Коьрта меню схьаелла

Сент-Джонс (инг. St. John's) — Антигуа а, Барбуда а пачхьалкхан коьрта гӀала, уггаре йоккха гӀала а, коьрта порт а.

ГIала
Сент-Джонс
St. John's
St Johns Antigua 2012.jpg
Сурт
Пачхьалкх Антигуа а, Барбуда а
Координаташ 17°07′16″ къ. ш. 61°50′41″ м. д.HGЯO
Йиллина 1632
Майда
  • 10 квадратан километр
ХӀордан сизал локхалла 0±1 метр
Бахархой 31000 стаг (2005)
Луьсталла 3100 стаг./км²
Сахьтан аса UTC-4
Сент-Джонс картан тӀехь
Сент-Джонс картан тӀехь
Red pog2.svg

Ӏаламан хьолашНисъе

Пачхьалкхан коьрта шахьар лаьтта Антигуа гӀайрен тӀехь, аьтту болчу бухтехь. Оцу мехкан тропикан пассатан климат ю. Дерриг шарахь а температура хийцало +25 °С тӀиера +30 °С тӀекхаччалц уггаре бовхачу баттахь. ДогӀнаш оьху майра ноябрь кхаччалц, оцу хенахь 80 % йочанаш хуьлу юккъера шеран барам тӀиера, ткъа иза 1200 мм бу.

Сих-сиха хуьлу тропикан чӀогӀа мохо доккха зие до Сент-Джонсан бахаман. Эркаш гӀалин чохь а, гӀайрен тӀехь а дац. Мола хи латтадо артезианан буру тухуш, ткъа иштта 1970 шарахь хӀоттийначу хи таздаран гӀирсаца. Регион кхиаярехь доккха дакъа лецира ЦӀиечу жӀаран госпитало.

Ораматашца а, дийнаташца а коьрта гӀалан йисташ къиен ю, амма дукха тайпана олхазарш ду, ткъа бердашца долчу хиш чохь дукха промыслан чӀара а, искогберш а ю.

Бахархой, мотт, дин лелорНисъе

ГӀалин бахархойн барам 31 000 стаг (2005) ву. Доккхаха долу дакъа царех африкан лайш бу, европара бевлла гӀалахой кӀезиг бу.

Официалан мотт ингалсан бу, амма бахархойн доккхаха долчу декъо буьйцу антигуан креолийн мотт, цуьнан бух ингалсан меттан бу. Иштта лела орамерачу бахархошна юкъахь тамашийна меттигера меттадакъа «патуа», иза лаьтта дуккха а ийна меттадекъех, жигара лелабо ламастан халкъан оьздангаллехь.

Дукхаха болу дин лелориш керстанаш бу, леладо англиканалла; хаало католикаш а, адвентисташ а, методисташ а, пятидесятникаш а.

БилгалдахаршНисъе