Исма̄Ӏил (Ӏаьр. ُإِسْمَاعِيل‎‎‎‎) — иза исламан пайхамарех а, Ӏаьрбийн пайхамарех а цхьаъ а, Макка гӀала ваийтина элча а, ИбрахӀим пайхамаран воккхах волу кӀант а ву. Ткъа жуьгталлехь а, насараллехь а Ширачу Весет чохь хьахийна историн стаг лоруш ву иза. Иза ИсмаӀилхойн Ӏаьрбийн тайпанан да лоруш ву, вуьшта аьлча, къидархойн а, набатӀхойн а, Ӏаднанхойн а Ӏаьрбийн. Иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ дедайх лоруш ву.

ИсмаӀил
Ӏаьр. إسماعيل‎‎
Аз-Забихь, Садикъул-ваӀд, аль-ГӀуламул-Хьалим, Абул-Ӏараб
Вина терахь в. э. хилале хьалха 1910
Вина меттиг Шема-мохк
Кхелхина терахь в. э. хилале хьалха 1773
Кхелхина меттиг Макка
ДӀавоьллина меттиг Аль-Хьарам маьждиг, Макка, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Къам, некъе Ӏаьрбий
Да ИбрахӀим
Нана ХӀажар
Зуда Bint Al Madad
Силсила ИсмаӀил ибн ИбрахӀим ибн Тарахь ибн Нахьур ибн СаругӀ ибн РаӀу ибн ФалигӀ ибн Ӏабир ибн Шалихь ибн Арфахшад ибн Сам ибн Нухь
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла

Дахар дӀайаздар

бӀаьра нисйан

Къуръан чохь

бӀаьра нисйан

ИбрахӀим пайхамар шен зудчуьнца Саратца а, шен вешин кӀантаца ЛутӀаца а Бабилера дӀавахара, шен халкъо шеца мостагӀалла лелийначул тӀаьхьа, цара Далла Ӏибадатдаран кхайкхам тӀе ца эцначул тӀаьхьа. Цундела иза Шема-махка дӀа а вахана, цигахь висира. Цул тӀаьхьа Шемахь йокъа хӀоттира, цундела иза шен зудчуьнца Мисаре дӀавахара. Мисар-мехкан паччахьо хаза куц-кеп долу зударий лоьцуш хилла, уьш маре балахь, церан марош бойъуш хилла цо. ИбрахӀим шен хаза куц долчу зудчуьнца Саратца схьакхаьчна аьлла хезча, паччахьна иза шен долахь хилар лиира, цундела цо ИбрахӀим схьакхайкхира, цуьнца йолчу йукъаметтигах лаьцна хатта, ИбрахӀима жоп делира: «Сан йиша йу иза» — аьлла, ша цуьнга ца вейта. Паччахьо ИбрахӀиме хеттарш дина ваьлча, Сарат тӀекхайкхира, ткъа иза паччахь волчу чуйалале, ИбрахӀима дийцира цуьнга паччахьца шена хилларг а, цо иза шен йиша йу алар харц а ма де аьлла (ткъа динехь иза цуьнан йиша йу). Сарат паччахь волчу чоьхьайаьлча, цунна вон дан лиира цунна паччахьна, цо шен куьг кховдийра цуьнга, ткъа Дала паччахьан вонах ларйира иза. Цо цунна тӀе куьг мосазза кховдадо, садукъалора цунна. Цо цуьнга Везачу Деле доӀа дар доьхура лазам дӀабаккха аьлла. Кхузза йухаялийна цо иза, шена иза шайтӀа ду мотталц. Цундела цо омра дира иза арайаккхарца а, «ХӀажар» цӀе йолу шен лай цунна йаларца а. ТӀаккха ИбрахӀим а, цуьнан зуда а, цуьнан йалхо а Шема-махка йухабирзира.

Сарат бер ца хуьлуш йара. Цундела цо хьехар дира ИбрахӀиме ХӀажар маре а йалайе, цуьнга шена доьзалхо а вайта аьлла. ИбрахӀима и кхочушдира, цул тӀаьхьа ХӀажара цунна кӀант вира «ИсмаӀил» цӀе а йолуш. Иза дуьнен чу ваьллачул тӀаьхьа, Дала ИбрахӀимна тӀедиллира ХӀажар а, ИсмаӀил а схьа а эций, Маккара ХьаьжцӀа долчу дӀадига аьлла.

Хьостанаш

бӀаьра нисйан