Башлам (ансамбль)
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Республикин Хасан Алиеван цӀарах йолу берийн эшаран а, хелхаран а ансамбль «Башлам» — нохчийн берийн эшаран а, хелахаран а ансамбль, дукха ерригсоюзан а, ерригроссийн а, халкъашан йукъара конкурсашан а, фестивалийн а лауреат.
Республикин Хасан Алиеван цӀарах йолу берийн эшаран а, хелхаран а ансамбль «Башлам» | |
---|---|
Жанр | нохчийн а, Кавказан фольклоран а хелхараш |
Шераш | 1969 — таханалац |
Пачхьалкхаш | СССР → Росси |
ГӀала | Соьлжа-ГӀала |
Эшарийн мотт | нохчийн |
Куьйгалхо | Яхсан Алиев |
Хилла декъашхой |
|
bashlam.net |
Истори
бӀаьра нисйанАнсамбль кхоьллина 1969 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шуьйтан кӀоштан Шуьйта юртахь дукха Ерригсоюзан а, Хаьлкъашна юккъера а фестивалийн лауреатас, 1957 шарахь Москвахь хилла йолу Дерригдуьненан кегирохойн а, студентийн а фестивалин лауреатас Хьасан Алиевс.
Ансамблин Халкъан ансамбль аьлла цӀе елира. 1973 шарахь иза хилира Берлинехь хилла йолу Х Ерригдуьненан кегирхойн а, студентийн а фестивалехь халкъан хелхарийн конкурсехь лауреат. 1974 шарахь Тбилисехь «Дашо маӀа» цӀе йолу Кавказан фольклоран хелхарийн хьалхара фестивалехь Гран-при яккхира.
ТӀаьхьа ансамбль дукха гастролешца лилира, ерригсоюзан а, ерригроссийн а, халкъашна юккъера а конкурсашкахь а, фестивалешкахь а дакъа лоцура, дукха конкурсашкахь толам а боккхура.
1996 шарахь тӀамо сацийра ансамблин болх. Юха а болх болабара 2003 шарахь бен ца нисделира. Ансамблин пачхьалкхан статус а елира, цуьнан кхоллархон цӀе а тиллира. 2004 шарахь цо юха а йолайира шен гастролеш, кхиъ цхьа шо даьлча халкъашна юккъера конкурсашахь толамаш баха йолаелира.
30 шарахь ансамблин куьйгалхо деш вара Хасан Алиев. Иза 2003 шарахь велча ансамблин куьйгалхо хӀоттира Краснодаран пачхьалкхан культурин институтехь дешна ваьларг, Нохчийн Республикин Сийлахь артист Яхьсан Алиев, Хасан Алиеван ваша.
Ансамбль «Башлам» ю кхаа «СтелаӀад» цӀе йолу Халкъашна юккъера телевиденин фестивалин лауреат. Цо дакъа лаьцна исбаьхьаллин а, документальни а фильмаш йоккхуш «Эхо в горах», «Слово о республике моей», «Махмуд Эсамбаев — поэт танца», «Утро в горах», кхиераш а.
Конкурсашкахь а, фестивалишкахь а дакъа лацар
бӀаьра нисйанШо | ГӀала | Конкурс | Хилларг |
---|---|---|---|
1972 шо | |||
1973 шо | |||
1974 шо | |||
1975 шо | |||
1976 шо | |||
1977 шо | |||
1978 шо | |||
1984 шо | |||
1985 шо | |||
1986 шо | |||
1987 шо | |||
1991 шо | |||
1996 шо | |||
2005 шо | |||
2006 шо | |||
2006 шо | |||
2007 шо | |||
2007 шо | |||
2007 шо | |||
2008 шо | |||
2008 шо | |||
2009 шо | |||
2009 шо | |||
2009 шо | |||
2012 шо |
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Официальный сайт ансамбля Архивйина 2013-08-14 — Wayback Machine
- Гран-при «Башлама» Архивйина 2013-02-19 — Wayback Machine
- По приглашению фонда В.Спивакова республиканский детский ансамбль песни и танца «Башлам» им. Х.Алиева примет участие в IV Международном фестивале «Москва встречает друзей», который состоится в Москве Архивйина 2011-08-02 — Wayback Machine