Закри́ев, Магоме́д Хами́дович (1966 шеран 11 март) — нохчийн художник, Российн художникан бертан декъашхо (2001 шо), Нохчийн Республикин художникан бертан председателин когаметтаниг, Нохчийн Республикин Сийлахь художник, ГӀалгӀайн Республикин Халкъан художник, Российн Пачхьалкхан стипендиат (2010 шо), республикин а, регионан а, зонан а, йерригроссийн а, кхочу пачхьалкхашан а гайта хӀотторан декаъшхо.

Закриев Магомед Хамидович
ГӀуллакхан тайпа исбаьхьалча
Вина терахь 1966 шеран 11 март({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (58 шо)
Вина меттиг Керла Алда, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀай АССР, СССР
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Хьамид
СовгӀаташ
  • Нохчийн Республикин Халкъан художник
  • ГӀалгӀайн Республикин Сийлахь художник
  • «БӀешерашан къоргера» суьртан «Даймехкан васт» цӀе йолу 3-гӀа йерригроссийн гайта хӀоттаран диплом (2006 шо);
  • Нохчийн Республикин культурин министерстван мидал «Нохчийн республикин культура кхиайаран» (2012 шо).
Сайт http://zakriev-magomed.ucoz.ru/

Биографи нисйе бӀаьра

Иза вина 1966 шеран 11 мартехь Соьлжа-ГӀалахь. 1991 шарахь цо чекхйаьккхира Владикавказан исбаьхьаллин училище. 2001 шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан исбаьхьаллин а, графикин а отделени.

Цуьна суьрташ ду дукха республикин а, Российн а музейшкахь а, Францин а, Германин а, Венгрин а, Российн а долара гуламашкахь.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • «БӀешерашан къоргера» суьртан «Даймехкан васт» цӀе йолу 3-гӀа йерригроссийн гайта хӀоттаран диплом (2006 шо);
  • Нохчийн Республикин культурин министерстван мидал «Нохчийн республикин культура кхиайаран» (2012 шо).

Гайта хӀоттораш нисйе бӀаьра

  • Гайта хӀоттор «Нохчийн художникаш Российн исбаьхьаллин Академехь», Москва, 2002 шо;
  • Зонан гайта хӀоттор «Российн Къилба — 2003», Краснодар, 2003 шо;
  • Йерригроссийн исбаьхьаллин гайта хӀоттор, Москва, 2004;
  • Регионан гайта хӀоттор «Фольклор Къилбаседера Кавказан художникийн суьрташ тӀехь», Нальчик, 2005 шо;
  • Исбаьхьаллин гайта хӀоттор «Суьрташ дахкаран меттиг», Москва, 2006 шо;
  • 3-гӀа Йерригроссийн пейзажан гайта хӀоттор «Даймехкан васт», Вологда, 2006 шо;
  • Региональнан гайта хӀоттор, Соьлжа-ГӀала, 2007 шо;
  • Региональнан гайта хӀоттор, Волгоград, 2008 шо;
  • Зонан гайта хӀоттор «Сочи-2008», Сочи, 2008 шо;
  • Йерригроссийн исбаьхьаллин гайта хӀоттор, Москва, 2009 шо;
  • Российн Госдумехь Нохчийн Республикин художникийн гайта хӀоттор, Москва, 2009 шо;
  • Халкъашна йуккъер гайта хӀоттор «Мир Кавказа», Москва, 2010;
  • Нохчийн художникийн гайта хӀоттор, Саратов, 2011;
  • Лерина шен гайта хӀоттор «Заманан теш», Соьлжа-ГӀала, 2012 шо;
  • Лерина шен гайта хӀоттор, Карабулак, 2012 шо;
  • Зонан гайта хӀоттор «Российн Къилба», Дон-тӀера-Ростов, 2012 шо;
  • Нохчийн а, гӀалгӀайн а художникийн гайта хӀоттор, Саратов, 2012 шо;
  • Йерригроссийн гайта хӀоттор «Росси — сан Даймохк», Саранск, 2012 шо;
  • Йерригроссийн гайта хӀоттор «Цхьанакхетар — 2012», Нижни Новгород, 2012 шо.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра