Москохан олалла

ХӀокху версин 6 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 10 январь).

Си́йлахь Моско́хан о́лаллайуккъера бӀешерашкара оьрсийн феодалийн пачхьалкх. Йуьхьанца Сийлахь Владимиран олаллин паччахьан латтах, XIV бӀешеран йуккъехь дуьйна москохан элийн дола Владимир йалар бахьнехь — сийлахь олалла хилира. 1330-гӀа шерашкара 1480 шо кхаччалц москохан элаша — лелайора ханан сийлахь элийн ярлык, иза йаккхархьама цара къийсамаш латтабора кхечу йаккхийчу олаллашца: Тверан а, Нижегородскан-Суздалан а.

Историн пачхьалкх
Сийлахь Москохан олалла
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
 
1263 — 1547
Коьрта гӀала Москох
Мотт (меттанаш) оьрсийн, килсан славянийн
Официалан мотт древнерусский язык, старомосковский извод церковнославянского языка
Дин керста
Майда 3 млн. км² (1547)
Бахархой 1460-гӀа шерашкахь 3 млн.
1530-гӀа шерашкахь 6,5 млн.
Урхаллин тайпа =Феодалийн монархи
Истори
 • 1213 Дуьххьара къастийна паччахьан латта
 • 1263 ШолгӀа къастийна паччахьан латта
 • 1363 Сийлахь олалла
 • 1480 Йуьззина маьршайаьлла Ордах
 • 1547 Паччахьалла кхайкхийна
Хьалха хилларш а, когаметтанигаш а
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ТӀаьхьа XV бӀешо чекхдолуш москохан элийн латтанаш шордаларца а, Ӏедал цхьаьна кара дерхорца а монголех мукъадаьлла Сийлахь-Доккха Москохан олаллах хилира Оьрсийн пачхьалкхан марталлин йукъ. 1547 шарахь Москохан сийлахь эла, йерриг Русин паччахь Иван IV Васильевич тӀеийцира паччахьан дарж. Российн паччахьаллин йукъахь Сийлахь-Доккха Москохан олалла кхин а цхьаьна хенахь лорура ша йолу Ӏарш, цунах олура Москохан пачхьалкх.

Олалла дӀакъастар

бӀаьра нисйан

Хьалхара москохан эла хилира Всеволод III-гӀачун йалхолгӀа кӀант — Владимир, 1213 шарахь иза масех батан охьахиира Москохахь (шен воккхаха волчу вешегара владимиран элера Юрийгара гӀала а йаьккхина). Амма, сихха, москохан волость йухайирзира сийлахь элан махкан йукъа, ткъа Владимир Всеволодович дехьаваьккхира кхин а гӀолечу Переяславль-Къилбехьара махка. 1236 шарахь Владимиран сийлахь элас Юрий Всеволодовича къастийра Москохан олалла шен къуоначу кӀантана Владимирна. Батый тӀелетачу хенахь Москох 1238 шеран 20 январехь талораш дина, йагийна йара, ткъа иза ларйина волу Владимир Юрьевич йийсар вина, 3 февралехь вийра. Москох йуха а йукъаеира сийлахь элан Ярослав Всеволодовичан махкан. Иза 1246 шарахь Ордахь вийначул тӀаьхьа йуха дийкъира Владимиран-Суздалан латтанаш. 1246—1248 шерашкахь Москох долахь йара Михаил Ярославич Хоробритан (и факт хьахийна йац массо а тептаршкахь, лору къовсаме). Амма иза реза вацара шен чолхечу хьолан. 1248 шарахь Михаил тӀелетира коьрта гӀалан Владимиран, эккхийра цигара деваша Святослав Всеволодович, дӀалецира сийлахь Ӏарш, шен вежарий Александр а, Андрей а воцучу хенан. Михаил Ярославич Хоробрита кӀезиг урхалла дира, Ӏай (1248 шеран 15 январехь) иза велира литвахошца Протва эркан бердашца хиллачу тӀамехь. Цуьнах дисинарг Владимирера Успенскан килс дӀадаьхьира. Михаил Хоробрит хилира тӀамехь велла тӀаьххьара оьрсийн сийлахь эла. Цхьацца хаамашца, Михаил веллачул тӀаьхьа висира цуьнан жима кӀант Борис, девешийн Александр Невскийн пурбанца цуьнан долахь дара, Москохан олалла. Борис Михайлович велира 1263 шо доладалале, кхиина а валале.

Александр Невскийн весетаца олалла, оццу 1263 шарахь, делира жимахчу кӀантана — Даниил Александровичан, цуьнан тӀаьхьенашна иза дисира. Даниилан кӀант вара Иван I (Калита)Дмитрий Донскойн деда. Амма оцу заман йохаллехь Москохан олалла йукъахь йара Владимиран Сийлахь-Доккхачу олаллина.

Арахьара политика

бӀаьра нисйан

Москохан элийн цӀа кхоьллина Даниилан заманахь олалло дӀалоцура жима мохк, доза дара Москох эркан бассейнца, Окан тӀевоьдийла а йацара. Шен баккхийчу кӀенташна Дмитрийна а, Андрейна а йукъара Владимирехь эла хӀотторан къовсам чекхболуш Даниил вара Дмитрийгахьа, ордан Дюденан бӀоно йохийра царна йукъахь Москохан олалла а (1293). Сарайн хана Тохтас НогӀийн «дунайн улус» дӀайаьккхинчул тӀаьхьа (1300) москохан гӀуллакхан цхьа дакъа кхечира, хьалха НогӀийн сферин Ӏаткъаман буха хиллачу къилба-оьрсийн латтанашкара элашна[1]. 1301 шарахь Даниила вохийра рязанан эла Константин Романович, йийсар вира иза, дӀалецира Коломна гӀала. 1302 шарахь Даниилан аьтту белира схьайаккха йелла йаьлла Переславль-Залесски, шен бера доцу вешин кӀентан Иван Дмитриевичан весетаца (цул тӀаьхьа кхечира Владимиран олаллан ярлык кхаьчначу Михаил Тверскойн[1]). 1303 шарахь Даниил велира, оццу шарахь цуьнан пхеа кӀентех воккхах верг, Юрий, тӀелетира Смоленскан латтана схьайаьккхира Можайск.

Иван I Калитан Ӏарш йисира Юрийн. Дукхаха болу историкаш (Карамзин, Соловьёв, Иловайский) хьоьжу Калитага «Русь гулйина» хьалхарчуьнга санна, го цуьнгахь доккха пачхьалкхан хьекъал. Кхин ойла йу В. И. Сергеевичан: Иван Калитас, цуо дийцарехь, «Москохан декъан цхьацца латтанаш тӀетоьхна; иза хила тарло, амма изза дира цул хьалхарчу шиммо а, цундела бахьна дац цунах «Русь гулйина» хьалхарчуьнга санна хьежа». Иза хилла сеццина «олалла элан долара бахам гаран ойла дӀахьуруг, цуьнан йерриг пачхьалкхана дуьхьала долу зулмашца, амма ца хилла Москохан пачхьалкхан ницкъ гулбийриг»[2].

Д. И. Иловайскийн хетарехь, Калита Иван волуш москохан латтан «йукъадодара дерриг дохаллехь Москох эрк, гӀаланашца Можайск, Звенигород, Москох, Коломна; иза баьжина бара кхин дӀа Коломнин тӀера Окаца хьала къилба-малхбузехьа, гӀаланашца Кашира а, Серпухов а, ткъа къилбаседа-малхбалехьа Москохан латтанаш дӀалоцура ИйдалтӀиен дакъа, цунна чуйогӀура Ийдалан гӀаланаш Углич а, Кострома а. Уьш генна дехьабевлира Ийдалан къилбаседа агӀоне; Калитас ийцира къиенбеллачу меттигерачу элашкара Углич, Галич Мерски а, Белозерск а»[3]. В. И. Сергеевича чӀогӀа шеконе дохку Калита Иванан тӀейаздина латташ эцар, хӀунда аьлча, цуьнан весет йукъахь йац Галич а, Белоозераш а, Углич а; йац уьш цуьнан кӀентийн весеташкахь а, дуьххьара и гӀаланашна олалла ца до Дмитрий Донскойс бен[4]. Не упоминается в завещании и Переяславль-Залесский, который с этого времени входит в состав Владимиро-Суздальского княжества[5].

Оцу хенахь тверан а, рязанан а элаша барт бо москохан элаца, цхьабосса бакъо йолу бартхоша санна. Цара Ордаца а йукъаметтиг лелайо, шешша дӀайохьуьйту цига ясакх. Рязанан элех олура сийлахь элий. Тверан элаша 1382 шо кхаччалц къовсам латтийра москохан элашца Владимиран сийлахь олалла дезаш, ткъа 1382 шарахь дуьйна ду Сийлахь Тверан олалла. Дмитрийн Михаилца хиллачу бертаца (1375 шо) гӀезалойх лаьцна дуьйцура: «хир дуй вай гӀезалошца машарехь, арабовлуьйтур бу уьш йа бац — вайх дозуш ду; нагахь гӀезалой тӀелатахь тхуна йа хьуна, тӀом цхьаьна бан беза; тхо царна тӀелатахь, тӀаккха хьо а тхойца ван веза»[6]. Наггахь тверан элан ца ваьлла ала дезаш хуьлура москохарчу элех воккхаха волу ваша, амма оцу хенахь башха маьӀна а, тӀаьхьало а йолуш хӀума дацара иза. ТӀелатарх дийцича барт йукъахь массара а йаздеш дара, нагахь москохан эла говр тӀехаахь, барт беш волу эла а хаавеза говр тӀе; нагахь москохан эло воевода вахийтахь, тӀаккха барт бен эло а вахийта веза. Амма Дмитрий Донскойца болчу бертаца тверан эла говр тӀехаа декхарийлахь ву, нагахь сийлахь элан шича Владимир Андреевич арене валахь а. Тверан элан Михаил Александровичан Василий Дмитриевичца болчу бартаца москохан эла тӀелеташ, дерриг тӀелатаран декхарш тӀап олий дов. Рязанан Олег Ивановича ша москохан элан «жимха ваша» хилар тӀелаьцна 1381 шарахь, амма 1385 шарахь схьайаьккхина Москохера Коломна гӀала; 1387 шарахь йерриг Русин митрополитан Ӏаткъамца рязанхоша йухайерзийра Коломна москохахошна, «гуттаренна машаран» цхьабосса бакъонаш йолу барт бира.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 БРЭ, том «Россия», с.279
  2. «Юридические Древности»;, см. т. I, стр. 52
  3. «История России», т. II, стр. 24
  4. «Юридические Древности», т. I, стр. 53 — 55
  5. «Юридические Древности» I, 58 — 59
  6. «Собр. Госуд. Гр. и Догов.», I, № 28

Литература

бӀаьра нисйан

Кроме общих сочинений по русской истории:

  • Сергеевич В. И. Лекции, исследования и заметки по истории русского права
  • Сергеевич В. И. Русские юридические древности
  • Владимирский-Буданов М. Ф. Обзор истории русского права
  • Станкевич Н. В. О причинах постепенного возвышения Москвы // Учёные записки Московского университета, 1834.
  • Вешняков В. О причинах возвышения Московского княжества. — СПб., 1851.
  • Соловьёв С. М. Взгляд на историю установления госуд. порядка в России до Петра Великого // Сочинения. — СПб., 1882.
  • Костомаров Н. И. Начало единодержавия в России // Монографии, т. XII и «Вестник Европы», 1870, 11 и 12.
  • Полежаев П. В. Московское олалла в первой половине XIV века. — СПб., 1878.
  • Кузьмин А. Г. Объединение княжеств Северо-Восточной Руси вокруг Москвы. Архивйина 2022-09-21 — Wayback Machine
  • Забелин И. Е. Взгляд на развитие М. единодержавия. // «Исторический Вестник», 1881, № 2—4.
  • Самоквасов Д. Я. Главнейшие моменты в государственном развитии древней Руси и происхождение Московского государства // «Варшавские университетские известия», 1886, № 1—3.
  • Самоквасов Д. Я. Происхождение Московского государства // там же, 1886, № 3.
  • Дьяконов М. А. Власть Московских государей. — 1889.
  • Градовский А. Д. История местного управления в России. — СПб., 1868.
  • Ключевский В. О. Боярская дума древней Руси. — М., 1882.
  • Загоскин Н. П. Очерки организации и происхождения служилого сословия в допетровской Руси. — Кеп:Каз., 1876.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан