо Сёва |
Рузма чучхе | 61-гӀа шо чучхе |
1972 (эзар исс бӀе кхузткъе итт шолгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу Шотахь. Иза вайн эран 1972 шо ду, 972 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 72 шо бӀешеран, 2 шо 8-гӀа иттаннаш шерашкахь XX бӀешеран, 3 шо 1970-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйанЯнварь
бӀаьра нисйан- 1 январь
- ВКЪКХ инарлин секретарь хӀоьттина Курт Вальдхайм.
- Венесуэлан президента Кальдера Рафаэла кхайкхийна 1952 шеран АЦШца болу махлелоран барт бохор, бакъонаш цхьаъ (цхьатерра) йоцун дела[2].
- 2 январь — Оманан султана Къабус бен СаӀийда правительствон коьртехь волу шен денваша Тарикъ бен Теймур дӀа а ваьккхина, ша кабинетан коьрте хӀоьттина[3].
- 7 январь
- АЦШ президента Никсон Ричарда официалан кхайкхийна ша шолгӀачу президентан муьран харжамашна йукъахь дакъалаца ойла йолуш хилар[4].
- Ивис тӀера SE-210 бохам — Питуэзан гӀайренийн исторехь уггаре боккханиг (104 велла).
- 9 январь — Чилехь оппозици гӀерта чоьхьарчу гӀуллакхийн министр социалист Хосе Тоа дӀаваккха. Президента Альендес дехьавоккху иза тӀеман министран дарже.
- 10 январь — Дакке юхавирзина Пакистанехь набахтера мукъаваьккхина Бангладешан маршо къийсаман тхьамда Муджибур Рахьман. 12 январехь цуо тӀе ца лаьцна мехкан президентан дарж, дӀаделла иза Чоудхури Абу Сайедан (1973 шеран 24 декабрь кхаччалц), шен карахь дитина Бангладешан премьер-министран даржера Ӏедал (1975 шеран 26 январь кхаччалц)[5].
Оцу шарахь хилларг
бӀаьра нисйан- Республика кхолларна 50 шо кхачарна а Нохч-ГӀалгӀай Республикин йелла Октябрьски революци орден (1972 шеран 6 декабрь)
- Баккхи кхиамаш бахьнехь, СССРн 50 шо кхачарна а Нохч-ГӀалгӀай АССРн йелла Халкъашна доттӀагӀалин орден (1972 шеран 29 декабрь)
Оцу шарахь бинарш
бӀаьра нисйан- Абдул-Азиев, Хасан (1972 шеран 19 апрель) — нохчийн самбист, дзюдоист, паргӀат кепар латархо, дзюдон тренер;
- Бисултанов, Хасан (1972 шеран 20 январь) — хӀинца Турцехь Ӏаш волу нохчийн дзюдоист, 2-за СССР чемпион, Европин чемпион, дуьненан чемпионатехь дато совгӀатхо, 2000 шарахь Олимпиадан чемпион;
- Магомадов, Зелимхан (1972 шеран 24 апрель) — нохчийн дзюдоист, абсолютни йозаллин категорехь Российн чемпион а, совгӀатхо а, масийттуза Европин чемпион, масийттуза дуьненан чемпионатан совгӀатхо;
- Умаров, Аслуддин (1972 шеран 1 август) — нохчийн боксёр-профессионал, шозза Къилбаседера Америкин WBO федерацин чемпион;
Оцу шарахь белларш
бӀаьра нисйан- Гадаев, Магомед-Салах (1909 шеран 6 декабрь — 1972 шеран 24 декабрь) — нохчийн поэт, йаздархо, драматург, Ӏилманча;
- Димаев, Умар Димаевич (1908 шеран 1 октябрь — 1972 шеран 26 декабрь) — нохчийн музыкант а, композитор а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист.
- Нкрума, Кваме (1909 шеран 21 сентябрь — 1972 шеран 27 апрель) — Ганин философ, социолог, политолог; Ганас маршо яккхинчула тӀехь хьалхара премьер-министр а, хьалхара президент, фельдмаршал.
ХӀокху йаззаман чохь хӀиттийна йац теман категореш. |