Дарбане аларт
Да́рбане а́ларт йа Даку йа За́збохь (лат. Melilótus officinális) — Кхоьшан доьзалера Аларт тайпана кепара шинашеран бецан орамат[1].
Дарбане аларт | |||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||||
Melilotus officinalis (L.) Lam. | |||||||||||||||||||||
|
Схьаялар
бӀаьра нисйан
Ботаникан сурт хӀоттор
бӀаьра нисйанЧӀогӀа кумаринан хьожа ю.
Орам чӀу кепара.
Кхуьу нисса лаьтта 1—1,5 м лекха геннийн гӀадца (культурехь 1,5—2 м)[2].
ГӀаш кхоккха цхьаьна долу. ГӀаш ланцетан, йисташкахула цергаш а йолуш. ГӀан дечиган бух тӀехь — дийнна йа цергаш йолуш жима гӀа (дикка жима ду гӀашшала) хуьлу. Йуккъера гӀа ехо гӀаж тӀехь хуьлу, агӀон тӀиерачарал.
Зезагаш деха а, готта а, чоьхьара а, тӀехулара а семса, кенашкахь кегийра, охкаделла, можа. Кедалг пхи церг йолуш бу. Заза поллакепара. Зезаг чохь 10 дургал, царах 9 тӀеттӀалетта хьасанашца 2⁄3, цхьаъ — паргӀата ю. Зазадоккху — июнехь—сентябрехь. Заза долу кӀайн алартал масех де хьалха. Заза долу цхьана баттал сов.
Дургалан кӀа кхо харш долуш, эллипс кепара ду. КӀен муцӀараллера дохалла 24—34 мкм, экваторан диаметр 19,8—27,2 мкм. Экваторера дуьйна эллиптикан ду. Харшнаш 2,5—3,8 мкм шуьйра ду, деха, гомачу йисташца, ирйина йа артйина юьхьигашца, полюсашкахь цхьаьна ца кхета. Харшнийн мембрана кӀен кепара ю. Экзина 1—1,3 мкм стомма ю. Мэкзина полюсашкахь юткъа ю, экваторехь хершнаш уллехь 0,4 мкм стамма ло. Скульптура юткъа, бой кепара, тайп-тайпана бен болуш, бенийн уггаре йоккха диаметр 1,8—2 мкм, уггаре жима — 0,4—0,5 мкм. Дургалан бос можа[2].
Кхоьш кегийра (3—4 см), ерзина, цхьаъ – цулла а кӀезиг шиъ хӀу долуш, лакхахь артйина, кхуьу августехь.
Кхуьу меттигаш
бӀаьра нисйанАреал — континенталан Европа, Жима а, Йуккъера а Ази, Кавказ. Чуеана Британин гӀайренашна тӀе, Керла Зеланде, Къилбаседа Америке, Къилба Америкин къилбан йистте, дика тӀе а эцна уьш.
Россехь массанхьа а кхуьу.
Йолу яьсса меттигашкахь, дӀатесна меттигашкахь, бай тӀехь, некъашна йисттехула, боьранашчохь.
Наггахь культиваци йо.
Цкъацца йовлу кӀайн алартца ийна, цу шиннен а тера морфологи ю, къаьста кӀайн зезагца а, хебаршка ихина кхоьшца а.
Ӏалашъяран статус
бӀаьра нисйанБахамехь иэшар а, лелаяр а
бӀаьра нисйанДарбане аларт — чӀогӀа дика даьхнийн йол ю[1].
Латта тодийриг. Лелайо баьццара латтахьандийриг санна.
Моздерг. Алартан моз лору дикачех, къаьста хазачу чомаца. И моз сирла-янтаран йа кӀайн басахь гӀийла тамехь хаза хьожанца, ванильчух тера хьожа. Цуьнца ду 39,59 % фруктозаш а, 36,78 % глюкозаш а. Цхьаьна гектар тӀиера акха яьлла дарбанен алартан дургалх, накхарш доккху 200 кг моз[2], ткъа цхьаьна гектар культурин алартах — 600 кг[3]. Ло дуккха а дика дургал а[2].
Дарбане аларт — хьожа тойийриг ю цхьацца дааран а, тонкан а[1], иза туху цхьадолчу водкан марканашна («Цельсий», «Украина»).
Дарбанан аьргалла санна лелайо алартан буц (лат. Herba Meliloti). Цуьнца ду 0,4—0,9 % кумарин, кумаран мусталла, дикумарол, мелилотин, эфиран даьтта, маза[4]. Дарбане алартан препараташ лелайо энашна тӀехулара тӀерадаккхаран а, карзахдаккхаран а гӀирс санна. Аларт юкъайогӀу ноткъа йича тӀехулара кӀадъяран лахьорашна. Кумарино Ӏаткъам бо центран нервийн системан, пхенаш ийзадарна, наркотикан Ӏаткъам а бу цуьнца, цундела алартан препараташ лелайо пхенаш ийзош, стенокардин, коронаран пхенийн тромбозан. Кумарино аьтту бо лейкоцитийн барам айа зӀенаран терапийх лейкопени йолуш цомгушчеран[5].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 Ботанический словарь. Справочная книга для ботаников, сельских хозяев, садоводов, лесоводов, фармацевтов, врачей, дрогистов, путешественников по России и вообще сельских жителей / Составил Н. Анненков. — СПб.: Тип. Имп. Акад. наук, 1878. — С. 212—213.
- ↑ 1 2 3 4 Бурмистров А. Н., Никитина В. А. Медоносные растения и их пыльца: Справочник. — М.: Росагропромиздат, 1990. — С. 55. — 192 с. — ISBN 5-260-00145-1.
- ↑ Кратко о популярных сортах меда — Пчеловодство. РУ Архивйина 2008-01-11 — Wayback Machine.
- ↑ Блинова К. Ф. и др. Ботанико-фармакогностический словарь: Справ. пособие / Под(ТӀе цакхочу хьажорг) ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 185. — ISBN 5-06-000085-0.
- ↑ Атлас лекарственных растений СССР / Под ред. Цицина Н. В.. — М.: Медгиз, 1962. — С. 162.
Литература
бӀаьра нисйан- Губанов И. А., Киселёва К. В., Новиков В. С., Тихомиров В. Н. Иллюстрированный определитель растений Средней России. — М.: Т-во научных изданий КМК, Ин-т технологических исследований, 2003. — Т. 2. — С. 455. — ISBN 5-87317-128-9.
- Бурмистров А. Н., Никитина В. А. Медоносные растения и их пыльца: Справочник. — М.: Росагропромиздат, 1990. — С. 55. — 192 с. — ISBN 5-260-00145-1.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан
ХӀара ботаникех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |