Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб

Мухьаммадан накъост а, стунда а, Нийсачу новкъахь йолчу халифатан 2-гӀа халиф (634—644)
(Ӏумар бин аль-ХаттӀаб тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 26 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 8 февраль).

Абу́ Хьафс Ӏумар ибн аль-ХаттӀа́б аль-Ӏадави аль-Къураши, цӀе йоккху аль-Фарукъ аьлла (Ӏаьр. أبو حفص عمر بن الخطاب العدوي القرشي‎‎; 585(0585), Макка644 шеран 3 ноябрехь, Мадинат, Рашидунийн халифат) — иза Рашидунийн халифатан шолгӀа халиф ву 634—644 шерашкахь урхалладина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ баккхийчу накъостех цхьаъ а, цуьнан стунда а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ ву. Исламан исторехь уггар гӀарабевллачу, лоруш болчу нахах а, баьччех а цхьаъ ву иза.

Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб
Ӏаьр. عمر بن الخطاب‎‎
Аль-Фарукъ, Амирул-Муъминин
Говзалла пачхьалкхан гӀуллакххо, халиф, Имам, динан баьчча, сахьабаш
Вина терахь 585 шо
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 644 шеран 3 ноябрь({{padleft:644|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})
Кхелхина меттиг Мадинат, Рашидунийн халифат
ДӀавоьллина меттиг Пайхамаран маьждиг
Пачхьалкх
Къам, некъе Ӏаьрбий, къурайш
Да Аль-ХаттӀаб ибн Нуфайл
Нана Хьинтамат бинт ХӀишам
Зуда Умм Кульсум бинт Ӏели, Атика бинт Зейд, Джамилат бинт Сабит, Умм Кульсум бинт Джарваль, Курайба ас-Сугра бинт Абу Умайя, Зайнаб бинт Мазун
Бераш ӀабдуллахӀ, Язид, Зайд аль-АсгӀар, ӀабдуллахӀ, Хьафсат, Ӏабдуррахьман, Абу Шахьмат, Ӏасим, Ӏийяд, ФатӀимат, Рукъайят
Динлелор ислам
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Ӏумар къаьстара шен тайпана нахах лекха дегӀ хиларца — гуонаха мила велахь а, уллорчарал тӀехула хилара говрахь волуш санна. Ислам тӀеиэцале а, тӀаьхьа а Ӏумар буьрса а, жоьпаллин а вара[1]. Хьосташ хоуьйту, иза къаьстара сирлачу чкъоьраца, хазчу йуьхьца, маж басар йора гӀинаца хьаьрса басе. Ӏумара леладора дехий мекхаш[2]; цхьана хӀуман дог даьттӀа волуш мекхаш хьийзадора[3][4]. Ӏумаран болар сиха дара, аз — чӀогӀа онда дара. Иза чӀогӀа масса стаг вара, хьаькамаллин а, чӀогӀа сиха а[5]. Малик ибн Анаса дийцарехь, Ӏумар цхьаьна хӀуман реза вацахь, «цуо шен мекхаш хьийзадора»[6].

Аль-Фарукъ

Цуьнан йуьззина цӀе: Абу Хьафс Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб ибн Нуфайль ибн Ӏабд аль-Ӏузза ибн Кусай ибн Килаб ибн Мурра ибн КаӀб. Ислам тӀеоьцучу дийнахь Мухьаммад пайхӀамара цӀе йелира цунна аль-Фарукъ, иза «нийсаниг галваларх къасториг»[1] бохург ду. Мухьаммад пайхӀамаран аяташ диссийра, Ӏумаран Бадрехь лецна йийсархойх йолу[7], КаӀбан уллера ИбраьхӀиман макъаман тӀехьа ламаз дарех, вахоран маларш ца магорах, хьиджаб лелайарах, кхин ладаме хеттаршна йолу ойла нийса хилар гойтуш. Ӏумаран белхан лакхара мах хадийна Мухьаммад пайхӀамара , цкъа цуо элира: «Нагахь шена тӀаьхьа пайхӀамар хир валхьара, иза хир вара Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб»[8]. Суннийн ламастехь Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб йукъавоьду ялсаманца кхаъ баьккхинчу иттанна[1].

Амируль-муъминин

Халиф волуш, Ӏумар ибн аль-ХаттӀаба лелайора титул амир аль-муъминин (Ӏаьр. أمير المؤمنين‎‎ — муъмин неха паччахь)[9]. Оцу титуло гойтура халифан политикин а, син-мехаллин а Ӏедал. ШиӀийшна хетарехь, Ӏумарал хьалха и титул йелла хиллера Ӏали ибн Абу ТӀалибан Мухьаммад пайхӀамар дийна а волуш, цуьнан бен йан а йац иза[10].

Ӏумаран масех зуда а йара, шортта бераш а дара. Ислам тӀеиэцале а цуьнан кхоъ зуда йара; нийсонехь йоцу зуда йало ца магорах шена аят доссар хиича, Ӏумара схьа а гулбина шен зударий ислам тӀеиэца элира. Ӏумаран кхуьй а зудчо ислам тӀе ца лецира, уьш берриш а битира цуо. Ӏумаран уггаре вевзаш волчу кӀанта, ӀабдуллахӀа, ислам тӀеэцнера шен дел а ца шо хьалха, тӀаьхьа гӀараваьлла Ӏелам стаг хилла цунах. Кхечу кӀентийн цӀераш йара Ӏасим (Ӏумар ибн Ӏабдул-Ӏазизан ден да), ткъа кхаа зудчо вина кхаа кӀента цхьатерра цӀераш йара — Ӏабдурахьман. Ӏумаран иштта шиъ йоӀ йара, Хьафса а, Фатима а. Медината кхелхинчул тӀаьхьа Ӏумара Хьафса Мухьаммад пайхӀамаре маре йелира. ТӀаьххьара Ӏумаран зуда хилира Ӏали ибн Абу ТӀалибан а, Фатимийн а йоӀ — Умму Кульсум[5].

Хьалхара биографи

бӀаьра нисйан

Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб вина 585 шарахь герга Маккахь. Цуьнан да хилла исторехь тайпанашна йукъара дов луьстуш хиллачу къурайшийн аль-Ӏади тайпанара аль-ХаттӀаб ибн Нуфайль. Маккахь ладамечу нахах волу Ӏумар ша а сих-сиха кхойкхуш хилла тайп-тайпана девнаш листа. Цуьнан ненан цӀе хилла Хинтама бинт ХӀашим[11]. Шен дахарехь иза йуьхьанца жаӀу хилла, цул тӀаьхьа йохк-иэцар лело волавелла[12].

Ислам тӀеиэцар

Ӏумаран буьрса амал йара, 616 шо кхаччалц луьра мостагӀ вара исламан. Мухьаммад пайхӀамара дуӀа дора, доьхуш: «Йа, АллахӀ, чӀагӀдехьа ислам Ӏумар ибн аль-ХаттӀабаца»[8]

Мухьаммад бахьнехь, цуьнан ден вашас, Хьамзата ша чӀогӀа човхор Ӏаьткъина, оьгӀазаллех вуьзна Абу ДжаьхӀль, бекхамна некъ лоьхуш хилла. Цуьнан йишин кӀант Ӏумар Ӏаламат доккхачу дегӀахь а, майраллех вуьзна а, доьналла долуш, чӀогӀа тӀахъаьлла стаг хилла, ханна ткъе йалх шо а долуш. Шен нена вешина Хьамзатана йинарг йуьхьӀаьржо йу, ша иза дуьтур дац, олий чӀагӀо йо цо. Шен сибатца а, хотӀаца а дукха инзаре хилла Ӏумар, мел майра къонах а шех оза лур волуш. Цунна дагчу дижна, Мухьаммад волчу а вахна, иза хӀаллакван. Шеца дуккха а накъостий цхьаьна болуш а баьахьаш ца хилла мостагӀий Мухьаммад волчу баха. Ткъа Ӏумар ша цхьаъ цига кхача дагахь ара волу, бекхамна дукха хьере а хилла.

Воьдучу цунна новкъахь дуьхьал кхета Къурайшин тайпанах волу Нуайма ибн ӀабдуллахӀ. Иза хилла иман диллина, амма иза къайлахь латтош. Ша хьош болу некъ цуьнга буьйцу Ӏумара. Мухьаммадна болу кхерам ша муха буха тухур ца хууш, воьхна хьаьвзинчу Ӏаьрбочо олу Ӏумаре: «Мухьаммад а вийна цуьнан чӀир хьайна тӀелацале, хьо дикка хьажалахь, хьайна гергарчарна йукъахь а карор бу хьуна цуьнца цхьаьна динехь берш».

«Ткъа иза муха хир ду бакъ?» — цецволу Ӏумар. «Хьан йиша Аминат а, цуьнан майра Зайд а ву цуьнца иман диллина» — олу Ӏаьрбочо, шена дукха йеза йиша Мухьаммадца цхьаьна динехь хилар хиъча мукъна а Ӏумар, Мухьаммадна зулам ца деш, вухаваларе дог дохуш. ЦӀеххьана Ӏумар чоьхьа ваьлча Аминат а, Зайд а Къуръан чуьра сурат «ТӀа ХӀа» доьшуш долчуьра хьала а оьккхий, иза дӀалачкъо гӀурту.

Гуттара а оьгӀаз ваханчу Ӏумара шен йиша йахана нуц ластавой лаьттах а тухий, некха тӀе ког буьллу, тӀетоха дагахь тур хьала а айдеш. Йуккъе иккхинчу Аминатна йуьхьа тӀе хӀума а тухий мела цӀий охьахоьцу Ӏумара.

«ХӀай, Делан мостагӀ! АллахӀ ша цхьаъ бен Дела ца хиларх со теша дела туьхи-кх ахьа суна. Аса йуха а боху: АллахӀ воцург Дела вац. Хьан къизаллех, кхераелла со йуха йера йац. Мухьаммад пайхӀамар а, Делан Элча а, хиларх тешна со йаьлла. ХӀинца чекхдаккха айхьа деана гӀуллакх, Ӏумар!» Шен хьоме йиша иштта оьгӀазе шена дуьхьал хӀоьттича, иза лазорна дохковолуш, Ӏумара Заидан некха тӀе ша таӀийна ког буха боккху.

— Схьагайтал цкъа суна и шаьшшимма доьшуш хилла йозанаш, хӀун ду сел чӀогӀа хьо шех тешнарг?

Иштта Къуръанан сурат доьшу Ӏумара, тӀаккха АллахӀа ийманан нуьре вуьгу иза. Цул тӀаьхьа Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб вахара аль-Аркаман цӀа, Мухьаммад пайхӀамар а, кхин бусалбанаш а болчу, царна хьалха шахӀадат даладо цуо[12].

 
Ӏумаран каш тӀера экъа, Масджид ан-Набави, Медина
Ислам тӀеэцначул тӀаьхьа Маккара дахар

Ӏумархадам боллуш а, Ӏалашоне а стаг. Маккара бусалбанашна новкъарло йора деланийхоша, шайн дин диллина гайта ца лора цаьрга, амма Ӏумар сихха ислам тӀеэцначул тӀаьхьа вахара уггаре къизачу бусалба нехан мостагӀ, Абу Джахил волчу, цунна хаийтира ша ислам тӀеэцар. Цул тӀаьхьа Ӏумар хаийтира къайлаха ша ислам тӀеэцарх Маккахь уггаре эладитне волчу стаге, Ӏумарах лаьцна керланаш дукха сиха даьржира гӀалахь. Ӏумар бахьнехь, бусалбачара дуьххьала жамаӀат ламаз дира КаӀабан уллехь. Йуккъерачу бӀешерашкара историко Ибн Хишама Мухьаммад пайхамаран дахарех лаьцна дуьйцуш даладо Ибн МасӀудан дешнаш:

«Тхан таро йацара ламаз дан КаӀабан уллехь, Ӏумар исламе валлалц. Ткъа Ислам тӀеэцначул тӀаьхьа, иза дуьхьала лаьттира курайшешна, КаӀабан уллехь ламаз дайтархьама, оха дан а дора иза цуьнца цхьаьна»[8].

Ӏумарас ислам тӀеэцар дикачу агӀора дог ойуш хилира бусалбачарна. Маккахь долуш, иза уллера а ца волуш Мухьаммад пайхамаран , иза ларвира[12].

Ӏумар къасталора шен майраллийца. Бусалбанаш Маккара Меденате кхелхаш, дукхаха берш гӀалара къайлаха дӀаболхара, делахойн зуламах кхоьруш, амма Ӏумар ша кхалхар нахала а доккхуш дӀавахара, шен мостагӀех цхьаннех а ца кхоьруш[12].

Меденатера дахар

бӀаьра нисйан

Медената кхелхинчул тӀаьхьа Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб хилира Мухьаммад пайхамаран уггаре гергарчех цхьа сахьаб, шен йоӀ цуьнга маре йелира[13]. Цуо жигара дакъа лоцура дерриге а ладаме гӀуллакхашкахь къуоначу бусалбанийн пачхьалкхехь[12].

ТӀемаш

Ӏумар ибн аль-ХаттӀаба дакъалаьцна бусалбанийн массо а тӀамехь, ша куьйгалла а дина цхьаьна рейдехь 30 стеган тобанан[13]. Цуо дакъа лаьцна тӀемашкахь: Бадрехь, Ухьудехь, Хандакехь, Хайбарехь, кхечу тӀемашкахь а. Делахошна дуьхьал тӀом бечу хенахь цуо цкъан а ца гина майраллин а, турпалийн а масала гайтина, хакъ долуш хилла бусалбанийн пачхьалкхан коьртехь болчарех цхьаъ[12].

Абу Бакар харжар

632 шарахь, Мухьаммад пайхамар кхелхинчул тӀаьхьа хаттар хӀоьттира, хьа дийр ду куьйгалла бусалба умматана. Куьйгалхочун меттиган теттина шиъ вара Абу Бакр ас-Сиддикъ а, СаӀд ибн Ӏубада а. Ӏумарас аьлла халифан дарже Абу Бакар хӀоттийра. Абу Бакарс урхалла деш Ӏумар цуьнан хьехамча вара, шен энергица а, хадамаллица а дика вузура цуо иза. 634 шеран августехь леш волчу Абу Бакра Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб хӀоттаве элира шен когаметта. Бусалба уммато массара а чӀагӀо йира керлачу халифан[13].

 
Халифата баьхна мехкаш: I — халифатал хьалха хилла мохк; II — Абу Бакра баьхна мехкаш;
III —Ӏумара баьхна мехкаш; IV — Ӏусмана баьхна мехкаш
Баьхна мехкаш

Ӏумар урхаллехь волуш бусалбанийн долара латташ Ӏаьрбийчуьра арахьа сиха шордала дуьйлира. Мехкаш дахаре лелар Ӏумар волуш аьттонца дӀадаьхьира. 633 шарахь йуьйжира Къилба Палестина, тӀаккха Хира. 635 шеран сентябрехь йалх баттахь гуо латтийча схьайелира Димашкъ, ткъа кхин а шо даьлчи, византийхой Ярмук хи тӀехь эшчи, Шема карайеира бусалбачеран. Шема схьайаккхайелира, ГӀажарчоьнца хиллачу тӀамо Византи гӀелйар бахьнехь, цаьрга тоъал дозанахь эскар латтадан таро ца хиларо.

ГӀажарчохь а тера дара хьал: мохк гӀелбинера политикин а, динан а Сасанидийн некъийн къийсамаша, туьркаш а, хазараш а тӀелетаро, ткъа иштта Византица болчу тӀамо а. 636—637 шерашкахь хилира Ӏаьрбийн исторехь дукха боккха тӀом Кадисихь: бусалбанийн тобанаша толам баьккхира гӀажарийн эскарера. ТӀаьхуо йуьйжира Мадаин (хӀинца Ӏиракъера Ктесифон), гӀажарийн паччахьан аьхкенан резиденци. Оцу толамаша мухар туьйхира ГӀажарчоь йаккхарх. Оццу хенахь Ӏаьрбаша схьайаьккхира Мосулан кӀошт.

Амма оцу хенахь Ӏумарас ГӀажарчоь схьайоккху хан тӀе ца кхаьчна хетна сацийра Ӏаьрбий тӀемлой Малхбалехьа тӀелиетарш. ТӀаьхьа гӀажарша Ӏумар халифах олура узурпатор, ткъа иза вийна де даздора.

Шемара чубаьхкина Лакхара Месопотами йаьккхинчул тӀаьхьа ши шо даьлчи, Ӏаьрбий тӀелетира ГӀажарийчоьнна, толам баьккхира Нехавендера тӀамехь (642). Сасанидийн некъех тӀаьххьара паччахь Йездигерд III-гӀа, йухавелира къилбаседа-малхбале, амма вийра Мервехь (651). Цуьнан когаметтаверг гӀиртира импери денйан, амма аьтту ца белира.

639 шарахь Ӏаьрбийн эскарш куьйгаллехь баьчча Ӏамра ибн аль-Ӏаса дехьадевлира Мисран дозанал. Момент хаьржира диканиг: махкахь доьдуш динан дов дара, бахархошна бӀаьрга бан а ца безара византийн урхалчаш. Ибн аль-Ӏас кхечира Вавилонан пенашка (КъахӀиран гергара гӀап чохь), ткъа 642 шарахь бусалбачарна карайеира Византин Мисрара ладаме пункт Александри. Бакъду, диъ шо даьлчи византихой схьайаккха хьевсира иза, амма Ӏаьрбаша дӀа ца йелира гӀала. Халиф Ӏумаран омарца Александрийн библиотека йагор, туьйра долчух тера ду.

Билгалдаккха деза, Ӏумар эскарера а, баьхначу мехкашкара а цӀа кхайкхира уггаре гӀарабевлла бусалбанийн тхьамданаш: Халид ибн Валид а, СаӀад ибн Абу Ваккъас а. Вайга кхьаьчна уьш дӀабахаран бахьнаш теша хала долуш ду, политикин бахьнаш хила тарло цигахь.

Масийттаза Ӏумара схьабаьккхина хилла йукъараллин пайдана эхан тӀиера кханнах ши дакъа кхаччалц провинцешна тӀехӀиттийначу куьйгалхойн баккхий бахамаш. Хууш ду иштта санкцеш йарах Халида ибн Валидан, СаӀад ибн Абу Ваккъасан, Ӏамр ибн аль-Ӏасан, Бахьрайнан, Йаманан, Маккан, кхечу а мехкийн куьйгалхошна.

Ӏумаран урхаллин заманахь хийцаелла бусалба пачхьалкхан амал. Мехкаш бахарна а, хьекъалца урхалла дарна а цунах хилира дукха къаьмнех лаьтта импери, цунна йукъахь Ӏаьрбийчуьра бевлларш доьалгӀа дакъий бен дацара. Схьайаьхна провинцеш халифатан политикин централ Хьиджазал социалан а, экономикин а кхиаран лакхарчу тӀегӀанехь хиларна, бусалбанийн аристократи кхалха йолайелира схьадаьхначу мехкашка. Схьадаьхначу латташ тӀиера куьйгалхой Ӏумар халифа ша хӀиттабора.

Схьадаьхначу мехкашкахь Ӏумара йан йолийра тӀеман лагерш (амсараш). Халифатан тайп-тайпанчу декъашкахь кхоллайелира керла тайпана гӀалин меттигаш, цигахь куп дӀалоцура цхьаьна тобанан тӀемлоша (дукхах дерг цхьаьна тайпанан нах). Иштта гарнизонаш йара Фустатехь (хӀинца КъахӀиран кӀошт), Куфехь, Мосулехь. Мисар, Шема, Ӏиракъ, ГӀажарчоь схьайаьккхинчул тӀаьхьа халифатах хилира дукха къаьмнийн, алсама берш кхечу динехь болу пачхьалкх[13].

Заманхошца йолу йукъаметтиг

Ӏумар бин аль-ХаттӀаб асхьабийн чӀогӀа лераме стаг вара. Цуьнан урхаллехь цкъан а ца хилла куьйгалхой дуьхьала бевлла. Цуо шен заманхошна йоккха маршо лора, ткъа цкъацца къайла а даккхара церан гӀалат[13].

Пачхьалкхан урхалла

ХӀоьттинчу хьоло Ӏумарега цхьа могӀа административан-фискалан аппарат кхоллийтира, йаккхий санаш хьажоран хьесапаш а дайтира. Ладаме царех дара алапа далар, дааран сурсат (рицкъ) далар берриг асхьабашна, латташ а ца доькъуш. Дуьззина и система хӀотто аьтту белира 640 шарахь. Цуьнца цхьаьна барамаш хӀиттийра хараджан а, джизьян а. Иза волуш кхолло йолийра лаьттан кадастраш, цара латта доькъура масех кепара: йукъараллин а, долара а. Мисар схьайаьккхинчул тӀаьхьа Макка а, Медината а кӀа дан долийра цигара[13]. Цуо чӀогӀа ладаме роль латтийра 639 шарахь Палестинан, Шеман, Ӏиракъан мацалла хӀоьттича.

Ӏумар бахьнехь биллина юридически системан бух, цхьа могӀа гӀаланашкахь суьдхой бара — къеданаш, цара шариӀатаца къастадора девнаш а, къийсамаш а.

637 шеран апрелехь Ӏумар халифа йукъайаьккхира шераш дагардаран керла система[13]. Керла эра долало Мухьаммад пайхамар Маккара Мединате кхелхинчу шерера (хӀиджрат).

Халифа кховдорца, гӀаланаш йар византийн хьесапашца хила деза: коьрта урамийн шоралла 40 дол (дол — 38-46 см), ткъа лахарчу тӀегӀанера — 20-30 дол. Халифа дукха терго йора пхьола а, йохк-иэцар а кхиарна. Цуо олура, махлелочун болх тӀеман гӀуллакхал атта бац, хӀунда аьлча «шайтӀа гӀерта цӀена совдегархо Ӏехо аттачу саца, оьцуш вверг Ӏеха а веш».

Мисар йаьккхинчул тӀаьхьа Ӏумаран тӀедеира, оцу областе кхин йолу халифатан областашна кӀа латталур ду аьлла. Листа безаш йалта дӀасадахьаран бала бара. Халифан дагадаийтира, Траян император волчу хенахь (I—II бӀешераш хийцалучу хенахь) даьккхина Нил ЦӀен хӀордах туху татол. ТӀаьхьа и татол дӀатесна, дӀадуькъира. Ӏумара омар дира татолан харш цӀанде аьлла, нилан мехкан бепиг чухьаьдира Ӏаьрбийчу боцачу новкъа.

Дин

Ӏумар халиф волуш чеккхенца тӀеийцира хьаьжан рукнаш. ХӀора шеран хьаьж Ӏумар коьртехь хуьлура. Халифа тӀедилларца Мухьаммад пайхамаран хилла секретара Зайд ибн Сабита гулдан долийра, пайхамара дуьйцуш дӀайаздина, къаьстина хилла Къуръанан тексташ. Къуръанан текст гулйина йелира Ӏумар кхелхинчул тӀаьхьа.

Ӏумара халиф цӀеран тӀетуьйхира дарж амир аль-муъминин (муъминчарна омар дийриг). Иштта, Ӏумара кхоьллина Ӏедалан системах, ала мегар ду Ӏаьрбийн-бусалбанийн теократи. Бахархой бекъна бара шина декъе — урхалла деш болу бусалбанаш а, кхин динехь болу куьйгакӀелара нах а. Урхаллин хьесапаш аргумент Къуръан долуш йара йа хьалха хилла бухца йара. Оцу дерригчо а латто йезара умман динан марталла.

Белхан мах хадор

бӀаьра нисйан

Ӏумаран шен дикалла, цуьнан говзалла, хаарца пачхьалкхан урхалла дар Ӏаьрбийн халифат баккхийчу кхиамашка кхачийра. Ярмукера, Къадисера, Нехавендера тӀемашкара толамаша таро йира хӀаллак бан буьрса мостагӀий Византи а, ГӀажарчоь а.

Цуьнан энерги хилла ца Ӏара, цунна долу хьал, адамаш, церан динан жигаралла пайденна ерзо хаара. Халиф Ӏумаран урхаллин хотӀах авторитаран ала мегар ду, амма сонталле иза ца кхечира. Иза вара буьрса, амма нийсо лелаеш урхалча вара.

Ӏумар доккха дакъа лецира ислам даржоран новкъахь. Цуо даьхна мехкаш бахьнехь ГӀажарчуьра Къилбаседа Африке кхаччалц нахана ислам а, бусалбанаш а бевзира. Мелла а хан йаьлчи оцу къаьмнех дукхаха долчара ислам тӀеийцира[12].

Ӏумар кхин а Къуръанан маьӀна доккхуш вара, хьадисаш девзарг а, бусалбанийн бакъо (фикх) йевзарг а вара[12].

Сунниийн историн ламасто лакхара маххадабо Ӏумаран белхан, иза гойту шел дика урхалча хир воцуш дика. Суннийшна хета иза беркате цӀена халбатхо, бусалбачаьрца нийса, мостагӀчуьнца къиза[13].

ШиӀийн ламасто гойту Ӏумар а, кхин кхоъ бакъ халиф, узурпаторш (бакъонза Ӏедал йа нехан хӀума долаерзийнарг) санна[13]. ШиӀийш дийцарехь, Мухьаммад пайхамаран халиф гора шен шича Ӏали ибн Абу ТӀалиб, амма харцам бар бахьнехь Ӏедал кхечира хьалха Абу Бакран, ткъа цул тӀаьхьа Ӏумаран а, Ӏусманан а.

Иерусалиме вахар

бӀаьра нисйан

Ӏумар халиф волуш бусалбанийн эскарша Иерусалим йаьккхира. Ярмук эркан гергара тӀамехь Аль-Джабия олучу тӀеман лагерехь Голанан локхаллаш тӀехь византихоша йитира Иерусалим Ӏарбашна. Бакъ халиф Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб ша гӀалин чувахара, цу тӀе наха леллош йолу оба а йоьхна. Меттигера бахархой цецбевлира шайн гӀала йаьккхинчуьнан духарх — уьш боьлла бара византийн а, гӀажарийн а урхалчийн дезачу духарех. Ӏумарега шегга дӀаделира гӀалан догӀанаш грекийн православин патриархан Софронийн карара, цуо элира: «АллахӀан доьхьа… шун килсаш дийна лаьттар йу, бусалбачара дӀа а лоьцур йац, йохор а йац». Софронийс, халифан дехарца, гайтира цунна Ӏийса пайхамаран гробан килс, цигахь беркате сийлахь волчу бусалбанийн урхалчо дуӀа дира пайхамарна. Цул тӀаьхьа Ӏумарас хаьттира Софронега, Мухьаммад стигала АллахӀ волчу хьалавахана (мирадж) лам мичахь бу аьлла. Софронийн ца лаара меттиг сихха гайта, цигахь хьалха лаьттара сийлахь Иерусалиман килсанаш (хьалхара а, шолгӀа а), ткъа хӀинца нехаш йухку меттиг. Дукха йухагӀиртина, патриарха валийра Ӏумар оцу лам тӀе, цуьнан исторех лаьцна а дийцира. Халиф гола воьжна, нехаш дӀасатеттина, йуха а ламаз дира. ТӀаккха хаьттира цуо Софронега, мичахь йу и килс аьлла. Патриархан дагадеира Ӏумар Ӏехо, тӀаккха элира ломан къилбаседа агӀора йу аьлла. Амма хьекъал долу халиф ца тийшира Софронийн дешнех, омар дира ломан къилба агӀора маьждиг догӀа аьлла, хӀинца а лаьтташ ду иза.

«Иерусалим Ӏаьрбаша схьайаьккхинчу хенахь, халиф Ӏумара уггаре хьалха меттахӀоттийра „Ӏийса пайхамаран   килс“. Коьрта бӀаьччийн гӀоьнца, бусалбачеран куьйгалхочо бира дика белхаш: цуо цӀандира латта шен куьйгашца, билгала баьккхира деза маьждиган бух, цуьнан таьӀна а, лекха нартоло таж туьллу Мориа Ломан бохь тӀе».

Ӏумар ибн аль-ХаттӀабан килс кара а йина, цигахь ламаз дарах дийцаран кхин вариант йу Ахьмад ибн Хьанбалан, имаман хьадисийн гуламехь (йухьиг а, йукъ а 9 бӀешеран). «Ӏубайд ибн Адам дуьйцура, шена хезира, Ӏумар ибн аль-ХаттӀаба КаӀба аль-Ахбаре хӀоттуш: „Мичхьа гӀоле шена ламаз дар?“ КаӀбас жоп делира: „Шена хетарехь, ахьа ламаз дан деза тархашна тӀехьа, йерриг Къудс хьан куьйга кӀела йолуш санна “. Ӏумар реза ца хилира: „Хьо тарлуш ву яхӀудех. Аса дийр дац иза. Аса ламаз дийр ду АллахӀан элчано динчехь“. Иза вирзира къибле, ламаз дира, тӀаккха йуьстаха ваьлла шен оба охьатесна волавелира цу чу нехашгулйан, тӀаккха йуьстаха велира шен палаш охьайаржийна, волавелира, цунна чу нехаш а, волавелира шена чу нехаш гулйан, наха а дира цуо диннариг»[14].

 
Масджид ан-Набавин чуьра Ӏумаран каш тӀиера экъа, Медина

644 шеран ноябрехь Ӏуьйран ламаз тӀехь маьждиг чохь, кунья Абу Лула йолчу гӀажарийн лайно Фирузас, йалхазза урс тоьхна чов йира Ӏумарна.

Кхечу версица, бахьна дара ГӀажарчоьне хьажийна йолу Ӏумаран йуха ца волу политика, иза йерриг хӀаллак йина йара Ӏаьрбийн халифатан эскаро. Ӏумаре чевнаш йинарг цӀеран гӀуллакх деш волу Абу Лула ву аьлчи, Ӏумар аьлла: «Хастам бу АллахӀан, сан валар бусалбачун карах ца хилийтинчу!». Цул тӀаьхьа Ӏабдуррахьман бин Ӏавфа сихха чекхдаьккхира Ӏуьйренан ламаз, ткъа цӀий оьхуш волу Ӏумар чуваьхьира шен хӀусаме[1]. Ӏумар кхелхира кхо де даьлчи, 644 шеран 7 ноябрехь. Леш волуш, цуо хӀоттийра кхеташо, керла халиф харжархьама. Цуьнан тӀаьххьара тӀедиллар хилира хин волчу халифан, ша хиттийна провинцешкара сардалаш цхьаьна шарахь дӀа ца бахар[13]. Мухьаммад пайхамаран уггаре къена йалх асхьабех лаьттачу кхеташонехь (шура), царна йукъахь бара: Ӏусман ибн Ӏаффан, Ӏали ибн Абу ТӀалиб, Тальха ибн ӀубайдуллахӀ, Зубайр бин аль-Ӏаввам, Ӏабдуррахьман ибн Ӏавф, СаӀад бин Абу Ваккъас, кхоалгӀа бакъ халиф хаьржира Ӏусман ибн Ӏаффан[12].

Литература

бӀаьра нисйан
оьрсийн маттахь
кхечу меттанашкахь
  • Donner, Fred, The Early Islamic Conquests, Princeton University Press, 1981.
  • Guillaume, A., The Life of Muhammad, Oxford University Press, 1955.
  • Albert Hourani(ингалс.), A History of the Arab Peoples(ингалс.), Faber and Faber, 1991.
  • Madelung, Wilferd, The Succession to Muhammad, Cambridge University Press, 1997.
  • G. Levi Della Vida and M. Bonner, «Umar» in Encyclopedia of Islam, CD-ROM Edition v. 1.0, Koninklijke Brill NV, Leiden, The Netherlands, 1999.
  • Previte-Orton, C. W. (1971). The Shorter Cambridge Medieval History. Cambridge: Cambridge University Press.
  • Wilferd Madelung (15 October 1998), The Succession to Muhammad: A Study of the Early Caliphate, Cambridge University Press, ISBN 978-0-52-164696-3

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 DUMSO.Ru.
  2. ас-Салляби, 2011, «У него были длинные усы...», с. 18.
  3. Сбривание усов - это сунна? офиц. сайт «Сердце Чечни». ТӀекхочу дата: 2018 шеран 8 август. Архивйина 2018-07-20 — Wayback Machine
  4. ат-Табарани аль-Му‘джам аль-кябир (1/4/1).
  5. 1 2 Его семья / Повелитель правоверных Умар ибн аль Хаттаб. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 20 апрель. Архивйина 2013 шеран 28 апрелехь Архивйина 2014-10-31 — Wayback Machine
  6. Вопрос алиму. ТРК «Путь». ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 июнь. Архивйина 2015-12-22 — Wayback Machine
  7.  8:67
  8. 1 2 3 Assalam.ru.
  9. «Со смертью Умара (да будет доволен им Аллах) Ислам заплачет» islamdag.ru 3 Декабрь 2011
  10. Али-заде, 2007, Али ибн Абу Талиб.
  11. Islam Na Neve.
  12. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Али-заде, 2007.
  13. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Ислам: ЭС, 1991, с. 241.
  14. Пророчества о приближении Конца света согласно Корану и Сунне / Э. Кулиев. — М.: Умма, 2006. — 112 с. ISBN 5-94824-076-2