Дуда́ев, Муса́ Абди́евич (1938 шеран 16 февраль, Элистанжа, Нохчийн Республика — 2014 шеран 6 август, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — вевзаш волу нохчийн артист, Советски Союзан Турпал Ханпаша Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театран артист, РСФСРн Сийлахь артист (1991 шо), ГӀалгӀайн Республикин Халкъан артист (2008 шо).

Муса Абдиевич Дудаев
оьрс. Муса́ Абди́евич Дуда́ев
Дудаев, Муса Абдиевич
Дудаев, Муса Абдиевич
ГӀуллакхан тайпа Актёр, киноактёр
Вина терахь 1938 шеран 16 февраль({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттиг Элистанжа, Веданан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Кхелхина терахь 2014 шеран 6 август({{padleft:2014|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Корматалла артист
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
СовгӀаташ

РСФСРн Халкъан артист (1991 шо)

Биографи нисйе бӀаьра

Муса Дудаев вина Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Веданан кӀоштан Элистанжа юртехь. Цуьна да ву таханлера нохчийн литературин бухбиллинарг, йаздархо Абди Дудаев. Муса вара доьзаллехь жиманиг, 7-гӀа бера. 1956 шарахь цера доьзал Кхазакхстанера цӀабирзира. 1962 шарахь цо чекхйаьккхира Ленинградан пачхьалкхан театран а, музыкина а, кинематографин а институтан актеран факультет.

Болх нисйе бӀаьра

 
Дудаев Мусан автограф

Цо болх бира Соьлжа-ГӀалин Х. Нурадилован цӀе йолу театрехь. Цуьнан массарелла йевзаш йолу роль — «Ричард III» цӀе йолу Шекспиран трагедин турпал.

Цо нохчийн матта йаьккхира оьрсийн а, кхочу пачхьалкхара йаздархойн пьесаш. Цуьнан гочдараш бух болуш («Жима трагедиш», («Моцарт а, Сальери а», «БӀаьрмециг рыцарь», «Ӏаьржа унан хенахь той») 1974 шарахь, А. С. Пушкин вина 175 шо кхочуш хенахь, хӀоттира спектакль «Пушкиниана».

1968 шо дуьна иза кинохь болх беш ву. Цуьна хьалхара фильм йара «w:ru:Белое солнце пустыни». Иза 26 фильмехь ваьлла СССРн дукха студишкахь.

Фильмографи нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра