Алиев, Тамерлан Магомедович (Тимур Алиев) (1973 шеран 18 сентябрь, Соьлжа-ГӀала) — нохчийн журналист, публицист, блогер, «Чеченское общество» газетан коьрта редактор, фантастикийн дицарийн автор.

Алиев Тамерлан Магомедович
ГӀуллакхан тайпа Журналист, писатель научной фантастики, главный редактор, Публицист, блогер, писатель-фантаст
Вина терахь 1973 шеран 18 сентябрь({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (50 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика
Корматалла журналист, публицист
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Мохьмад

1995 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институт, 2005 шарахь — Москохан политикин талламийн школа.

Журналистан болх нисйе бӀаьра

2003 шарахь цо лааме газета «Чеченское общество» кхоьллира, цуьнан коьрта редактор а хӀоттира. Газетан делла совгӀаташ:

  • тоьлла регионан арахецнарг (III меттиг) Ерригроссийн журналистийн фестивалехь «Ерриг Росси» (2005 шо);
  • Герд Буцериусан цӀарах йолу а, «Die Zeit» газетан а цхьаьна совгӀат — «Малхбалан Европин къона пресса» (2005 шо);
  • «Тоьлла регионан газета» цӀе йолу Ерригроссийн конкурсан «Ша-тайпа таронашкахь болх барн» цӀе йолу леррина совгӀат (2006 шо);.

Цуьнан статьяш арахецна газеташкахь «The Moscow Times», «Русский курьер», «Московский комсомолец», «Труд», «Die Tages Zeitung» (Германи), «Die Wochen Zeitung» (Швейцари), «The Financial Times», «The Daily Telegraph» (Йоккха Британи), «La Brecha» (Уругвай), журналашкахь «Эксперт», «Огонек», «Национальный интерес» (Росси), «People» (АЦШ). Цо корреспондент болх бина «The Prague Watchdog» информагентствехь (Чехи). Цуьнан йу массийта арайалларг интернет-сайташкахь «Взгляд», «Росбалт», «Русский журнал», АНН (Росси).

2005 шарахь иза вара «Известия» газетехь «Кавказан балладаш» колонка йазйаш.

2002 шо дуьйна 2007 шо кхаччалц иза вара Журналистийн бертан Экстремалан Журналистикан Центран Нохчийн а, ГӀалгӀайн Республикийн эксперт, IWPR институтан (Йоккха Британи) Нохчийни Республикин координатор.

2007 шарахь Пачхьалкхан Думе харжалуш вара «Аьтту ницкъийн Союз» спискица.

20082013 шарахь Р. А. Кадырован гӀонча вара иза.

2013 шеран август дуьйна иза вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчахь граждански йукъараллин а, адаман бакъонашан а Советан председатель.

Цо йазйина масийтта фантастикин дийцар а, повесть а. Цера тираж йу 200 эзар экземплярал сов.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

2010 шарахь цунна йелла мидал «Нохчийн Республикин хьалха кхиамашан».

Журналистикан совгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Citation Award The Artyom Borovik Award-2003 йаккхинарг (New-York based Overseas Press Club of America).
  • «Цхьаьна» цӀе йолу Ерригроссийн журналистийн конкурсан толам баьккхинарг («Темин тешаме хилар» номинаци, 2004 шо).
  • Журналистийн бертан Ерргироссийн конкурсан толамхо (2-гӀа совгӀат, 2004 шо).
  • «Ӏедало ницкъ бар» цӀе йолу Ерригроссийн журналистийн конкурсийн толамхо («Гражданийн политикин бакъонаш йохайар» номинаци, 2004 шо; «Журналистийн къонахаллин» цӀе йолу леррина совгӀат, 2005 шо).
  • Сахаров академикан цӀе йолу музейс йеш йолу «За журналистику как поступок» цӀе йолу Ерригроссийн конкурсан номинант а (2004 шо), финалист а (2003, 2005, 2006 шераш).
  • Нохчичоьхь машар барна Ялтера инициативас кхоьллина «Машеран совгӀатан» финалист.
  • «СК-Стратегия» кхоьллина «За вклад в развитие независимой прессы в Чечне» цӀе йолу совгӀат деккхинарг.

Библиографи нисйе бӀаьра

  • дийцар «E-man». Журнал «Если», Москва, № 7, 2012 шо.
  • дийцар «Бремя альбиноса». Сборник «Либеральный апокалипсис», Эксмо, 2013 шо, Москва.
  • дийцар «Встреча» (Мурад Магомадовца цхьана). Журнал «Очевидное и невероятное», № 5, 2011 шо.
  • дийцар «Второй уход марсиан», 2-е место на конкурсе СИ памяти Б. Н. Стругацкого
  • дийцар «Иванов. И Петров» (Мурад Магомадовца цхьана). Журнал «Техника — молодежи», Москва, № 2 (953), 2013 шо.
  • дийцар «Минутка». Журнал «Машины и механизмы», Санкт-Петербург, № 7 (82), 2012 шо.
  • дийцар «Мультитрегеры» (Евгений Гаркушевца цхьана). Журнал «Если», № 10, 2010 шо.
  • дийцар «Настоящий враг» (Евгений Гаркушевца цхьана). Сборник «Русская фантастика-2012»
  • дийцар «Они». Сборник «Я и Я», Москва, 2012, издательство «Фантаверсум».
  • повесть «Старик и зомби» (Мурад Магомадовца цхьана). Сборник «Зомби в СССР. Контрольный выстрел в голову».
  • дийцар «Темные стороны Луны». Сборник «Половинки космоса», издательство «Фантаверсум».
  • повесть «Хомо террористикус» (Юрий Бурносовца цхьана). Сборник «Антитеррор 2020», Эксмо, Москва.
  • повесть «Хроношахид». Цикл «Сколково. Хронотуризм», изд-во «Крылов», СПб, сентябрь, 2012 шо.
  • дийцар «Чипсы», Техника — Молодежи, 2012, № 10, с. 59-60.
  • дийцар «Древний закон», гулам «Бестиариум: дизельные мифы», Снежный ком, 2013, Москва.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра