Абу Бакр ас-Сиддикъ

Мухьаммадан накъост а, цуьнан стунда а, Нийсачу новкъахь йолчу халифатан 1-ра халиф (632—634)
(Абу бакр тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 40 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2019, 16 апрель).

Абӯ Бакр ас-Сиддӣкъ Ӏабдулла̄хӀ ибн Абу Къухьа̄фат ат-Таймӣ аль-Къурашӣ (Ӏаьр. أَبُو بَكْرٍ الصِّدِّيقُ عَبدُ اللّٰهِ بنُ أَبي قُحَافةَ التَّيمي القُرَشيّ‎‎; гергга 573 шеран 27 октябрь[1][2][…], Макка[3][4] — 634 шеран 23 август[1][4], Мадийнат[3]) — иза Рашидунин халифатан хьалхара халиф ву 632—634 шерашкахь урхалла дина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ накъост а, визирь а, цуьнан стунда а, цо Мадийнате хӀижрат дечу хенахь цуьнца хилла волу некъахо а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ ву. Суннатхоша пайхамараш а, элчанаш а дӀабевллачул тӀаьхьа нахалахь уггар диканиг а, чӀогӀа ийман дерг а, суьпа верг а, Мухьаммад пайхамарна ﷺ Ӏаишатал тӀаьхьа уггар дукхавезарг а лоруш ву иза. Дукхахьолахь цуьнан цӀе цхьаьнатуху «ас-Сиддикъ» аьлла йахначу цӀарца, и цунна Мухьаммад пайхамаро ﷺ шех чӀогӀа тешаш хиларна тиллина харц цӀе йу.

Абу Бакр ас-Сиддикъ
Ӏаьр. أبو بكر الصديق‎‎
Ас-Сиддикъ, аль-Ӏатикъ, ас-Сахьиб, аль-Аткъа, аль-АввахӀ, сани-ль-иснайн фи-ль-гӀар, Халифату РасулиллахӀ, Саййидуна Абу Бакр
Вича тиллина цӀе ӀабдуллахӀ ибн Абу Къухьафат ат-Тайми
Говзалла политик, поэт, совдегар
Вина терахь 573({{padleft:573|4|0}})
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 634 шеран 23 август({{padleft:634|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Кхелхина меттиг Мадийнат, Хьиджаз, Рашидунин халифат
ДӀавоьллина меттиг Мадийнат
Пачхьалкх
Къам, некъе Ӏаьрбий, къурайш
Да Абу Къухьафат Ӏусман
Нана Сальма бинт Сахр
Зуда Къутайлат, Умм-Руман
Бераш Ӏабдуррахьман, ӀабдуллахӀ, Мухьаммад, Асмаъ, Ӏаишат, Умм-Кулсум
Динлелор ислам
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш
  • Иза ву: «ӀабдуллахӀ ибн Ӏусман ибн Ӏамир ибн Ӏамр ибн КаӀб ибн СаӀд ибн Тим ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб ибн ФихӀр ибн Малик ибн Ан-Надр (цуьнан цӀе Къайс йу) ибн Кинанат ибн Хузаймат ибн Мудрикат (цуьнан цӀе Ӏамир йу) ибн Ильяс ибн Мудар ибн Низар ибн МаӀадд ибн Ӏаднан»[5].
  • Цуьнан да ву: «Ӏусман ибн Ӏамир ибн Ӏамр ибн КаӀб ибн СаӀд ибн Тайм ибн Муррат ат-Тайми аль-Къураши». Цо иман диллина Макка йаьккхинчу дийнахь. Шен кӀант Абу Бакрал тӀех ваьхна и, цуьнан верас а хилла. Ислам динехь дуьххьара халифан хилла верас ву иза, верасаллин ах дакъа Абу Бакран кӀантана цо дӀаделла хилар доцург. 97 шо долуш дӀакхелхина иза.
  • Цуьнана нана йу: «Уммул-Хайр Сальман бинт Сахр ибн Ӏамир ибн КаӀб ибн СаӀд ибн Тайм ибн Муррат ат-Таймийят аль-Къурашийят».

Дахар дӀайаздар

бӀаьра нисйан

Дуьнен чу валар а, кхиар а

бӀаьра нисйан

Абу Бакр ас-Сиддикъ вина 573 шарахь Маккахь, Мухьаммад пайхамар ﷺ вина ши шо а, йалх бутт а баьлча[6]. Шерашкахь цул жима хилла иза. Ислам дин далале хьалха Маккахь сийлахь болчу элех цхьаъ хилла иза, цара лара а лоруш, тешаме а волуш, иштта совдегархо а хилла. Цу заманахь гӀараваьлла хилла и тайпанаш довзарца а, Ӏаьрбийн истори хаарца а.

Олуш ду, Абу Бакра цкъа а чагӀар мелла дац йа жахӀилийн заманахь а, йа ислам деана чул тӀаьхьа а. Цо шен дегӀана и хьарам дина хилла ислам далале хьалха. Нахалахь догцӀена хилла и жахӀилийн заманахь. Иштта ма-диццара, Абу Бакра цкъа а сужуд дина дац хӀуьппалгна.

Исламе вар

бӀаьра нисйан

Абу Бакр ас-Сиддикъ Мухьаммадан ﷺ доттагӀ хилла, лоруш ву и кхоалгӀа иман диллина боьршачех, Ӏали ибн Абу ТӀалиб а, Зайд бин Хьарисат а дӀабевлчи. Нагахь Мухаммадан зуда Хадижат бинт Хувайлид лаьрчи, тӀаккха Абу Бакр лору ислам тӀеиэцна веалгӀа стаг.Ламасталлин Ӏаьрбийн историографис боькъу нах, «Мухьаммад аль-Аркаман хӀусаме вале» ислам тӀеэцнарш (верриг 24 стаг) а, «аль-Аркаман хӀусаме веанчул тӀаьхьа» иэцнарш а — Абу Бакр хьалхарчу тобанера ву, Мухьаммадан тӀаьхьабозучеран уггаре гергара гуонах. Имане веанчул тӀаьхьа Абу Бакра хийцина шен делаллийн цӀе ӀабдуллахӀ цӀарца («Делан лай»). Шен кӀеда а, эсала а амал бахьнехь цуо дине балийра иштта ладаме асхьабаш, Ӏусман ибн Ӏаффан, Тальха ибн Ӏубайдулла, Зубайр бин аль-Ӏаввам, СаӀад бин Абу Ваккъас, Ӏабдуррахьман бин Ӏавф, Ӏусман ибн Мазун, кхин а. Ша йукъараллин уггаре бехачу нахах хиларе терра, цуо массо кепара финансийн аьтту бора бусулба-лайш оьцуш мукъа бохуш. Ӏаьрбийн историкаша чӀогӀа лорура иштта гайтамаш.

ХӀижрат дар

бӀаьра нисйан

Мадинате кхелхачу хенахь Абу Бакр лечкъийра Мухьаммад пайхамар ﷺ тӀаьхьабевллачарех, некъахо а хилира цуьнан. Иштта уьш къайлабийлира тӀехьабевллачарех Маккан йисттерачу хьех чохь[7]. ТӀаьхьуо историкаша — дукхаха дерг шиӀийша — и роль йелира Ӏалин, амма иштта хиламаш тидар бакъ дац.

Мадинатера дахар

бӀаьра нисйан

624 шарахь Абу Бакра йелира шен йоӀ Ӏайша Мухьаммад пайхамаре маре, иштта кхин а герга вахара иза цунна. Ловзар дийцина дара маккан муьрехь; Мадинатехь никах дира. Ӏайшин дагалецамашца, цхьан а даздарш ца хилира[8].

Абу Бакра дакъа лецира Мухьаммад пайхамаран массо а тӀамехь, Табукера тӀамехь байракх лелориг вара иза. Абу Бакр ас-Сиддикъ ша куьйгалла ца дина цхьанне а ладаме политикин йа тӀеман акцехь — 631 ш. дина хьаьж а, Пайхамаран тӀаьххьарчу деношкахь, иза минбар тӀехь латта ца лучу хенахь, Маккахь дина ламазаш а ца лаьрчи. Мухьаммад кхелхинчул тӀаьхьа, ткъа Ӏаьрбийн цхьаьна декъана ца лаара цунах теша, Абу Бакра сацийра маьждиг чуьра дов, шайн къоме вистхилла ишттачу дешнашца: «ХӀай нах! Мухьаммадан Ӏибадат деш берш, [хаалаш], иза кхелхина. АллахӀан Ӏибадат дийриш — [хаалаш], Иза даиман ву шуна, лийр вац шуна. Ткъа Мухьаммад — элчий бен вац, цул хьалха а хилла элчанаш. Йухадевр ду теша шу? Йухавирзинчо, зулам дийр дац АллахӀан, ткъа оьздачарна — АллахӀа ял лур ю».

 
Бакъ халифаш болуш исламо даьхна мехкаш. I — Мухьаммад кхелхинчу хенахь хилла исламан мохк; II — Абу Бакр волуш даьхнарш; III — Ӏумара даьхнарш; IV — Ӏусмана даьхнарш

Халиф харжар

бӀаьра нисйан

Мухьаммад пайхамар кхелхинчул тӀаьхьа, 632 шарахь, хаттар хӀоьттира керлачу бусалбанийн йукъараллин коьртах. Бану СаӀидан тайпан куьпахь четар кӀелахь гулбеллачу ансараша хаьржира СаӀд ибн Ӏубада, амма цига Ӏумар бин аль-ХаттӀаб, Абу Ӏубайда, Абу Бакр баьхкича, халиф хаьржира тӀаьххьарниг[9]. Ансараш къовсам латтийра и болх чекхбаллалц — мухажирех а, ансарех а ши халиф харжа аьлла меттиг а бара. Йукъараллин кхин декъашхой къовса а ца гӀоьртира керла корта харжа шайн йолу бакъо — царна дага а ца деира ишттаниг. Иштта, билгалчу дуьхьалонехь, лакхара Ӏедалан къовсамехь, принципан хаттаран жоп карийра — цхьаьна карахь хир дуй тӀеман а, синмехаллин а Ӏедал.

ШиӀийшна хетарехь, Абу Бакра нуьцкъала дӀалаьцна Ӏали ибн Абу ТӀалибан хила деза Ӏедал. Цхьацца хьосташца, Ӏали а, кхин хашимийш а йалх баттахь байӀат ца дира Абу Бакрана, иза тӀаьхьа шиӀийш кхоьллина долчух тера ду[7]. Пайхамар дӀаволуш уллехь дукха ца хиллачарех цхьаъ хилла волу, цуьнан уггара уллера волу Абу Бакра, шена лиънийхьара Мухьаммадан весет хуьйцур дара — амма цуо иза ца дира. Ишттачу бахьнийца цуо кхайкхор дара ша пайхӀамаран некъ дӀакхоьхьург ву аьлла — шиӀийш Ӏелин а, хьасанан ма-дарра — амма цуо иза а ца дира. Абу Бакра даиман а чӀагӀдора, ша Мухьаммадан луург динариг ву олий. И статус билгалйоккхуш цуо тӀеийцира цуьнца догӀу дарж — «АллахӀан элчан гӀовс» (халифа рассули-л-Лях), доцца аьлчи халиф.

 
Дин дитанчаьрца тӀемаш бина меттигийн карта

Дин дитинчаьрца хилла тӀемаш

бӀаьра нисйан

Мухьаммад пайхамар кхелхинчул тӀаьхьа хьалха исламе далийна долу дукхаха долу тайпанаш, дитира дин, уьш йухаберзо бийзира хаьржинчу халифан[7]. Ӏаьрбийн ахгӀайрен тӀехь гӀовттамаш доллушехь, Абу Бакра омар делира Ӏусама ибн Зейдега Византин дуьхьала дагӀа кечам бен аьлла, 632 шеран 26 июнехь Ӏусаман эскар араделира халифатан къилбаседан дозанехьа новкъа. Ӏусамин тоба тӀаме йагӀча Ӏумаре буьззина тӀом ца балора; иза хан ийзо волавелира, тайпанин векалш тӀе а оьцуш, шен векалш царна дӀа а оьхуьйтуш. Цуьнга хьаьжина ца Ӏаш, Ӏусаман эскар новкъадаьллачул тӀаьхьа кхо де даьлчи Мединатан тӀелетира динах хаьдда тобанаш. Уьш йухатуьйхира, тӀаккха дог айаделира бусалбачеран. Ши бутт сов баьлчи толамца, шортта хӀонцӀ йахьаш йухадирзира Ӏусаман эскар, ткъа Абу Бакра, шен меттана Мединатехь Ӏусама витина, тӀом бан вахара динах хаьддачаьрца. Уьш иэшийна Рамзан гергахь иза йухавирзира Мединате[10].

Ша Мединате йухавирзинчул тӀаьхьа Абу Бакра дийкъира садаьӀна Ӏусаман эскар 11 тӀеман тобанна, церан бӀаьччаш хилира: Халид ибн аль-Валид, Ӏикрима ибн Абу ДжахӀль, Шурахбил ибн Хьасан, Мухаджир ибн Абу Ӏумейя, Ӏамр ибн аль-Ӏас, Халид ибн аль-Валид ибн аль-Ӏас, Хузайфе ибн Мухьсину, Арфаджа ибн Харсама, ТӀарифа ибн Харджиз, Сувейд ибн Мукаррин, Аль-Ӏала ибн аль-Хадрами[10].

Ша Абу Бакр вагӀара аль-Абрака агӀора, иэшийра тайпанаш Ӏабс а, зубьян а, кхин дӀавагӀара Бузаха олучу меттиге, цигахь вара харц пахамар ТӀулайха. Оццу хенахь Халид ибн аль-Валид тӀом ца беш къардира Тай тайп, кхин дӀавагӀара Бузаха агӀора. Бузахехь цуо, иэшамаш хуьлуш, хӀаллак дира фазара тайп. Цул тӀаьхьа Халид ибн аль-Валида, исламе далийра асадийн, амирийн, гатафанхойн тайпанаш, халифан омарца Битах агӀора Бану Ярбун дуьхьала вагӀара[10].

Икрима ибн Абу Джахль Ямаме вахара, цул тӀаьхьа вахавезара Омане, Хузайф ибн Мухсинан а, Арфаджи ибн Харсаман а ницкъашца цхьаьнакхета. Цул тӀаьхьа уьш Мухаджир ибн Абу Умаййан эскарех кхета безара, ткъа иза Яманера операци чекхйаьккхина тӀеван везара Хадрамаут агӀора. Икрима ийшира харц пайхамар Мусайлима схьаваьллачу Бану Хьанифа тайпанал. Икриман тӀаьхьавогӀу Шурахбил ибн Хьасан сацам бира чӀагӀо тӀейаллалц собар дан, амма цхьа хан йаьлчи Ямаме кхаьчначу Халид ибн аль-Валидан хиира, Шурахбил ибн Хьасан, чӀагӀо тӀекхаччалц са а ца тохаделла, тӀе а летта, ийшира. Мусайлима, шен ницкъаш гулбина, тӀелетира бусалбачарна Акърабан а, Джубайлан а агӀора, амма бусалбачара контр тӀелатар дина, иэшийра мостагӀа. Ша Мусайлима вада аьтту ца баьлла, схьа а лаьцна, вийра[10].

Бусалбачарна халонаш гира Оманехь. Лакита аль-Яздис гатдина коьртехь Джафар а, Убада а волу бусалба эскар, лаьмнашка а, хӀордан бердашка йухадала дийзира. Абу Бакра Омане хьажийра Хузайфа ибн Мухьсина, Афраджа ибн Харсама, Икрим ибн Абу Джахль. Бусалбанаш дуьхьала кхийтира Лакитан Дабехь, шен хенахь чӀагӀо тӀе ца кхаьчнийхьара уьш хӀаллакбина хир бара. ТӀаьххьара бусалбачеран аьтту белира иэшо динах хаьддарш, шортта хӀонц йаьккхира[10].

Ямане хьажийра ТӀахир ибн Абу Хьала, Мухаджир ибн Абу Умайя, Халид ибн Усаййид. ГӀаьттинчу Ӏук а, Ӏашар а тайпанашна дуьхьала вахийтира ТӀахӀир ибн Абу Хьала. Цуьнан аьтту белира толам баккха, цул тӀаьхьа Абу Бакра иза хьажийра Санан бусалбачарна гӀоьнна. Мухаджир ибн Абу Умайя Икриман тобанца терго хӀоттийра Хадрамаутан[10].

Бахьрайнехь дара шиъ ницкъ болу тайп — Ӏабдулкъайс, Бану Бакр. Ӏабдулкъайс тайп исламан тешаме дисира, ткъа Бану Бакр динах хедира. Бахьрайне хьажийна куьйгаллехь Ӏала ибн аль-Хадрами а, Джаруда а волу тобанаш динах хаьддачарна дуьхьа тӀом бина, хӀаллак бира уьш[10].

Динах хаьддачаьрга къамел ца дойтуш, Абу Бакра шеран дохаллехь динан чудалийра дӀахаьдда Ӏаьрбийн тайпана[7].

Византийн империца а, Сасанидийн пачхьалкхаца тӀом

бӀаьра нисйан

Ислам тӀе ца эцна Ӏаьрбийн тайпанашна тӀиера Шема а, Ӏиракъ а схьайаккхаран билгалъдаьлла дехьавалар дац[7]. И дехьавалар ша-шах нисделла, Дина хьоле хьаьжжина. Я Мухьаммада , йа Абу Бакра а хьехош дацара ислам даржор, и даржаран дозанех а. Шира бусалба ламаст ца гӀерта, Мухьаммадан дуьне даккхар бага дилла, ца дуьллу цуо иза Абу Бакран бага а. Иза бахьнехь, шира историкаш балош болу Пайхамаран ислам тӀеэца боху кхайкхамаш византийн (ромейн) императоран а, иранан шахиншахан а бакъ ца хета.

Кхечу пачхьалкхашна тӀелатале Халифат йара семса вовшахтоьхна тайпанех лаьтташ, вовшахтесна лаьттара сардалийн тешамца. Халифан цӀенна муьтӀахь болу ницкъ бара 3-4 эзар мухажир а, ансар а, уггаре тешамечу тайпанийн 2-3 эзар тӀемло. Халифатан дацара гуттаренна долу эскар, иза кхаба цхьаьнаэшшара рицкъан хьост а. Эскар кхобу рицкъ — сагӀа — оцу хенахь лора даьхнашца, кхочура 50-70 эз. кота эмкале, 100 эз. корта уьстагӀий а, гезарий а, 300—400 эз. динар ахча а. Кхин тӀе, йисташкахула долу даьхнийн дакъанца гӀо дора меттигерчу бусалбачарна, лело йиш йацара тӀом бан таро йолчу эскарна гӀоьнна. ТӀаьххьара, дагалецамашка хьаьжчи, тӀаме боьлхучара шайна йукъахь башхалла а ца хетара.

Лакхахь мел дийцинчун чот йича, уггаре гергара версица Абу Бакр Византийн (Руман) импери а, Сасанидийн пачхьалкх а схьаяккха ца гӀертара, ткъа Ӏаьрбийн тайпанашна йукъахь а, оцу шина пачхьалкхехь а ислам даржо. Гуш ду, уггаре морса йукъаметтиг бусалбачара лелош ца хилар гӀажарашца йа румхошца, амма имане бахка реза боцучу Ӏаьрбашца морса хилла. ТӀаьхьуо тӀеман амалаш хийцаелла — хӀунда аьлча коьртаниг, ший а йоккха пачхьалкх чӀогӀа гӀелйина йара тӀамо.

Ат-Табарис дийцарехь, Мазарера а, ал-Валаджера а, Уллайсера а тӀемаш хилла сафарехь хьиджран 12 шеран йа 17.04. а, 15.05. 633 ш. йукъахь хилла; оцу тӀамехь машаран барт бира Бехкубадца. Хиран гуонахьара тӀемаш а, барт бар а, хетарехь, хилла оццу шарахь майхь-июнехь. Сентябрехь къардира Ӏаьрбийн тайпанаш калб, тамим, танух, церан центр йара Думал ал-Джандал. Хьиджран 12 шарахь (9.11-8.12 633 ш.) къардира тагӀлибитийн тайпанаш. Цул тӀаьхьа ала мегар ду Ӏаьрбийн йукъара пачхьалкх кхоллаелла, шина империн дуьхьала тӀом болалуш.

Бусалбачарна хууш дара византийн а, гӀажарийн а эскаран лакхарчу тӀеман говзаллех дерг, цундела 644 шо доладалале церан гуттаренна а долу эскарца тӀеме ца бовлура, царна кӀелара Ӏаьрбийн тайпанашца тӀемаш бен ца беш. Ал-Базурис дийцарехь, эскар кхоьллира 13 шеран мухьаррам бутт чекхбаллалц (7.03-5.04 644 шераш), ткъа тӀемаш бан доладелира 1 сафарехь (06.04). Тайпанийн хьалхарниш чӀогӀа шайн лаамехь хиларна, уьш вовшаш аьлларг дийр ца хиларна, Абу Бакра эскар дийкъира кхаа декъе, церан коьртехь бара Язид ибн Абу Суфьян, Шурахбиль ибн Хьасан, Абу Ӏубайда ибн аль-ДжаррахӀ. Халид б. ал-Валид шен эскарца оцу хенахь ша тӀом беш вара Мессопотамехь. Эскарш дӀахьажош, Абу Бакра хьехам бира боху бӀаьччашна, мостагӀчун махкахь муха лела деза аьлла: «МостагӀана дуьхьала нисделчи, АллахӀа шайна толам лахь, оьгӀазло ма йие, мостагӀчун дакъа эрча ма даккха, ма хила тешанбехке, осала. Ма дайа бераш, баккхий нах, зударий. Ма дагаде хӀурман дитташ, ма даха царна тӀиера чкъоьрнаш, дитташ ма хедаде, шайна юучунна бен ма дайа даьхний. Шу уллехула девр ду килсана чохь долчу адамашна, цара бохур ду, шеш АллахӀан гӀуллакх деш ду — бита уьш паргӀата, шеш Ӏибадат дечунан карахь. Кхин а бу, шайн коьртан хьенаш мошан бен хиллалц чухула шайтӀано охкуш берш. Оцу метте тоха царна, исламе бахкийта йа шайн куьйга сийсазаллийца [джизъя] такхийта»[8].

Ярмукера тӀемал хьалха Абу Бакр чӀогӀа цамаогаш хилира, валар герга хеташ, вистхилира гергарчу сахьабашка керла халиф харжа аьлла. Сахьабаша цхьан стаг а ца кховдош, Абу Бакрега айхьа хьайн гӀоле хетарг хӀоттаве элира. ТӀаккха Абу Бакра Ӏумар ибн аль-ХаттӀабан кандидатура кховдийра йийцаре, дукхаха болчара иза къобал вира. Керла халиф харжар кхайкхийра халкъе, халкъо и харжам къобал бира. Халиф Абу Бакр кхелхира 634 шеран 23 августехь — вехира, Мухьаммад пайхамар санна, 63 шарахь, иза Ӏаьрбийн классикан историкаш билгалдоккху беркате сийдолуш хиларна делла совгӀат ду олий. Абу Бакра дитина весетаца, шен долара Мединатана уллера лаьттан декъах 1/5 дакъа а, долара берриг бахам а, ахча а дӀаделира пачхьалкхана сагӀа дина[10]. Абу Бакр дӀавоьллира Ӏайшатан чохь Мухьаммад пайхамаран уллехь.

Абу Бакр къеда стаг хилла, дарж дезаш ца хилла. Классикан Ӏаьрбийн историографица а, Ӏайшатан дагалецамашца а, цуо лелийна эсала дахар; цуьнан берриг бахам Мединатан уллера латтан дакъха а, кӀеззига алапа а хилла.

Абу Бакр гуттаренна а олуш хилла, ша Мухьаммад пайхамаран весеташ кхочушдийриг ву, цхьан а керланиг йукъа цат уху ша олий[7].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Abu Bakr // Encyclopædia Britannica (инг.)
  2. Abu Bakr al-Siddiq // Store norske leksikon (бук.) — 1978. — ISSN 2464-1480
  3. 1 2 Абу-Бекр // Энциклопедический словарь / под ред. И. Е. АндреевскийСПб.: Брокгауз — Ефрон, 1890. — Т. I. — С. 46.
  4. 1 2 Abu-Bekr (инг.) // Encyclopædia Britannica: a dictionary of arts, sciences, literature and general information / H. Chisholm — 11 — New York, Cambridge, England: University Press, 1911. — Vol. 1. — P. 78.
  5. سيرة وحياة الصديق، مجدي فتحي السيد، ص27
  6. فتح الباري (7/9)، الإصابة (2/341)
  7. 1 2 3 4 5 6 Ислам: ЭС, 1991.
  8. 1 2 Большаков, О. Г. История Халифата, т.1: Ислам в Аравии. — Москва: "Восточная литература" РАН, 2000.
  9. А. А. Али-заде. Хроники мусульманских государств I-VII вв. хиджры. — 2003. — 539 с.
  10. 1 2 3 4 5 6 7 8 Али-заде А., 2004.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан