Балкхарой
Балкха́рой (кхарач.-балк. малкъарлыла, таулула[7][8]) — туьркийн къам, деха дукхах дерг Къилбаседа Кавказан юккъерачу декъехь, ломан а, ломан кIажошкара а (Балкхаройчоь) кIошташкахь, Баксан, Чегем, Хазнидон, Черек-Балкхаройн (малкархой), Черек-Хуламан (безенгийхой, холамхой) эркийн лакхенашкахь.
Балкхарой | |
---|---|
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла | ▲ 125 000 гергга (2010, мах хадор) |
![]() |
|
Хаам | |
Мотт | кхарачойн-балкхаройн |
Дин | ислам суннийн маьӀнера |
Йукъабоьду | туьркийн къамнаш |
Гергара къаьмнаш | кхарачой, гӀирман гӀезалой, гӀумкий |
Схьабалар | туьркаш, кавказан тайпанаш |
![]() |
Юкъабоьду йоккхачу Кавказан расан кавкасионан антропологин тайпана[9]. Буьйцу туьркийн меттанашна юкъара кхарачойн-балкхаройн мотт.
ЭтнонимНисйе
Къоман цIе (этноним) «балкхарой» схьаяларах ю масех верси:
- схьайолу оьрсийн цIеран вариантах «малкархой» (Малкар Iин чуьра бахархой)[10].
- «болгарех»[11] (737 шарахь Iаьрбийн-хазарийн бартаца кагана массарна а луучарна бакъо елира ислам тIеэца. Дукха булгараш-бурджанаш (масала, хIинцалерачу балкхаройн, кхарачойн, гIумкийн) тIеийцира ислам. Оцу хенахь дуьйна булгарашна юкъахь даьржа ислам. Билгалдаккхар — Бегунов Ю. (ред.), Закиев М., Бариев Р., Глашев Б., Нурутдинов Ф. Булгарийн къоман жовхIарш. Этногенез. Истори. Оьздангалла. Арахецаралла: «БулгарИздат»).
Булгарийн шеш йоккху цIе — малгIар, малкхар, балкхар.
БарамНисйе
Берриг балкхаройн барам хIинца бу 125 эз. гергга стаг (2010, мах хадор). Россехь беха 112,9 эз. стаг (2010), царех ГӀебартойн-Балкхаройчохь — 108,6, иза хуьлу 12,7 % республикин бахархойх. ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан кIошташкара дакъа 2010 шеран бахархой багарбаран жамIашца:
Муниципалан кIошт | Балкхаройн дакъа, % |
---|---|
Эльбрусан МКI | 69,5 |
Черекан МКI | 64 |
Чегеман МКI | 20 |
ГIГ Нальчик | 16,9 |
Зольскан МКI | 6 |
Цхьаболу балкхарой беха Кхазакхстанехь а, ГӀиргӀазойчоьхь а (4—5 эз. ст., 2008 шарахь мах хадорца), уьш цига кхаьчна 1944 шарахь махках бахар бахьнехь.
Беха кхин а Туркойчоьхь, Европин мехкашкахь, АЦШхь, уьш XIX бӀешарахь Къилбаседа Кавказ йитинчу мухажирийн тӀаьхье ю.
МоттНисйе
Кхарачойн-балкхаройн (кхарачойн, балкхаройн) мотт — кхарачой а, балкхаройн а мотт бу, туьркийн меттанех цхьаъ бу иза. Меттан ген къестамаш бакхий бац. Таханлера цӀе юкъара тӀеэцна 1950-гӀа шерашкахь, хьалха олура ломан-гӀезалойн, ломан-туьркийн, гӀезалойн-джагатайн. Баьржина ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, шинне а республикашкахь пачхьалкхан меттан статус ю. Россехь мотт буьйцурш 303 эз. гергга стаг ву[12].
Охьаховшаран географиНисйе
Балкхарой Европехь уггаре лакхахь дехачарех цхьа къам ду. Цара дӀалоцу Къилбаседа Кавказан атагӀаш а, ломан кӀажош а Малка, Баксан, Чегем, Черек, церан геннийн а Ӏинаш. Балкхаройчоьнан мохк бехаш бу ломан массивашца, хьаннашца, хьена атагӀашца, альпийн байнашца.
Этносан историНисйе
Балкхаройн къоман этногенезНисйе
Туьркой меттан балкхаройн а, кхарачойн а, ткъа иштта кавказан меттан вайнехан, гӀажарийн меттан хӀирийн, материалан а, синмехаллин оьздангаллин а шира субстратан бух бу археологехь лар йитина, уггаре къегина, дика теллина кобанан оьздангалла. ГӀажарийн чкъор хааделла хӀирийн-кхарачойн-балкхаройн этнооьздангаллин юкъараллехь. И йукъаралла лору этносаш хиттарехь аланийн доминантан сурт санна. Шен рогӀехь туьркийн «тӀаьхьие», дукха хьолахь, йоьхку кипчакаш (половхой) лома бахарца, иштта кхоллаелла Къилбаседа Кавказехь туьркийн меттанийн анклаваш — Балкхаройчоь а, Кхарачойчоь а. Антропологин хаамаш бен тешалла ца до нах кхалхаран а, зударий балоран а контакташна[13].
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 2 3 4 5 Окончательные итоги Всероссийской переписи населения 2010 года
- ↑ Kazakhstan - People Groups. Balkar // Joshua Project. A ministry of the U.S. Center for World Mission.
- ↑ Kyrgyzstan - People Groups. Balkar // Joshua Project. A ministry of the U.S. Center for World Mission.
- ↑ Борлакова Ф.А. Карачаево-балкарская диаспора в США // Научные проблемы гуманитарных исследований. — 2008. — № 15. — С. 9—15.
- ↑ Всеукраинская перепись населения 2001 года. Распределение населения по национальности и родному языку. Государственный комитет статистики Украины. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 25 августехь.
- ↑ Country: Uzbekistan. Joshua Project.
- ↑ Каракетов, 2005, Каракетов, 2007
- ↑ «Этнонимы и племенные названия Северного Кавказа», Год: 1973, Автор: Волкова Н. Г., Издательство: «Наука» (Главная редакция восточной литературы, г. Москва), стр. — 87
- ↑ Алексеев В.П. Происхождение народов Кавказа. — Москва: Наука, 1974.
- ↑ К. Х. Унежнев. История Кабарды и Балкарии. — ГП КБР "Республикинский полиграфкомбинат им. Революции 1905 г." Издательский центр "Эль-Фа", 2005-01-01. — 626 с.
- ↑ Андрей Николаевич Кононов. История изучения тюркских языков в России: дооктябрьский период. — Наука, Ленинградское отд-ние, 1982-01-01. — 372 с.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. perepis2002.ru. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 5 августехь. Теллина 2017 шеран 17 апрелехь.
- ↑ М. М. Герасимова. К вопросу о происхождении балкарцев Архивйина 2019-08-19 — Wayback Machine. Вестник антропологии. 2013. № 3(25) с. 52-71
Туьркийн къаьмнаш | ||
Азербайджанаш | Алтайхой | Балкхарой | Башкираш | Гагаузаш | Долганаш | Можа уйгураш | Кхазакхаш | Караимаш | Каракалпакаш | Караманлидаш | Карапапахаш | Кхарачой | Кашкай | ГӀирман гӀезалой | Крымчакаш | Кумандинаш | ГӀумкий | ГӀиргӀизой | Нагайбакаш | НогӀий | Салараш | Сибиран гӀезалой | ГIезалой | Теленгиташ | Телеуташ | Тофалараш | Трухменаш | Тубалараш | Тувинаш | Туркой | Туркой-месхетинхой | Туркменаш | Туркоманаш | Узбекаш | Уйгураш | Хакасаш | Халаджаш | Челканаш | Чувашаш | Чулымаш | Шораш | Юрюкаш | Якуташ |
ХӀара дуьненан къаьмнех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |