Историн муьраш хӀиттор — билгала хронологин муьрашка билламе йекъна Историн процессан башха кепара систематизаци. Оцу муьрийн цхьацца къастало башхаллаш йу, уьш билгалйоху муьраш бан хаьржиначух доьзна. Муьраш хӀиттош харжа таро йу тайп-тайпана баххаш: ойланан тайпа хийцар тӀера (О. Конт, К. Ясперс) коммуникацин хьесапаш хийцаре кхаччалц (М. Маклюэн) а, экологин трансформацешка кхаччалц а (Й. Гудсблом(Нидерл.)). Дукхаха болчу Ӏилманчаша муьраш хӀиттош леладо экономикин-арахецаран дозанаш: иза йу социалан-экономикин йукъаметтигаш санна а, арахецаран гӀирсаш санна а (формацин марксистийн теори), иштта арахецаран коьрта кхачо санна а (индустрин а, постиндустрин а йукъараллин теори; Л. Е. Грининан арахецаран хьесап муьраш хӀиттор; 300 бӀешеран а, 30 шеран а циклашца чкоьрашца а, А. Н. Зайцевн коьрта экономикин регионашца а муьраш хӀиттор (Муьрийн истори)).

Историн Ӏилманан-дисциплинин гуранаш

бӀаьра нисйан

Хьалхарабахаман йукъаралла

бӀаьра нисйан

Хьалхарабахаман йукъараллин историс дӀалоцу дуьххьара адам дуьненна тӀедаьлла заманара Азера а, Африкера а дуьххьарлера пачхьалкхаш кхоллайаллац болу мур. Цу тӀе дуьненан кхечу дакъошкахь и мур хаъал беха лаьттина. Археологин муьраш хӀитторца, иза тӀетевжина материалашна а, къинхьегаман гӀирсан тӀехулара куьцанна а, хьалхарабахаман истории йоькъу цхьа могӀа муьрашка: хьалхара палеолит (100 эз. шо гергга хьалха), йуккъера палеолит (40 эз. шо гергга хьалха), тӀаьхьара палеолит(10 эз. шо гергга хьалха), мезолит (8 эз. шо хьалха), неолит (5 эз. шо хьалха) цуьнан гурана чохь къастабо кхин а энеолит. Цул тӀаьхьа догӀу борзанан бӀешо (вайн эрал 1 шо хьалха) а, аьчкан бӀешо, оцу хенахь хьалхарабахаман йукъараллаш лулахь йу дуьххьарлерачу цивилизацешна. ХӀора регионна муьрийн заманан гуранаш хаъал хийцало. Хьалхарабахаман йукъараллехь бацара дика хаало социалан а, бахаман а къестамаш, коьртехь бара тайпанийн хӀоттам.

Шира дуьне

бӀаьра нисйан

Шира дуьненан историс Ӏамадо шира цивилизацеш хилар (Шира Малхбале, Шира Желтойчоь, Шира Рум), уьш кхоллайеллачу хенара V бӀешо кхаччалц. Шира дуьненан муьран чаккхе лору Малхбузен Руман импери йожар (476 шо). Пачхьалкхан хӀоттаман тайпанашкахь къестамаш делахь а (Малхбален деспотин тӀера полисан хӀоттам тӀекхаччалц) дукхаха йолчу ширачу йукъараллашкахь даьржина дара лайшлелор.

Йуккъера бӀешераш

бӀаьра нисйан

Йуккъера бӀешерийн историс хьакхабо V – XVI бӀешерийн мур. Европин йуккъерабӀеарен чаккхе лору Нидерландийн буржуазин революци (1566 шо) йолайалар. ЙуккъерабӀешерийн европин йукъаралла лаьттира феодализман хьелашкахь. Ша «Йуккъера бӀешераш» термин дуьххьара лелийра италихойн гуманисто Ф. Бьондос Антикаллин а, Ренессансан а йукъара мур билгалбоккхуш. Европин йуккъерабӀешераш декъало хьалхара (V – X бӀешераш) лакхара (XI – XIII бӀешераш), тӀаьхьара (XIV-XVI бӀешераш)

Керла зама

бӀаьра нисйан

Ӏилманчаша керла истори лору XVI бӀешо – XVIII бӀешеран чаккхе. Керла зама тӀаьхьа богӀучу муьрех къасто хронологин доза, цхьацца Ӏилманчаша лору Сийлахь французийн революцин йуьхьиг, 1789 – 1799 шераш, вукхара – 1914–1918 шерашкара Дуьненан хьалхара тӀом чекхбалар. Европин «Керла заманахь» хилла Сийлахь географин белламаш а, Ренессанс а, жайназорбатохар даржаран а, Реформацин а, Контрреформацин а муьраш. Керла заманан ладаме хьесап хилла къоман пачхьалкхаш кхоллайалар. Оцу муьран амалера урхаллин кеп был хилла абсолютизм.

Уггаре керла зама

бӀаьра нисйан

Уггаре керла историс, цхьаццаннан хетарехь, дӀалоцу 1789 шерера Дуьненан шолгӀа тӀом, 1939—1945 шерашкара, чекхбаллалц болу мур, кхечарна хетарехь — 1918 шерера таханлера зама тӀекхаччалц. Европин цивилизаци индустриалан муьре кхаьчна, цигахь капитализман а, дуьненан тӀемийн олалла ду. Пачхьалкхан хӀоттаман коьрта кеп хилла республика йа конституцин монархи. ХӀокху заманан историн шераш доладелла Дуьненан шолгӀа тӀом чекбаларал тӀера. Цхьацца Ӏилманчаша лору и мур уггаре керла историн коьрта дакъа, кхечара билгалбоккху адамалла кхиаран ша лаьтта мур санна — постиндустрин йукъаралла. Цуьнан амалехь ду глобализацин, дуьненан базар кхиаран, хаамийн революци кхиаран хьесапаш.

Историн хронологин муьраш хӀитторан иэшамаш балахь а, цуо гойту, зама дӀа мел йоьду цивилизацеш кхиар сихлой (хӀора тӀаьхьара мур боца хуьлу хьалхарчул). Таханлера Ӏилманчаша и феномен йоьхку адаман йукъараллехь хаамаша башха функцеш йеш хиларца.

Уггаре девза некъаш

бӀаьра нисйан

Неоэволюционизм

бӀаьра нисйан

Неоэволюционизман кхетам кхоллабелла 1950-гӀа шерашна йуккъехь америкин этнологан Лесли Уайтан а, америкин антропологан Джулиан Стюардан белхаш бахьнехь. Неоэволюционизм бух тӀехь йисина ламаста эволюционизман коьрта постулаташ, амма оьздангалла кхиаран цхьаьнаасанан ойланийн меттана неоэволюционисташа кховдийра масех эволюцин концепци, масала, йукъара а, долара а кхиаран теори, оьздангаллин доминантин закон, иштта кхин а. Неоэволюционисташ шайн белхашкахь философин йа историн тӀе ца товжура, ткъа товжура социалан хийцамех хьакхалун Ӏилманашна тӀетовжура. Уьш ду палеонтологи, археологи, этнологи, историографи.

Дуьне-системин анализ

бӀаьра нисйан

Дуьне-системин анализо толлу йукъараллин системийн социалан эволюци, амма шеш лаьтта социумаш ца толу, хьалхарчу социологин некъех къаьсташ. Цуьнца, дуьне-системин некъ, тера бу цивилизацинчух, амма кхин а гена боьду, цуо цхьа цивилизаци дӀалоцу эволюцин социалан система теллина ца Ӏа, цуо толлу цхьаннал сов, дуьненан йерриг цивилизацеш а. И некъ кечбина 1970-гӀа шерашкахь А. Г. Франка, И. Валлерстайна, С. Амина, Дж. Арригис, Т. дус Сантоса. Дуьне-системин некъал ладаме хьалхарниг, цуьнан бух биллинарг, лору Бродель Фернан. Цундела лелайо, дуьне-системин анализан коьрта дуьненан йукъан (Нью-Йорк штатера Бингхэмптон гӀалара университетехь) цуьнан цӀе.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
оьрсийн маттахь
кхечу меттанашкахь
  • Bell D. 1973. The Coming of Post-Industrial Society. — New York:Basic Books.
  • Comte O. Cours de philosophie positive // The essential Comte: selected from Cours de philosophie positive / Edited and with an introduction by Stanislav Andreski. — London: Croom Helme, 1974 [1830−1842]
  • Goudsblom J. 1996. Human History and Long-Term Social Processes: Toward a Synthesis of Chronology and Phaseology // The Course of Human History. Economic Growth, Social Process, and Civilization / Ed. by J. Goudsblom, E. L. Jones, and S. Mennel, p. 15-30. New York, NY: Sharpe.
  • Green W. A. Periodization in European and World History // Journal of World History. — 1992. — 3(1): 13-53.
  • Green W. A. Periodizing World History // History and Theory. — 1995. — 34: 99-111.
  • Grinin L. E., and A. V. Korotayev. 2006. Political Development of the World System: A Formal Quantitative Analysis // History & Mathematics. Historical Dynamics and Development of Complex Societies / Ed. by P. Turchin, L. Grinin, V. de Munck, and A. Korotayev. Moscow: URSS.
  • Toffler A. The Third Wave. — New York, 1980.
  • White L. A. The Evolution of Culture; the development of civilization to the fall of Rome. — New York: McGraw-Hill, 1959.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан