Аьзаьнаш
Аьзаьнаш (оьрс. эхо, лат. ēсhō) — дуьхьалоно юхатоьхна тулгӀе (электромагнитан, озан, кхин а) тергоечо тӀеэцча хуьлуш болу физикин хилам.
Йукъара довзийтар
бӀаьра нисйанАьзаьнаш — юхатоьхна аз. Аьзаьнаш хаало, нагахь хьостера дуьххьала аз дӀа а кхетта юхадогӀуш шолгӀа хезча, масийттаза а хаза тарло иза. Озан тулгӀе дӀакхетта юхайоьрзуш цуьнан энерги йов, тӀаккха озан тулгӀе чӀогӀачу хьостера таро хуьлу юхакхета доьхьалонашна тӀиера (масала дуьхь-дуьхьал лаьтта цӀийнан пенаш я яьсса чоь) юх-юха, цхьаьна меттехула чекх а долу, тӀаккха аз масийттаза хезий аьзаьнаш хуьлу (иштта аьзаьнаш терго ялур ю стигал къекъаш).
Аьзаьнийн тулгӀенаш юхатуху чӀогӀа доьхьалонаш, иза доьзна ду динамикан суьртаца, оцу дуьхьалонашна гергахь хӀаваъ датарх. Нагахь озан хьост оцу дуьхьалона нийсачу я цунна гергарчу сенца гергахь делахь, аз, юхакхетий дуьхьалонан тӀиера, бердах кхета тулгӀе санна, юха догӀу хьосте. Аьзаьнаш бахьнехь, хабар дуьйцучунна кхечу аьзнашца шен къамел а хеза, жима тӀехьадисина. Нагахь озан хьост дуьхьалонан дикка генахь делахь, ткъа озан хьост доцург гергахь цхьа а кхин озан хьост дацахь, аьзаьнаш чӀогӀа дика хеза. Аьзаьнаш лерган хезаш хуьлу, нагахь дуьххьала а, юхакхетта а озан тулгӀенан юкъан интервал 50-60 мс, иза 15-20 м хуьлу, кхин а озан тулгӀе хьост тӀиера дӀа а, схьа а дикачу хьолехь ягӀахь.
Аьзаьнийн кепаш
бӀаьра нисйанЦхьала аьзаьнаш — иза тулгӀе ю, дуьхьалоно юха а тоьхна тергоечун хезна йолу.
Дуккха аьзаьнаш — иза хуьлу чӀогӀа гӀовгӀа яьккхича, цуо цхьаъ ца йо, ткъа масийтта цхьаъ кхечунна тӀехьайогӀуш озан тулгӀе йо.
Дахарехь леладар
бӀаьра нисйанОзан тулгӀенийн хӀаваэхь яржаран даиман цхьа болар долун дела (340 метр гергга секундехь), и аз юхадогӀу хено и дуьхьало мел гена ю гойту. Дуьхьало мел гена ю хаархьама метршкахь, аьзаьнаш юхадогӀу хан а лерина секундашкахь шина декъа деза (аз дӀа а, схьа а доьду) тӀаккха эца деза 340 — кхочу метршкахь барам. Оцу принципан тӀехь бу эхолокацин болх.
Аьзаьнаш чӀогӀа новкъарло йо аудиояззамна. Цундела эшарш, радиорепортажаш, тексташ язъеш йолу чоьнийн пенаш кечдо аздойучу кӀеда а, пӀендакепара а, аз лагӀдеш йолу а гӀирсех йина экранашца. Экранан белхан хьесап иштта ду, кӀеда болчу пенах кхетта озан тулгӀе юха ца йогӀу, оцу чохь соцу газан мазин хьекхадалар бахьнехь.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Гезехус Н. А.,. Эхо, в физике // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
ХӀара физикех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |