Абу ТӀалиб ибн Ӏабдул-МуттӀалиб

Мухьаммадан деваша
(Абу ТӀелип ибн Ӏабдул-МуттӀелип тӀера хьажжина кхуза)

Абу ТӀалиб ибн Ӏабдул-МуттӀалиб (Ӏаьр. أبي طالب بن عبد المطلب‎‎) — иза къурайшин эла а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ деваша а, имам Ӏалин да а ву.

Абу ТӀалиб ибн Ӏабдул-МуттӀалиб
Ӏаьр. أبي طالب بن عبد المطلب‎‎
Вина терахь 538({{padleft:538|4|0}})
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 620({{padleft:620|4|0}})
Кхелхина меттиг Макка
ДӀавоьллина меттиг Макка
Къам Ӏаьрбий, къурайш, Бану ХӀашим
Да Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим
Нана ПетӀимат бинт Ӏамр
Зуда ПетӀимат бинт Асад
Бераш Ӏали ибн Абу ТӀалиб, ДжаӀфар ибн Абу ТӀалиб

Биографи нисйе бӀаьра

Шен да велча, Абу ТӀалиба Мухьаммад шена схьаийцира, шен кӀант санна кхиавеш. Мухьаммадан 13 шо кхаьчначу хенахь, Абу ТӀалиб шен къепалан ковра эцна, Шема махка ваха араваьллера. Мухьаммад вара цуьнца ваха лууш. Цунах къа а хетна, Абу ТӀалиба шеца вигира иза. Мухьаммадна тӀехула лаьтташ марха йара, цунна ӀиндагӀ латтош. Шема махкахь Ӏаш вара керста мозгӀар «Бахьира» цӀе а йолуш. Цо уьш шайга хьошала бигира, амма Мухьаммад арахь витира. Бахьирас хаьттира шуьца кхин цхьа вуй, кхин а цхьа жим кӀант ву, иза оха арахь витира. «Ша волчу схьавалаве иза» — элира цо.

Бахьира Мухьаммадан пӀендарш йуккъе хьаьжира, цунна гира цигахь пайхамаран мухӀар. Абу ТӀалибе и кӀант ларвар дийхира цо, Къурайшин нахах а. Абу ТӀалиб вала герга ваханчу хенахь, чувелира Мухьаммад. Цунна гира Абу ДжаьхӀль а, ӀабдуллахI а. Мухьаммад элира шен девешига: «Цхьа дела вац АллахIвоцург» — алахь, Къурайшаш элира: «Хьайн ден дин Ӏад дуьтур дар ахь, хӀай Абу ТӀалиб» — элира, амма иза дӀакхелхира.

Кхидерш нисйе бӀаьра

Фильмаш нисйе бӀаьра