Дешин буьрка (France Football)

ХӀокху версин 3 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 10 январь).

«Дешин буьрка» (фр. Ballon d'Or) — хӀора шеран футболан совгӀат, кхин а девза Европера шеран уггаре дика футболистан (инг. European Footballer of the Year) цӀарца. Ло хӀора шарахь дика лаьррачу футболистан. СовгӀат кхоьллина France Football журналан коьртачу редакторо Ано Габриэла, цуо дийхира шен белхан накъосташка Европера шеран уггаре дикачу ловзархочун кхаж тасар 1956 шарахь. Дуьххьара совгӀат даьккхинарг хилира «Блэкпул» йукъара Стэнли Мэтьюз[3]. [4][5]

Дешин буьрка
Мохк
Тайпа спортан совгӀат
Хьан ло France Football[1]
Статистика
Кхолларан терахь 1956[2][1]
Сайт francefootball.fr/…(франц.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Йуьхьанца журналистийн Европехь клубашкахь ловзу европин ловзархошна бен кхаж таса йиш йацара, цундела Марадона Диего а, Пеле а санна футболисташна и совгӀат ца далалора[6]. 1995 шарахь бакъонаш хийцаелира: хӀинца совгӀат даккха таро йара муьлххачу къоман футболистан, нагахь иза европин клубехь ловзуш велахь. Европера воцу дуьххьарлера совгӀат даьккхина футболист оццу шарахь хилира «Миланан» ловзархо Веа Джордж[7]. 2007 шарахь бакъонаш йуха а хийцаелира: хӀинца «Дешин буьрка» яккха таро йара муьлххачу къоман, дуьненан муьлххачу клубан ловзархочун. Иза бахьнехь толамхо билгалвоккху журналистийн барам а тӀетуьйхира: Европин 52 журналистех, дерриг дуьненан 96 журналист хилира, цара билгалвоккху пхиъ уггаре дика шеран футболист[8].

2010 шарахь совгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА шеран ловзархо» а цхьаьнатуьйхира «ФИФА Дешин буьрка» цӀе а туьллуш. Дуьххьара оцу совгӀатан да хилира Месси Лионель[9]. 2016 шеран сентябрехь ФИФАс сацийра накъосталла France Football журналца «Дешин буьрканца» йолчу агӀора. Оцу хенахь дуьйна совгӀатах йуха а «Дешин буьрка» олу, иза France Football журнало ло[10]. ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Месси Лионель[11].

«Дешин буьрка» совгӀат уггаре дукха, кхузза, делира веа футболистан: Кройф Йоханан, Платини Мишелан, ван Бастен Маркон, Криштиану Роналдун (Платини бен вац и совгӀат кхаа шарахь тӀекӀел, 1983 – 1985 шерашкахь, и совгӀат даьккхинарг[3]). СовгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА Дешин буьрка» а уггаре дукха даьккхинарг, ялхазза, Месси Лионель[12] ву. Цул сов, Мессин бен ца дела и совгӀат деазза тӀекӀела, 2009 – 2012 шерашкахь.

1997 шарахь «Дешин буьрка» йаьккхира Роналдос, иза дуьххьарлера бразилихо хилира и совгӀат даьккхина[7]. Уггаре дукха совгӀат даьккхина немцойн футболисташа: Германера пхеа ловзархочо йаьккхина ворхӀ «Дешин буьрка». Кевнахойх Яшин Лев бен вац и совгӀат даьккхинарг; иза хилира 1963 шарахь.

2020 шарахь исторехь дуьххьара «Дешин буьрка» ца елира цхьанне а, хӀунда аьлча пандеми COVID-19 бахьнехь совцийнера берриг баккхий дуьненайукъара къийсамаш, царна йукъахь ЕВРО-2020, ткъа цхьа могӀа къаьмнийн хьалхеяккхарш совцийнера я чекхйаьккхинера хеназа[13].

Толамхойн исписка

бӀаьра нисйан
 
Месси Лионель — тӀаьххьара «Дешин буьрка» йаьккхинарг.
Шо Мохк Ловзархо Клуб Билгалдахарш Позици
Дешин буьрка France Football (1956—2009)
1956   Ингалс Мэтьюз Стэнли   Блэкпул Форвард
1957   Испани Ди Стефано Альфредо   Реал Мадрид [1957] ТӀелатархо
1958   Франци Копа Раймон   Реал Мадрид ТӀелатархо
1959   Испани Ди Стефано Альфредо   Реал Мадрид ТӀелатархо
1960   Испани Суарес Луис   Барселона Ахтурсло
1961   Итали Сивори Омар   Ювентус [1961] ТӀелатархо
1962   Чехословаки Масопуст Йозеф   Дукла (Прага) Ахтурсло
1963   ССРС Яшин Лев   Динамо (Москох) Кевнахо
1964   Шотланди Лоу Денис   Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
1965   Португали Эйсебио   Бенфика (Лиссабон) ТӀелатархо
1966   Ингалс Чарльтон Бобби   Манчестер Юнайтед Ахтурсло,

ТӀелатархо

1967   Мажаройчоь Альберт Флориан   Ференцварош ТӀелатархо
1968   Къилбаседа Ирланди Бест Джордж   Манчестер Юнайтед Ахтурсло
1969   Итали Ривера Джанни   Милан Ахтурсло
1970   ФРГ Мюллер Герд   Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1971   Нидерландаш Кройф Йохан   Аякс ТӀелатархо
1972   ФРГ Беккенбауэр Франц   Бавария (Мюнхен) Турсло
1973   Нидерландаш Кройф Йохан   Барселона [1973] ТӀелатархо
1974   Нидерландаш Кройф Йохан   Барселона ТӀелатархо
1975   ССРС Блохин Олег   Динамо (Киев) ТӀелатархо
1976   ФРГ Беккенбауэр Франц   Бавария (Мюнхен) Турсло
1977   Дани Симонсен Аллан   Боруссия (Мёнхенгладбах) ТӀелатархо
1978   Ингалс Киган Кевин   Гамбург ТӀелатархо
1979   Ингалс Киган Кевин   Гамбург ТӀелатархо
1980   ФРГ Румменигге Карл-Хайнц   Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1981   ФРГ Румменигге Карл-Хайнц   Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1982   Итали Росси Паоло   Ювентус ТӀелатархо
1983   Франци Платини Мишель   Ювентус Ахтурсло
1984   Франци Платини Мишель   Ювентус Ахтурсло
1985   Франци Платини Мишель   Ювентус Ахтурсло
1986   ССРС Беланов Игорь   Динамо (Киев) ТӀелатархо
1987   Нидерландаш Гуллит Рууд   Милан [1987] Ахтурсло
1988   Нидерландаш Ван Бастен Марко   Милан ТӀелатархо
1989   Нидерландаш Ван Бастен Марко   Милан ТӀелатархо
1990   Германи Маттеус Лотар   Интернационале Турсло,

ахтурсло

1991   Франци Папен Жан-Пьер   Олимпик Марсель ТӀелатархо
1992   Нидерландаш Ван Бастен Марко   Милан ТӀелатархо
1993   Итали Баджо Роберто   Ювентус Форвард
1994   Болгари Стоичков Христо   Барселона ТӀелатархо
1995   Либери Веа Джордж   Милан [1995] ТӀелатархо
1996   Германи Заммер Маттиас   Боруссия (Дортмунд) Турсло,

Ахтурсло

1997   Бразили Роналдо   Интернационале [1997] ТӀелатархо
1998   Франци Зийнаддин Зидан   Ювентус Ахтурсло
1999   Бразили Ривалдо   Барселона ТӀелатархо
2000   Португали Фигу Луиш   Реал Мадрид [2000] ТӀелета

ахтурсло

2001   Ингалс Оуэн Майкл   Ливерпуль ТӀелатархо
2002   Бразили Роналдо   Реал Мадрид [2002] ТӀелатархо
2003   Чехи Недвед Павел   Ювентус Ахтурсло
2004   Украина Шевченко Андрей   Милан ТӀелатархо
2005   Бразили Роналдиньо   Барселона Ахтурсло,

ТӀелатархо

2006   Итали Каннаваро Фабио   Реал Мадрид Турсло
2007   Бразили Кака   Милан ТӀелета

ахтурсло

2008   Португали Криштиану Роналду   Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
2009   Аргентина Месси Лионель   Барселона ТӀелатархо
2010—2015 шерашка хьажа Дешин буьрка ФИФА
Дешин буьрка France Football (2016 шарахь дуьйна)
2016   Португали Криштиану Роналду   Реал Мадрид ТӀелатархо
2017   Португали Криштиану Роналду   Реал Мадрид ТӀелатархо
2018   Хорвати Модрич Лука   Реал Мадрид Ахтурсло
2019   Аргентина Месси Лионель   Барселона ТӀелатархо
2020 ДӀадаьккхина пандеми COVID-19 бахьнехь[14]

Таблицин комментареш

бӀаьра нисйан

1957.   Ди Стефано Альфредо Аргентинехь винехь а, 1956 шарахь цунна испанин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Испанин гулйина командехь.[15]

1961.   Омар Сивори Аргентинехь винехь а, 1961 шарахь цунна италин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Италин къоман гулйина командехь.[16]

1973.   Кройф Йохан «Аяксера» дехьавелира «Барселоне» 1973 шеран юккъехь.[17]

1987.   Гуллит Рууд ПСВ йукъара дехьавелира «Милан» йукъа 1987 шеран юккъехь.[18]

1995.   Веа Джордж «Пари Сен-Жермен» йукъара дехьаваьлла «Милан» йукъа 1995 шеран юккъехь.[19]

1997.   Роналдо «Барселонера» дехьаваьлла «Интернационале» 1997 шеран юккъехь.[20]

2000.   Фигу Луиш «Барселонера» дехьаваьлла «Реал Мадрид» йукъа 2000 шеран юккъехь.[21]

2002.   Роналдо «Интернационалера» «Реал Мадрид» йукъа дехьаваьлла 2002 шеран юккъехь.[22]

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 https://fr.uefa.com/news-media/news/0287-195e73da6a92-e54653a4de58-1000--histoire-du-ballon-d-or-palmares-complet/
  2. https://www.lemonde.fr/sport/article/2023/10/30/le-ballon-d-or-mode-d-emploi_6197388_3242.html
  3. 1 2 Ronaldo joins legendary list. BBC Sport. 01.12.2008.
  4. https://www.cambridge.org/core/journals/perspectives-on-politics/article/abs/messi-ronaldo-and-the-politics-of-celebrity-elections-voting-for-the-best-soccer-player-in-the-world/36CB5CB44D4C06866305408163A49290
  5. https://www.sportbible.com/football/ballon-dor-votes-lionel-messi-cristiano-ronaldo-665271-20230302?source=facebook&fbclid=IwAR3LI1jGmPSn6t7ceIM-ql4o5eV5meCTB5dcbvPMeTArHAGJnDHlIuzPR_Y
  6. Matthews wins first Golden Ball. BBC Sport. 01.12.2008.
  7. 1 2 The 1990s Ballon d’Or winners. BBC Sport. 01.12.2008.
  8. Kaka wins 2007 award. BBC Sport. 1.12.2008.
  9. The FIFA Ballon d’Or is born. FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  10. Voici les nouvelles règles et les nouveaux aménagements du Ballon d’Or France Football : [фр.] // France Football : журнал. — 2018. — 19 septembre.
  11. The FIFA Ballon d’Or is born. FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  12. Иван Соколов. У Лионеля Месси стало шесть «Золотых мячей». www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 3 декабрь.
  13. Футбол. "Дешин буьрка" не будут вручать впервые в истории. www.sport.ru (2020 шеран 20 июль). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 21 июль.
  14. Il n'y aura pas de Ballon d'Or France Football en 2020. France Football (20 июля 2020). ТӀекхочу дата: 20 июля 2020.
  15. Europe dazzled by Di Stéfano. UEFA.com. 22.11.2004. Архивйина 2008-12-11 — Wayback Machine
  16. Juve legend Sivori dies. UEFA.com. 18.02.2005. Архивйина 2007-01-04 — Wayback Machine
  17. Johan Cruyff. Laureus World Sports Awards. Архивйина 2007-12-13 — Wayback Machine
  18. Sexy football to sexy golf, Gullit shows his class. The Scotsman. 04.10.2008. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 11 январехь
  19. Nick Harris. George Weah: favourite to win biggest battle — leading his country off the field. The Independent. 07.12.2004. Архивйина 2011-09-11 — Wayback Machine
  20. Fast facts on Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2012-10-25 — Wayback Machine
  21. Elizabeth Nash. Figo defects to Real Madrid for record £37.2m. The Independent. 25.07.2000.
  22. Real ropes Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2008-12-05 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш