Алха́нов Ӏали́ (Алу́) Дада́шевич [1] (вина 1957 20 январехь, ССРС, Кхазакхийн ССР, Талды-Курганан область, Кировскан кӀошт, Кировски э.) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо; Российн Федерацин юстицин министран гӀовс; Экспертан тергонан комиссин декъашхо[2] (2008 шарахь дуьйна); Российн президентан уллера гӀазакхийн гӀуллакхийн советан декъашхо[3] (2010 шарахь дуьйна).

Алханов Ӏали (Алу) Дадашевич
Алханов Ӏали (Алу) Дадашевич
2018
Российн Федерацин юстицин министран гӀовс
 — 2007 шеран 15 февраль
Хьалха хилларг Кадыров, Ахьмад Абдулхамидович
Абрамов Сергей Борисович (д. кх.)
Когаметтаниг Кадыров Рамзан Ахматович
 — 2004
Хьалха хилларг Цакаев Руслан Узудиевич
Когаметтаниг Алханов Руслан Шахаевич
Дин суннизм
Вина терахь 1957 шеран 20 январь({{padleft:1957|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (67 шо)
Вина меттиг ССРС, Кхазакхийн ССР, Талды-Курганан область, Кировскан кӀошт, Кировски э.
Вича тиллина цӀе оьрс. Алу Дадашевич Алханов
Дешар Могилёвн ЧГӀМ институт
Динлелор ислам суннитийн маьӀна
СовгӀаташ
«Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден
Невски Александран орден Стогаллин орден Сийлаллин орден «Майраллина» мидал
Пачхьалкх  ССРС Росси
ЦӀе Инарла, инарла-лейтенант, Российн Федерацин боккъала волу пачхьалкхан 1 классан хьехамча, генерал-полковник юстиции
Латар
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Нохчийн Республикин Президент (2004—2007); Российн Ӏалашонашна зедархьама историн фальсификаци йаран дуьхьалон комиссин декъашхо (2009—2012).

Вина Кхазакхстанехь нохчий арабахарх сацам дӀабаьккхинчул тӀаьхьа масех де даьлча. Схьавалар гендарганойн тайпанах[4] ду. КӀант вина дукха хан йаллале доьзал цӀабирзира Нохчийчу. Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа эскаре кхайкхира, цул тӀаьхьа чекхйаьккхира транспортан милицин ишкол Могилёвхь (хӀинца Могилевн Белорусь Республикин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллин институт). 1984 шарахь милицехь болх бан волавелира. Чекхйаьккхира милицин лакхара ишкол Дон-тӀера-Ростовхь, тӀаккха дарж делира Нохчийчоьн транспортан де́къан хьаькаман гӀовс. Хьалхара нохчийн тӀамехь дӀакхийтира федералан эскарех, НРИ тӀемлой тӀелетачу хенахь Соьлжа-ГӀала ларйарна совгӀат дина Стогаллин орденца. 2003 шеран апрелехь республикин президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хӀоттийна чоьхьарчу гӀуллакхийн министран дарже. 2003 шеран 10 ноябрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дӀаделира цунна инарла-майоран утаркхаш[5].

 
Ӏали Алханов, Рамзан Кадыров, Владимир Путин. 2004 шо.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийначул тӀаьхьа 2004 шеран 9 майхь, Кремль тӀетайна аратеттира шен кандидатура президентан дарже. Оцу шеран августехь хаьржира Нохчийчоьн президент. Дарже велира 2004 шеран 5 октябрехь.[6]

2007 шеран 15 февралехь Российн Президента Путин Владимира къобал дира Алхановс дарж дитар. Иза хӀоттийра Российн юстицин министран гӀовс.

2010 шеран апрелехь хаьржира РФС этикан комитетан председатель[7]. 10 августа 2011 года подал в отставку в связи с занятостью на государственной службе[8][9].

СовгӀаташ, цӀераш, классан чин

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Указ Президента Российской Федерации от 15 февраля 2007 г. № 171(ТӀе цакхочу хьажорг)
  2. Состав Комиссии по экспортному контролю Российской Федерации. Kremlin.ru (18 сентября 2008). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 12 февраль. Архивйина 2013 шеран 15 февралехь
  3. Изменён состав Совета по делам казачества. Kremlin.ru (2 мая 2010). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 12 февраль. Архивйина 2013 шеран 15 февралехь
  4. Инна Новикова. Чечня выбрала президента. Что дальше? - Региональные - Правда.Ру. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 14 сентябрь.
  5. ПОЛИТИКА: Доживут ли Басаев с Масхадовым до Нового года?
  6. https://www.rbc.ru/politics/05/10/2004/5703b6699a7947783a5a5baa
  7. Много чести. Футбол-1960.ру. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь Архивйина 2012-02-19 — Wayback Machine
  8. Глава комитета РФС по этике Алу Алханов ушёл в отставку
  9. Глава комитета РФС по этике должен уделять работе все время — Алханов
  10. Указ Президента Российской Федерации от 20 марта 2017 года № 119 «О награждении государственными наградами Российской Федерации»
  11. Указ Президента Российской Федерации от 12 октября 2011 года № 1342(ТӀе цакхочу хьажорг)
  12. Распоряжение Правительства РФ от 20 января 2007 г. № 50-р

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
Хьалха хилларг:
Ахьмад Абдулхамидович Кадыров
Сергей Борисович Абрамов (д. кх.)
Нохчийн Республикин Президент
 

30 август 2004 — 15 февраль 2007
Когаметтаниг:
Рамзан Ахматович Кадыров