Вараев, Адлан Абуевич
Адла́н Абу́евич Вара́ев (1962 шеран 2 январь[1], Садови, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн паргӀата кепар латаран СССР а, Европан а, дуьненан а чемпион, СССР Сийлахь спортан говзанча, Олимпиадан дато совгӀатхо.
![]() Адлан Абуевич Вараев | |
![]() | |
Шех лаьцна | |
---|---|
Стен-боьршалла | божарийн[d] |
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
Говзалла | паргӀата кепар латар |
Вина терахь | 1962 шеран 2 январь |
Вина меттиг | Садови, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 2016 шеран 4 май (54 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Спортан карьера | 1985—1992 |
Тренераш | |
Йозалла | 74 кг |
БиографиНисъе
Адлан Абуевич Вараев вина Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Садови юртахь. Иза лата Ӏама волавелира шен воккха ваша Вахид бахьнехь. Цуьнан хьалхара тренер вара Дэги Багаев[2].
1985 шарахь цо СССР чемпионатехь борзан мидал яккхира. 1986 шарахь цо толамаш беккхира СССР а, Европин а чемпионаташкахь, дато Мидалш яккхира Дика Ӏалашон ловзарашкахь а, дуьненан чемпионатехь а. И кхиамаш бахьнехь цунна елира СССР Сийлахь спортан говзанчан цӀе. 1987 шарахь иза хилира СССР а, Европин а, дуьненан а чемпион. 1988 шарахь иза юха а хилира Европин чемпион. Олимпиадехь цо дато мидал яккхира суьдхойш цунна дуьхьала хиларна бахьнехь[3].
1990 шарахь цо яккхира борзан мидал Дика Ӏалашон ловзарашкахь а, дато мидал Российн чемпионатехь а, 1992 шарахь — борзан мидал СНГ чемпионатехь а.
1996 шарахь Адлан Вараев хилира «Российн Сийлахь тренер». Цуьнан шиъ лакхара образовани ю. 1989 шарахь цо чекхъяккхира Нохчийн хьехархойн институтан физкультуран факультет, 1998 шарахь — физкультуран тӀеман факультет. Тахана иза ву Российн паргӀата кепар латаран гулйина тобанан коьрта тренер а, Российн спортан латаран Федерацин 1-ра вице-президент (иза ву паргӀата кепар латарах жоп луш).
Пачхьалкхан совгӀаташНисъе
БилгалдахаршНисъе
- ↑ Персональная страничка А. А. Вараева на сайте Федерации спортивной борьбы России
- ↑ Встреча поколений «Спорт на всю жизнь»
- ↑ Первые олимпийцы
- ↑ Подарки для чеченских борцов от Адлана Вараева Архивацийина 11 февралехь 2007 шеран.
- ↑ Виталий Мутко вручил государственные награды известным спортсменам, тренерам и работникам спортивной отрасли Архивацийина 4 мартехь 2016 шеран.