Терешкова, Валентина Владимировна
Терешко́ва Валенти́на Влади́мировна (йина 1937 6 мартехь, Йоккха Масленниково эвла, Тутаевн кӀошт, Ярославлан область) — ССРС лётчик-космонавт, дуьненахь дуьххьарлера зуда-космонавт (1963), Советийн Союзан Турпалхо (1963), авиацин инарла-майор (1995)[2].
Терешкова Валентина Владимировна | |
оьрс. Валентина Владимировна Терешкова | |
![]() | |
Йина терахь | 1937 шеран 6 март (83 шо) |
---|---|
Йина меттиг | Йоккха Масленниково, Тутаевн кӀошт, Ярославлан область, РСФСР, ССРС |
Вича тиллина цӀе | оьрс. valentina Teresh |
Зуда | Андриян Григорьевич Николаев[d], Юлий Георгиевич Шапошников[d] |
Парти |
ССКП (1960—1991) Тхан цӀа — Росси (1995) Российн дахаран парти (2003) Юкъара Росси (с 2008) |
Дешар | |
Ӏилманан цӀе | профессор[d] |
ГӀуллакхалла | политик[d] |
Автограф |
![]() |
СовгӀаташ | |
ЦӀе | инарла-майор[d] |
Болхбаран меттиг | |
![]() |
ССРС Лакхара Советан VII—XI кхайкхаман депутат, ССРС Лакхара Советан Президиуман декъашхо. Советийн зударийн комитетан корта.
Российн политик, Российн Федерацин Пачхьалкхан думан депутат, «Юкъара Росси» партин Лакхара советан декъашхо[3].
Бералла а, къуоналла аНисъе
Терешкова Валентина йина Ярославлан областера Тутаев гӀалан гергара Йоккха Масленниково эвлахь, Белоруссера схьабовлар долчу, ахархойн доьзалехь. Да — Терешков Владимир Аксёнович (1912—1940), схьаваьлла Могилёвн областера Белыничски кӀоштан Выйлово эвлара, тракторист болх беш вара. 1939 шарахь ЦӀен эскаре кхайкхина, тӀепаз вайна советийн-финийн тӀамехь. Нана — Терешкова (йинчу хенахь Круглова) Елена Фёдоровна (1913—1987), схьаяьлла Витебскан областера Дубровенски кӀоштан Еремеевщина эвлара, текстилан фабрикан белхало. Доьзалехь кхин а яра йоккхаха йолу йиша Людмила а, жимаха волу ваша Владимир[4] а.
1945 шарахь яхара Ярославль гӀаларчу юккъерачу № 32 йолчу ишколе (хӀинца ишколо цуьнан цӀе лелайо)[5]. Мукъачу хенахь домра олу пондар лакха Ӏемаш яра. ВорхӀ класс чекхъяьккхира 1953 шарахь.
Доьзалан гӀодархьама, 1954 шарахь Валентина балха яхара Ярославлан чкъургийн заводе вовшахтосу-вулканизацин цехе кечаман операцин хӀазаршдийриг дарже, урхалла деш яра пурх-хадоран чархан. Оцу хеннахь 1954—1955 шерашкахь дийшира Ярославль гӀалан белхалойн кегийрхойн суьйренан № 10 йолу ишколан 8—9 классашкахь.
1955 шеран апрелехь дуьйна болх бира Ярославлан техникан кӀадийн «Красни Перекоп» комбинатан асаровницан цехехь ровничница даржехь (комбинатехь къахоьгуш яра цуьнан нана а, йоккхаха йолу йиша а[4]). 1955 - 1960 шерашкахь балхана юкъара а ца йолуш дийшира Ярославлан яйн промышленностан тӀаьхьашхан техникумехь бамбахьовзаран техник-технолог говзаллийна. 1957 шарахь комсомоле елира. 1960 шеран 11 августера 1962 шеран март кхаччалц — «Красни Перекоп» комбинатан ЕЛККС комитетан мукъаяьккхина секретарь. Комбинатан оьздангаллин цӀен халкъан гӀирсийн оркестрехь домра локхуш яра.
1959 шарахь Ярославлан аэроклубехь Ӏамийра четарийн спорт (90 чукхоссаелира кеман тӀийра).
Космонавтийн тобанехьНисъе
Советийн космонавтийн хьалхара аьттонца дина хьалахецаршла тӀаьхьа Королёв Сергейн дагадеира космосе хьалахеца зуда-космонавт[6]. 1962 шо долалуш лаха буьйлабелира иштта хьуьнарш долуш зуда: парашютистка, хан 30 шо кхачанза, локхалла 170 см ца кхочуш, йозалла 70 кг ца кхочуш. БӀенех хаьржира пхи кандидатура: Ёркина Жанна, Кузнецова Татьяна, Пономарёва Валентина, Соловьёва Ирина, Терешкова Валентина.
Космонавтин тобане дӀоьцушехь Терешкова кхечу йоьӀаршца кхайкхира хан тоьхначу тӀеман гӀуллакхе салтичун дарже.
КечамНисъе
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Валентина Терешкова занимается на вестибулярном тренажёре («дьявольском колесе») |
СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш аНисъе
КвалификациНисъе
Спортин кхиамашНисъе
ТӀеман цӀерашНисъе
Российн а, ССРС а совгӀаташНисъе
Кхечу мехкийн совгӀаташНисъе
Ӏилманан а, юкъараллин а, динан а кхолламийн совгӀаташНисъе
ГӀаланийн сийлахь гражданинНисъе
Хьаккъаш къобалдарНисъе
Терешкован цӀераш техкина:
- Беттан тӀийра кратер[7];
- жима планета 1671 Chaika (цуьнан кхайкхаман цӀарца — «Чайка»);
- Терешкован оазис - Антарктидера Паччахьан кӀентан Улафан берд тӀехь (координаташ: 67°57′ къ. ш. 44°30′ м. д.HGЯO), билгалбина САЭ картин тӀехь 1962 шарахь, цӀе тиллина 1965 шарахь я хьалха[8];
- тайп-тайпанчу гӀаланийн урамашна, царна юкъахь: Александров, Балахна, Балашиха, Витебск, Владивосток, Гродно, Данков, Дзержинск, Донецк, Иркутск, Ишимбай, Кемерово, Клин, Королёв, Кострома, Красноярск, Ленкорань, Липецк, Минвод, Мытищи, Нижни Новгород, Новосибирск, Новочебоксарск, Новочеркасск, Оренбург, Пенза, Петропавловск-Камчатски, Рубцовск, Соьлжа-ГӀала, Улан-Удэ, Ульяновск, Ярославль, Гуьмсен проспект, Тверехь майда, Евпаторехь хин йист;
Поштан маркашНисъе
Тайп-тайпанчу мехкашкахь арахецна Терешкован лерина поштан марканаш:
Российн поштан марка, 2003 шо
Российн поштан марка, 2013 шо
ГДР поштан марка, 1963 шо
ГДР поштан марка, 1963 шо
Азербайджанан поштан марка, 2013 шо
Хьажа кхин аНисъе
БилгалдахаршНисъе
- ↑ РИА Новости — Россия сегодня, 1961.
- ↑ ТЕРЕШКОВА // Большая российская энциклопедия. Том 32. Москва, 2016, с. 65.
- ↑ Высший совет Партии. Состав. Официальный сайт российской политической партии «Единая Россия». Теллина 2013 шеран 15 ноябрехь.
- ↑ 1 2 Тайны биографии Валентины Терешковой | Общество | Собеседник.ру. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 18 июнехь.
- ↑ Муниципальное общеобразовательное учреждение «Средняя школа № 32 имени В. В. Терешковой»
- ↑ Их позвал космос (герои-космонавты).
- ↑ Указатель названий на планетах и спутниках.
- ↑ Масленников Б. Г. Морская карта рассказывает / Под ред. Н. И. Смирнова. — 2-е изд. — М.: Воениздат, 1986. — С. 209. — 35 000 экз.
ЛитератураНисъе
- Николаева-Терешкова В. В. Вселенная — открытый океан! — М.: Правда, 1964. — 200 с., 140 000 экз.
- Герои звёздных трасс: Сборник / Составитель Д. Мамлеев.. — Изд. 2-е, доп. — М.: Известия, 1963. — 192, [34] с. — (Библиотека «Известий». Специальный выпуск). — 300 000 экз.
- И. А. Маринин, С. Х. Шамсутдинов, А. В. Глушко (составители) Советские и российские космонавты. 1960—2000 / Под редакцией Ю. М. Батурина. — М.: ООО Информационно-издательский дом «Новости космонавтики», 2001. — ISBN 5-93345-003-0
- Кто есть кто в мире / гл. ред. Г. П. Шалаева. — Филологическое общество «Слово», «Олма-Пресс». — М., 2003. — 1680 с. — ISBN 5812300887
- Валентина Владимировна Терешкова: путь к звёздам. — РМП, 2012. — 254 с. — ISBN 9785915970297
- Осташев А. И. Испытание ракетно-космической техники — дело моей жизни. События и факты. — Королёв, 2001. — 213 с.
- Осташев, А. И. Сергей Павлович Королёв — гений XX века: прижизненные личные воспоминания об академике С. П. Королёве. — Королёв: Изд-во Московского гос. ун-та леса, 2010. — 128 с. — ISBN 978-5-8135-0510-2
- С. П. Королёв. Энциклопедия жизни и творчества / под редакцией В. А. Лопота. — РКК «Энергия» им. С. П. Королёва, 2014. — 704 с. — ISBN 978-5-906674-04-3
ХьажоргашНисъе
Терешкова, Валентина Владимировна Викиларма чохь | |
Терешкова, Валентина Владимировна Викикерланаш чохь |
- Терешкова, Валентина Владимировна. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- Биография в энциклопедии «Космонавтика».
- Биография на peoples.ru
- Валентина Терешкова. ХӀуний а тӀехьенна а дитта
- Валентина Терешкова, президент РАМС
- Терешкова: по просьбе Королёва я не один десяток лет хранила эту тайну
- Королёв обещал, что мы все полетим в космос
- Валентина Терешкова. Улица Восьмого марта. Воспоминания Валентины Терешковой о военном детстве.
- Профиль Валентины Терешковой на сайте Государственной думы
- Почётные граждане города Байконур // Официальный сайт администрации г. Байконур
- Фотографии с Валентиной Терешковой на портале «История России в фотографиях»
- Испытатель космической техники развеяла мифы о полёте Терешковой // РИА, 15 июня 2018