Себиев, Рамзан Вахаевич

(Себиев Рамзан тӀера хьажжина кхуза)

Себи́ев Рамза́н Ваха́евич (1960 шеран 26 октябрь) — нохчийн боксёр, шозза ССРС чемпион, шозза ССРС абсолютан чемпион, Европин чемпионатан дато совгӀатхо, ССРС Сийлахь спортан говзанча, Дуьнен Кубкан совгӀатхо, «Хьалхара кара» клубан президент.

Себиев Рамзан Вахаевич
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх ССРС ССРС Росси
Говзалла боксёр
Вина терахь 1960 шеран 26 октябрь({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Устрада-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС
Тренераш Вартанов, Григорий Мартиросович
Локхалла 181 см
Йозалла 91 кг

Иза вина 1960 шеран 26 октябрехь. 181 см лекха ву иза. 91 кг лахара а, 91 кг лакхара йозуллехь леташ вара иза. Цуьна тренер ССРС спортан говзанча, РСФСР Сийлахь тренер Григорий Мартиросов вара. Рамзан «Буревестник» а, 1987 шо дуьна «Герзан ницкъаш» а тобанашкахь вара.

1989 шарахь профессионалин боксе велира иза. Цу хенахь Японехь Ӏаш а, болх беш а вара иза. Профессионал волуш хенахь деуза летта иза, деузза а тоьлла, царехь шозза нокаутца.

ХӀокху хенах иза «Хьалхара кара» клубан президент ву.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра