ГӀурбанан Ӏийд

бусалбанийн шина Ӏийданах цхьаъ
(ГӀурбан Ӏид тӀера хьажжина кхуза)

ГӀӯрбанан Ӏӣйд (Ӏаьр. عِيدُ الْأَضْحَى‎‎ Ӏийдул-азхьа̄) — иза бусалбанийн шина Ӏийданах цхьаъ ду (важа Ӏийд — Марха досту Ӏийд ду), иза Ӏарафат дийнахь латтар чекхдаьллачул тӀаьхьа, зул-хьижжатан 10-чу дийнахь нисло, бусалба хьажой шена чохь лаьтта меттиг йу иза, хьаьжан коьрта белхаш кхочушдархьама, ткъа иза чекхдолу зул-хьижжатан 13-чу дийнахь. Иштта хӀара Ӏийд ИбрахӀим пайхамаран дийцар дагалацар лоруш а ду, цунна гӀан гинчу хенахь, шен кӀантана ИсмаӀилна гӀурбанна урс хьакха аьлла Дала омрадеш. Цундела кху дийнахь бусалбанаш Далла гергабоьду цӀерачу дийнатех цхьанна урс хьакхарца а (уьстагӀ йа йетт йа эмкал), гӀурбанан жижиг доьзална а, гергарчарна а, мискачарна а дӀасадекъарца а, цундела аьлла цунах ГӀурбанан Ӏийд.

ГӀурбанан Ӏийд
Ӏаьр. عيد الأضحى‎‎
БадшахӀи маьждигехь Ӏийд-ламаз, Пакистан
БадшахӀи маьждигехь Ӏийд-ламаз, Пакистан
Тайпа исламан
Даздо бусалбанаша
Терахь 10 зул-хьижжат
2024 шарахь 16 июнехь
Даздар маьждигехь
Доьзна ду хьажца
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьостанаш

бӀаьра нисйан