Да́рбане ба́ппа (лат. Taráxacum officinále) — Седа-зезагийн (Asteraceae) доьзалера уггаре йевза Баппан тайпанара кеп.

Дарбане баппа
Майхь баппанаш заза даккхар
Майхь баппанаш заза даккхар
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Taraxacum officinale
(L.) Webb ex F.H.Wigg., 1780[1]
Синонимаш
  • Leontodon taraxacum L.
  • Taraxacum dens-leonis Desf.
  • Taraxacum vulgare Schrank
Дочерние таксоны
  • Taraxacum officinale var. lapponicum Kihlm.
«Köhler’s Medizinal-Pflanzen» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1887

Ботаникан сурт

бӀаьра нисйан

Дарбане баппа — дукха шерийн бецан орамат ду, локхаллехь 30 см а долуш, кӀезиг геннаш долу 2 см стомма, 60 см беха чӀу кепара орамца, лакхарчу декъехь хуьлу боца, масех корта болу орам.

Баппан гӀаш дерзина ду, пелаган-хедийна йа дийна, ланцетан йа уозийна деха-ланцетан, цергаш йолуш, дохаллехь 10—25 см, шораллехь 1,5—5 см, гулдина ораман бошхӀапе.

МаргӀалан цамза мутт йолуш, цилиндркепара, йукъахь йаьсса, чеккхенгахь цхьала тускарца меттан стие а, боьрша а 5 см диаметр йолу къегина-можа зезагца. Зезаган кедалг берзина, экъа, кӀаьгнаш долуш.

Зезаган формула:   [2].

ХӀу — лаьтта сира-боьра урчакх кепара, геннаш доцу кӀайн месийн кӀужалца болу буьртигах. ХӀун буьртиг гӀийла тӀелатийна бу зезаган кедалган, цундела атта мохо дӀасахьо.

Ораматан дерриг дакъошкахь йу юькъа кӀайн чомана къаьхьа шурийн мутта.

Заза доккху баппо майхь—июнехь, наггахь хаало гуьйренан заза даккхар а, хӀу доккху — май чеккхенгара июль кхаччалц.

 
 
 
 

Дарбане баппа — чӀогӀа йаьржинчех цхьа орамат йу, ша-кепара хьун-аренан зонехь. Кхуьу байн тӀехь, анашкахь, некъан йисташкахула, дежийлашкахь, хӀусамашна гергахь, дукха хьолахь асар кепара арахь, бошмашкахь, хас-бошмашкахь, паркашкахь, Российн европин декъехь, Украинехь, Белоруссехь, Кавказехь, Молдавехь, Днестрйистехь, Йуккъерачу Азехь, Сибрехахь, Генарчу Малхбузехь, Сахалинехь, Камчаткехь.

 
Южно-Сахалинскера дукха хӀусамийн цӀийнан кертара баппан зезаг.

Химин хӀоттам

бӀаьра нисйан

Ораматан шурийн муттаца ду тараксацин а, тараксацерин, 2—3 % каучукан хӀуманаш а, ткъа баппан зазаца а, гӀашца а — тараксантин, флавоксантин, витаминаш С, А, В2, Е, РР, холин, сапонинаш, силмаш, туьханаш марганцан, эчиган, кальцийн, фосфоран, 5 % кхаччалц иза яа магош йолу белок. Баппан орамашца ю[3][4][5][6] тритерпенин зӀенаш: тараксастерол, тараксерол, псевдотараксастерол, β-амирин; стеринаш: β-ситостерин, стигмастерин, тараксол; углеводаш: 40 % кхаччалц инулин; хьена даьтта, шена йукъахь глицеридаш пальмитинан, мелиссан, линолан, олеинан, церотинан мусталлаллаш долу; каучук, белок, мазанаш, силмаш, кхина а. Зазан тускарш чохь карийна тараксантин, флавоксантин, лютеин, тритерпенин спирташ, арнидиол, фарадиол.

Пайда иэцар

бӀаьра нисйан
 

Дарбанан Ӏалашонна леладо орамаш (лат. Radix Taraxaci), гӀаш, буц, мутта. ГӀаш а, буц а, мутта а гулдо июнехь, орамаш — хьалхха бӀаьста йа тӀаьхьа гурахь гӀаш дакъалучу муьрехь, дакъадо дакъоргашкахь температура 40—50 °С йолуш.

БӀаьста заза доккхучу хенахь накхаршна ло дукха дургал-обножкаш, шена чохь алсама шекар, белок, даьттанаш долу. Баппан тӀиера дургал накхарш лахьадо кӀезиг а, муьлххачу хенахь а ца лахьадо[7].

Орамато стим тотту, дагар охьадоккху, чоьна до, шет йоккху, са паргӀат доккху, тӀехебарш дӀадоху, гӀеххьа набаран Ӏаткъам а бо.

Орамийн а, гӀашшан а басаро кхача ахьар, юург яа дог дар, йукъара метаболизм тайо, бер дакхочу зудчунна шура йоссайо, организме гӀора доуьйту.

Биологин жигара хӀуманаш хилар бахьнехь баппан дуарган худар сиха чекхдолу чуьйраш чухула, цуо гӀодо чуо юкъйелчи совсаран процессаш лагӀъеш.

Баппа Ӏамош химин-фармакологин эксперименташца чӀагдина йовхарийн цамгарна, вирусашна, фунгицидашна, гельминташна, канцерогенашна, диабетан дуьхьала хьолаш хилар.

Баппа дика ду диабетан, гӀийлачун гӀора доуьйту, анемин дарба ду.

Баппан дакъийначу орамех йаьккхина хӀур лелайо организмера зуламе хӀуманаш хьацарца а, хьатӀца а араяхар чӀагӀдеш, склерозан, энийн цамгарна, энашна дуьхьала.

Чорпа, юькъа экстракт йу, лелайо зорхан екхоан секрецин къахьо чӀагӀъеш а, стимтаттаран молха[8] санна а.

Халкъан медицина

бӀаьра нисйан

Баппа леладо гепатитан, холециститан, стимтӀулгийн цамгаран, маждаран, гастритан, колитан, циститан дарбанна, аппетит а, кхача ахьар а тодеш, чуо йукъйаларна, метеоризман, ткъа иштта кийрахь нӀаьна барна а дуьхьала.

Керла гӀаш а, гӀашшах даьккхина мут а лелийча дика хуьлу атеросклерозан, чкъоьран цамгаршна, С авитаминозна, анемин. Бецан орамашца цхьаьна даьккхина басар леладо доӀахан, стиман ахкарган, дестаран, хи хӀоттаран, хьоткъан ахкарган цамгаран, гоьта-лазаран тайп-тайпанчу цамгаршна. Бецан басар леладо авитаминозехь, ткъа кхин а тайп-тайпанчу дегӀан чкъоьран лазаршна леладо: кхартан, босбуурган, ӀаьржбӀаьрган.

Цийн халкъан медицинехь ораматан дерриг дакъош леладо дагар охьадоккхуш, хьацар доккхуш, йукъара гӀора доуьйту гӀирс санна, ткъа юург ца езачун, лаьхьуо катоьхначун, бер дакхочу зударшна шура йоссийтархьама, екхоаш шелъярна, ӀаьржбӀаьргашна, кхин чкъоьран цамгаршна а леладо.

Баппа иштта леладо молуш а, тӀехула хьокхуш ӀаьржбӀаьргашна, даӀна, чкъоьран кхартана. Баппан орамийн даьттан настойка лелайо вагорна, ткъа чхьинташна а, ахкаргашна а меттиг тӀе ораматан шуран мут хьокху.

Наггахь даьӀнашна хьакхар кечдо баппан орамийн хӀурах а, мозах а, 1:2 барамца.

Кхачанехь

бӀаьра нисйан

Баппа дукха генара дуьйна кхачан леладо тайп-тайпанчу къаьмнаша, иза дуура ширачу цийхоша а, Американн континент тӀе дуьххьара хевшинчара а.

Цуьнан къуона гӀаш леладо борщах а, салатах а тухуш, Европехь юхку французийн цӀе йолуш «писанли»[9] (цу тӀе гӀаш 30—40 минотан туьхан берамал духку, церан къохьалла дӀаяккхархьама), баппан зезагех варени кхехкайо, чагӀар доккху, делладеллачу зезагах кечдо «баппан моз», ткъа кхаьрзинчу ороамех — кофен суррогат. Кхехкийна гӀаш леладо шпинат санна[9].

Британин гӀайренаш генарчу заманара дуьйна кечдо гӀарадаьлла ингалсахь баппан зезагах даьккхина. Оцу чагӀарна эшар йаьккхина Р. Брэдберис шен повестехь «Баппах даьккхин».

Цхьацца пачхьалкхашкахь гӀаш чудухка, копaста санна, берамал духку бӀаьстенан гӀаш.

Косметика

бӀаьра нисйан

Баппа шуьйра гӀарадаьлла леладо халкъан косметикехь а: цуьнан керла гӀашшах йина маскано тӀунйо, къонйо, оьшу даар латтадо чкъоьран, ткъа зезагийн басаро кӀайн до тӀедарчий а, пигментийн кӀайдаргаш а.

Кхин хаамаш

бӀаьра нисйан
  • Баппо горгали къевлачи — догӀане. Халкъан терго.[10]
  • Дешин бӀаьрг мелхан тӀехьоьжу, малх оьгӀазе хьаьжчи — бӀаьрг къовлало. (хӀетал-метал)

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Primitiae Florae Holsaticae(испан.) 56. 1780.
  2. Барабанов Е.И. Ботаника: учебник для студ. высш. учеб. заведений. — М: Издательский центр «Академия», 2006. — С. 348. — 448 с. — ISBN 5-7695-2656-4.
  3. Тринус Ф. П. Фармакотерапевтический справочник. — 6-е изд. — Киев: Здоровья, 1989. — 640 с.
  4. Ивашин Д. С. и др. Лекарственные растения Украины (справочник для сборщика и заготовителя). — К.: Урожай, 1978. — 320 с.
  5. Телятьев В. В. Целебные клады Восточной Сибири. — Иркутск: Восточно-Сибирское книжное издательство, 1976.
  6. В. С. Ягодка. Лекарственные растения в дерматологии и косметологии. — Киев: Наукова думка, 1991. — 272 с.
  7. Абрикосов Х. Н. и др. Одуванчик // Словарь-справочник пчеловода / Сост. Н. Ф. Федосов. — М.: Сельхозгиз, 1955. — С. 223.
  8. Блинова К. Ф. и др. Ботанико-фармакогностический словарь : Справ. пособие / Под ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 217. — ISBN 5-06-000085-0.
  9. 1 2 Дикие съедобные растения / Под ред. акад. В. А. Келлера; АН СССР; Моск. ботан. сад и Ин-т истории матер. культуры им. Н. Я. Марра. — М.: б. и., 1941. — С. 32. — 40 с.
  10. Стрижёв А. В. Календарь русской природы. — 3-е изд., перераб. — М.: Моск. рабочий, 1981. — С. 209.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан