Альбиев, Ислам-Бека Саид-Цилимович
Ислам-Бе́ка Саид-Цили́мович Альби́ев[1] (1988 шеран 28 декабрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, СССР) — нохчийн греко-риман латархо, 2008 а, 2011 а шерашкахь Российн чемпион, 2009 шарахь Европин а, дуьненан а чемпион, 2008 шарахь Олимпиадан чемпион.
Альбиев Ислам-Бека Саид-Цилимович | |
---|---|
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | боьрша стаг[d] |
Пачхьалкх | Росси |
Говзалла | греко-риман латар |
Клуб | Эскаран Центран спортан клуб[d] |
Вина терахь | 1988 шеран 28 декабрь (35 шо) |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР |
Спортан карьера | 2000 шо дуьйна |
Тренераш |
|
Локхалла | 163 см |
Йозалла | 66 кг |
Медиафайлаш Викилармехь |
Спортан биографи нисйе бӀаьра
Ислам-Бека винера 1988 шеран 28 декабрехь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан хьалхара тренер вара Ахмед Атабиевич Гасаев. Цо кечвира иза 2005 шарахь Европин чемпион Ислам-Бека хиллалц. Цул тӀаьхьа дукха хан йаллале иза цомгуш хилла велира. ХӀинца иза Ӏамош бу Феликс Аваков а, Умлат Товбулатов а. Альбиеван лакхара кхиам бу 2008 шарахь Пекинехь Олимпиадан чемпион хилар. И боцург шортта кхиболу толамаш бу цуьна.
Иза ву Москохан физически культурин а, спортан а институтан студент.
Йукъараллин болх нисйе бӀаьра
2011 шеран 25 февраль дуьйна иза ву Российн студентийн профсоюзан йукъараллин а, экспертан а советан сопредседатель[2]
СовгӀаташ нисйе бӀаьра
Литература нисйе бӀаьра
- С-А. М. Аслаханов, Х. Х. Хизриев. Физическая культура и спорт Чечни: истоки и современность. — Москва: «Перо», 2015. — С. 83-84. — 240 с. — ISBN 978-500086-997-0.
Билгалдахарш нисйе бӀаьра
- ↑ Наггахь цуьнан цӀе кхоьча тайпан йазйина а хуьлу — Ислам-Бек, Исламбек, Цилимович
- ↑ ОБЩЕСТВЕННОСТЬ ВСТАЛА НА СТРАЖУ ИНТЕРЕСОВ МОЛОДЕЖИ . STUDPROFS.RU. ТӀекхочу дата: 25 февраля 2011. Архивйина 2012 шеран 17 мартехь
- ↑ УКАЗ Президента РФ от 02.08.2009 N 885 «Онаграждении государственными наградами РФ» Архивйина 2013-04-26 — Wayback Machine
- ↑ Мовлади Абдулаев. В Чечне отметили олимпийцев, правда, не всех . Энциклопедия чеченского спорта (2016 шеран 7 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 9 сентябрь.
Хьажоргаш нисйе бӀаьра
- Вторую золотую медаль для России завоевал борец Ислам-бека Альбиев Архивйина 2008-09-15 — Wayback Machine, Regnum.ru
- Олимпийский чемпион по греко-римской борьбе И.Альбиев: досье, РосБизнесКонсалтинг.
- Профиль на сайте Федерации спортивной борьбы России Архивйина 2010-08-18 — Wayback Machine
- Профиль на сайте ЦСКА Архивйина 2010-12-28 — Wayback Machine