Баду́ев, Саи́д Сулейма́нович (1903 шеран 28 август, Соьлжа-ГӀала1943 шеран 20 декабрь) — нохчийн йаздархо а, поэт а, нохчийн литература кхоьллиначарех цхьаъ.

Бадуев Саид Сулейманович
ГӀуллакхан тайпа поэт, йаздархо
Вина терахь 1903 шеран 28 август({{padleft:1903|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала
Кхелхина терахь 1943 шеран 20 декабрь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (40 шо)
Корматалла Поэт, йаздархо
Гражданалла

Росси Российн импери

ССРС СССР
Да Сулейман
Зуда Зухра
Бераш
  • Бекхан
  • Тамила
  • Тамара

Саид Бадуев вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьна да махбархо вара. Жима волуш да-нана доцуш висира иза. Иза Соьлжа-ГӀалин реальни училищехь доьшуш вара. Цигара иза дӀавеккхира цуьнан дешарах дӀадала ахча ца хилар бахьнехь. 1922 шарахь цо чекхйаьккхира кооперацин курсаш Владикавказехь. 1938 шарахь Ӏедало цунна таӀазар дира. Веллачул тӀаьхь иза йухаметтахӀоттир.

Кхолларалла

бӀаьра нисйан

Бадуевн хьалхара произведениш арахецна 1927 шарахь. 1920-гӀа шераш чекхдолуш — 1930-гӀа шераш долалуш хенахь цо йазйира «Колодец», «Бешто», «Огненная гора»; дийцаре гулам «Ӏадаташ», повесть «Мацалла», пьеса «Не всегда мулле байрам». Шен книгаш тӀехь СаӀид Бадуевс гойта нохчийн дахар революци хилале. Иштта цо йазйира пьесаш «ЦӀен бӀов» (Граждански тӀамах лаьцна, «Цаэбас зуда йалор», «Дашо Ӏам», «Политотдел», байтан гулам «Вайн беш».

Бадуевс йазйинарш

бӀаьра нисйан
Нохчийн маттахь
  • Мацалла. Повесть. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», 1925.
  • Ӏимран. Повесть. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», 1926.
  • ЦӀеран арц. Повесть. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», 1929.
  • Дайн Ӏедал (И. Эльдархановца цхьана). Пьеса. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», 1929.
  • Ӏадаташ, I дакъа. Дийцарш. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», 1930.
  • Ӏадаташ, 2-3 дакъош. Повесть, дийцарш. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», 1930.
  • Хабарш, иллеш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», ПетӀимат. Роман. I-ра дакъа. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Серло», 1930.
  • Тракторхо Жунид. Очерк. «Советан Нохчичоь», Соьлжа-ГӀала, 1932. № 1.
  • Большевикаллийца ялта дерехьа. Пьеса. Соьлжа-ГӀала, «Серло». 1932.
  • Колхозан иллеш. Стихаш. Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, «Сердо», 1933.
  • Ши малх. Поэма. «Ит бӀаьсте», Соьлжа-ГӀала, 1933.
  • Керла нах. Очерк. «Нохчийн йаздархойн дош», Соьлжа-ГӀала, Нохчоблзорб, 1934.
  • ПетӀимат. Поэмах цхьа дакъа. «Кхиам», Соьлжа-ГӀала, 1934, № 1.
  • Вайн беш. Стихаш, поэмаш, эшарш. Соьлжа-ГӀала. Нохч-гӀалгӀиздат, 1935.
  • Хаьржинарш. Романандакъий, повесташший, дийцаршший, пьесий. Грозный. Нохч-ГӀалгӀайн книжни изд-во, 1960.
  • Повесташ, дийцарш, пьесаш. ХӀоттийнарг, предислови йазйинарг М. Сулаев. Грозный, Нохч-ГӀалгӀайн книжни изд-во, 1964.
Оьрсийн маттахь
  • «Два солнца», «Сестра», «Довольно», «Нефть», «Скорбь о великой утрате». Стихи. — В сб.: Поэты Чечено-Ингушетии. М., ГИХЛ, 1935.
  • «Отец и сын», «Парашютистка». Стихи. — В сб.: Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
  • «Царскому времени», «Нет, не могу молчать», «Отец и сын», «Гора». Стихи. — В сб.: Поэзия Чечено-Ингушетии. М., ГИХЛ, 1959.
  • «Отцу, ушедшему навеки». Стихи. — «Грозненский рабочий» 1936. 21 июня.
  • «Огненная гора». Повесть. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1968.

Бадуевн кхолларалех йазийнарш

бӀаьра нисйан
Нохчийн маттахь
  • Сулаев М. СаӀид Бадуевн творчествох лаьцна. Предисловие к кн.: «СаӀид Бадуев. Избранные». Грозный, 1960.
  • Сулаев М. Бадуев СаӀидан кхолларалла. Предисловие к кн. «СаӀид Бадуев. Повесташ, дийцарш, пьесаш». Грозный, 1964.
  • Муталибов 3. Бадуев СаӀидан литературни кхоллараллехь атеизман тема. «Орга», 1964, № 1.
  • Туркаев Хь. Нохчийн хьалхара дийцархой. «Орга», 1966, № 1.
  • Туркаев Хь. Бадуев СаӀидан поэтически кхолларалла. «Лоаман Ӏуйре», 1967, № 2.
Оьрсийн маттахь
  • Сулаев М. Творчество С. Бадуева. — «Дон», 1963, № 6.
  • Мамакаев М. Певец народной думы, — «Грозненский рабочий». 1964, 4 сентября.
  • Сулаев М. Предисловие к повести «Огненная гора». Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1968.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан