Абаза-ХӀабла
Аба́за-ХIа́бла (абаз. Абаза ХIабла, гӀебарт.-чергаз. Абазэ Хьэблэ) — Кхарачой-Чергазийн республикин Адыге-ХӀаблан кӀоштан эвла. «Грушкински йуьртан меттиган» муниципалан кхолламан юкъайоьду.
Эвла | |
Абаза ХIабла | |
---|---|
оьрс. Абаза-Хабль абаз. Абаза ХIабла гӀебарт.-чергаз. Абазэ Хьэблэ | |
![]() | |
44°22′15″ къ. ш. 41°38′20″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Регион | Кхарачой-Чергазийчоь |
Муниципалан кӀошт | Адыге-ХӀаблан кӀошт |
Корта | Шхагошев Артур Рауфович |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1921 шарахь |
Центран локхалла | 652 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 577[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | абазой |
Динан хӀоттам | бусалба-суннийш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87870 |
Поштан индекс | 369 355 |
Автомобилан код | 09 |
[[{{{идентификаторан тайпа}}}]] | 91203000002 |
Картин тӀехь | |
ГеографиНисйе
Эвла лаьтта Адыге-ХӀаблан кӀоштан малхбузан зонан къилба-малхбузан декъехь, Большой Щеблонок эркан шинне а берда тӀехь. КӀоштан центран Адыге-ХӀаблан 21 км малхбузехьа ю, Черкесскан къилбаседа-малхбузехьа – 34 км.
Доза ду эвланийн латташца: Грушка малхбалехь, Ново-Урупски малхбузехь.
Эвла лаьтта республикин ломан кӀажошкара хьун-аренан зонехь. Меттиган рельеф шунаш долу меттиг ю тулгӀене аренашца. Эвлан мехкан юккъера локхаллаш 652 метр ю хӀордан тӀегӀан тӀера хьала.
Лаьттан чкъор къастало бес-бесара хиларца. Ду хьалхара кавказан а, ломан кӀажойн а Ӏаьржа латта. Хин тогӀенашкахь байн латтанаш ду.
Гидрографин маша коьртаниг гайтина Большой Щеблонок эрко, лаьттан кӀоргехь доцучу лаьттан бухара хиш а.
Климат барамера-йовха. Шеран юккъера хӀаваан температура бакъхьара ю, +9°С гергга. Июлан юккъера температура +20°С, юккъера январан температура −2°С. Максимум температура кхача тарло +40°С, минимум охьаяла тарло −32°С. Вегетацин мур бахло 210 дийне кхаччалц. Шеран йочанийн юккъера барам бу 700 мм шарахь. Церан коьрта дакъа догӀу майра июль кхаччалц болчу муьрехь. Ӏай а, бӀаьста а дукха хьолахь хьоькху малхбален а, къилбаседа-малхбален а мехаш, церан сихалла 20-30 м/с кхочу.
ИсториНисйе
Эвла йиллина 1921 шарахь Эльбурган эвлара мухажирша. Топониман цӀе гочйо «абазойн эвла».
1929 шарахь юкъатоьхна керла коьллинчу Грушкински сельсоветан.
БахархойНисйе
Бахархойн дукхалла |
---|
2010[1] |
577 |
- Къоман хIоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[2]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
абазинаш | 559 | 96,9 % |
кхин берш | 18 | 3,1 % |
берриш | 577 | 100 % |
ИнфраструктураНисйе
- Фельдшерийн-акушерийн пункт — ур. Первомайски, 39.
- Йуьртан оьздангаллин цIа — ур. Первомайски, 36.
ДинНисйе
Эвлахь цхьаъ маьждиг ду.
УрамашНисйе
Эвлахь шиъ бен урам дац
|
|
Сахьтан асаНисйе
Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
ХьажоргашНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 2 Численность постоянного населения территорий КЧР по окончательным данным Всероссийской переписи населения 2010 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 10 октябрехь. Теллина 2014 шеран 10 октябрехь.
- ↑ База микроданных Всероссийской переписи населения 2010 года.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара Кхарачой-Чергазийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |