ТӀуьна тропикин хьун, Тропикан догӀанан хьун, Гиле́я — экваторан, субэкваторан (Хийцалуш-тӀуьна тропикийн хьаннаш), тропикан кӀошташкара тӀуьна климатера (2000—7000 мм йочанаш шарахь) биом, хьун. Уьш тропикийн хьаннех а, догӀанан хьаннех а уггар яьржина хьаннаш ю. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь дукха биокепаш ю. Иза дахаран дика Ӏаламан зона ю. Кхузахь ю дукха шайн, царна йукъахь эндемин кепара дийнаташ а, ораматаш а, ткъа кхин а кхелха дийнаташ[1]. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь еха кхааннах ши дакъа дуьненара дийнаташ а, ораматаш а. Хила тарло, миллионашкахь кепара дийнаташ а, ораматаш а хӀинца теллина а йоцу.

Индонезера Яван тӀиера Ботаникан беш
Австралера тропикан догӀанан хьун

ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь лахарчу могӀанехь ца тоьа малхан серло, цуо новкъарло йо коьллаш яларан. Оцу хьоло адамна а, дийнатан а хьуьнхахь лела аьтту бо. Нагахь цхьана бахьанца гӀашшан рагӀу ца хилахь я гӀийла хилахь, лахара могӀанехь чехка юькъа, лела халадолуш лианин, коллийн, кегийрачу диттийн къух долу — цунах джунгляш олу.

 
Дуьненахь тӀуьна тропикин хьаннаш яржар

Тропикийн догӀанан хьаннаш яьржина экваторан асанехь, экваторан къилбаседехьа 25 ° къс.ш., къилбехьа 30 ° къ.ш. кхаччалц.

Америкехь уьш евлла Мексикехь Мексикан айман йистехь, Флоридан (АЦШ) къилбехахь, дӀалоцу Юкатан ахгӀайре, Юккъерачу Америкин доккхаха долу дакъа, Вест-Инди гӀайренаш. Къилба Америкин тропикийн догӀанан хьаннаш (царех кхин а сельва я гилея олу) ю Амазонка хин майданехь (Амазонин догӀанан хьаннаш — уггар яккхийра догӀанан хьаннашлахь), Къилба Америкин къилбаседехь, яьржина Бразилин (Атлантикан хьун) атлантикан бердашца.

 
Маркизийн гӀайренаш тӀиера тропикан хьун

Африкехь уьш йовлу экваторан декъан малхбузехь Гвинейн айман йистера Конго хин майдане (оцу йукъахь Атлантикан экваторан бердйистера хьаннаш) кхаччалц, кхин а Мадагаскарехь.

Цул сов тропикан догӀанан хьаннаш ю Азехь ХӀиндин къилбехахь, Къилба-Малхбален Азехь Мьянмера къилбан Ций кхаччалц, кхин дӀа кхочу малхбалехьа, Индонезин а, Керла Гвинейн а гӀайренаш йукъалоцуш Австралин Квинсленд штате кхаччалц йолу дуккха а кӀошташкахь. Иза иштта кхуьу Тийна океанан гӀайренаш тӀехь.

Лаьмнашкахь аренан тӀуьна тропикийн хьаннаш кхуьу 800 м. хӀордан тӀегӀанал лакха кхаччалц. Лакхахь хьун диттийн кепашца къен ю, хьуьнан структура хийцало. Тропикан ломан даиман сийна лаьтта хьун йолу дохкан конденсацин асанехь, цунах дохкан хьун олу[2][3].

ТӀуьначу тропикийн хьаннийн башхаллаш:

  • 4—5 диттийн локхаллин могӀа хилар, коллаш кӀезга а, лианаш шорта а хилар;
  • даиман сийна лаьтта даккхийра гӀаш долу дитташ алсама хилар, чкъор гӀийла хилар, чӀенгаш пелакашца къевлина ца хилар;
  • заза далар, ткъа цул тӀехьа гӀодмашна а, стомма геннашна (каулифлори) а тӀехь стоьмаш латар[4].

ТӀуьна тропикийн хьаннашкара диттийн кхечу кӀезго тӀуьначу климатийн ораматийн йоцу йукъара башхалла ю.

Дукхаха йолчу кепийн гӀадан бух тӀехь шуьйра дечиган голанаш ю. Хьалха моттара, оцу голанаш диттан латта гӀо до, хӀинца хета, оцу голанаш чухула хица ийна даар охьадогӀу диттан орамашка. Шуьйра гӀаш хуьлу диттийн а, коллийн а хьуьнан лахарчу могӀанехь. Лекха къона лакхарчу могӀане хьалакхачанза долу диттийн а хуьлу шуьйра гӀаш, лакха мел долу кегийр луш. Бухахь долчу диттийн шуьйра гӀаш гӀо до мелхан серло ораматех дика дӀайолийта, уьш лакхара мохах лардина ду. ТӀехула рагӀу ден лакхарчу могӀан гӀаш, дукха хьолахь кегийра а, йисташ хедийна а хуьлу, мох ца лацийтархьама. Лахарчу гӀотехь гӀаш дукхах дерш гатдина ду чеккхенгахь, чехка хи охьадагӀийтархьама а, гӀаш дохош йолу микробаш, корсам ца дебийта а.

Дукха хьолахь диттийн баххьаш шайн йукъахь чӀогӀа дика уьйр йолуш хуьлу лианашца я эпифиташца (дитташ тӀетасаелла ораматаш) вовшехтесна.

ТӀуьна тропикин хьаннийн кхин башхалла хила тарло тамашийна дуткъа (1—2 мм) диттан чкъор, наггахь тӀехь кӀохцалш я баьӀаш долуш; заз а, стом а диттан гӀад тӀехь кхиар; олхазарш, екхаш йолу дийнаташ, дургал дуу чӀерий шайга кхойкхуш болу тайп-тайпана мутте стоьмаш.

Сиха кхиаран а, дахаран бараман а башхаллашца тропикийн дитташ декъало 3 тобане.

  1. Чехка кхуьу, амма кӀезга еха кепара. Уьш серло еза ораматаш ю, сихха кхуьу хьалхарчу 20 шарахь, тӀаккха кхиар сацадо. Царех ду бальсан дитт, цхьайолу кепара цекропи, кхин а.
  2. Кхиаран беха мур а, масех бӀешарахь а деха. Царна йукъа догӀу хьалхарчу могӀанера дитташ. Америкехь оцу кепара ду свитенеш, Африкехь — кайи кепарнаш, энтандрофрагмаш. Оцу тобанера дукхаха йолу ораматаш бахамехь чӀогӀа мехалла ю.
  3. Меллаша кхуьуш а, дукха ехаш а йолу ораматаш. Уьш ӀиндагӀах ца кхоьру, церан дукха хьолахь деза а, онда а дечиг хуьлу, масала, габонан цӀе дитт (Aucoumea klainiana)[1].
 
ЦӀе баьргаш долу варкъпхьид

Тропикийн догӀанан хьаннашкахь дийнатийн кепаш алссама сов ю кхечу хьанашкахьчул, къаьсттина дукха ду тропикийн хьаннашкахь олхазарш а, сагалматаш а, делахь а цхьацца кепарнаш схьадаьхча церан барам кӀезга хуьлу. Серло ца тоарна коллаш а, бецан чкъор а къиен ду, цундела лаьттан тӀехула лела кепарнаш кӀезга ду[5]. Уьш ду тапираш, мермаӀаш, пекарш, бегемоташ[6]. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь дукхаха йолу дийнаташ дитташ тӀехь кондарш йукъахь еха. Екхаш йолчарех ю тарсалш, маймалш, летягаш[5][7], ленивцаш, КӀохцал цӀога долу тарсалш, иглошерсташ, цхьайолу сагалматаш дуурш, гӀиранаш, иштта дӀа а[5]. Олхазарш: тотеш, хенакӀураш, туканаш[5], гоацинаш, кхин дӀа а[5]; текхаргийн масалаш ду хамелеонаш, дечиган лаьхьий, цхьадолу гекконаш, игуанаш, агамаш; хи-лаьттан дийнаташ — цхьайолу пхьидаш[5][7]. ЧӀерий дукха ду — дийнна 2000 кепара — иза дуьненан тезачу хичура фаунех кхаа декъах цхьа дакъа ду.

Дукха кепара ду букъадаьӀахк йоцурш, уьш дикка даккхийра хила тарло, билгалдовлу кепаца а, басца а, царна йукъахь зингаташ, термиташ, шаролгаш, полларчий кхин а[1]. Поллийн фауна — дуьненахь уггар а ехашчех цхьаъ ю.

ТӀуьначу тропикан хьуьнан структура

бӀаьра нисйан

ДогӀанан тропикан хьунан структурехь билгалйбоккху дитттийн 3 могӀа. Лакхара могӀа лаьтта шашалаьттачу даккхийрачу 50—55 м, наггахь 60 м лекхачу диттех, церан кондарш тӀеттӀа ца йоьду. Юккъерчу могӀанера дитташ 20—30 м лекха ду, кхуллу тӀеттӀа таьӀна четар. Оцу могӀанехь гулделла лианийн а, эпифитийн а дукхаха долу дакъа. Лахарчу могӀанера диттийн локхалла 20 м сов ца йолу, оцу могӀанан кхиар дозуш ду серлонах, цундела кхианчу хьаннашкахь иза лилха адмашна лела новкъарло йоцуш хуьлу. Коллин а, бецан а могӀа нийсса къасто хала ду, цхьайолу бецаш, масала банан, 6 м лакха йолуш меттигаш ю. Кхианчу хьуьнхахь бецан могӀан флорин хӀоттам дукха хьолахь 1—2 кепара бу[1]. Боданечу меттигашкахь бецан чкъор а, коллаш а ца хуьлу, ткъа сирлочу меттигашкахь, хотешкахь, хин йисташкахь, уьш кхочу шайн хазне. Йоккха роль ю зирхӀан ораматийн: чурашан а, плаунийн а. Тайп-тайпана дахаран кепаш бахьанехь, могӀанийн гуш доза ца хуьлу, цул сов, чӀогӀа кхиана ю могӀанера йоцу ораматаш: лианаш а, эпифиташ а. Ломан тӀуьна тропикийн ши могӀа болчу хьаннашкахь 1-ра могӀан диттийн локхалла 20 м лакха ца болу[1].

 
Амазонкин хьун.

Уггар лакхара тӀегӀа

бӀаьра нисйан

И могӀа кӀеззиг долчу дукха лекхчу хьуьнан четар тӀехула долчу, 60 метр лекхачу (наггахь дерш 80 метре кхочу) диттех лаьтташ бу,[8]. Дукха хьолахь дитташ даиман сийна лаьттачех ду, амма цхьадолчара шеран екъачу хенахь шайн гӀаш охьакхуьйсу. Иштта дитташ лан еза буьрса температураш а, чӀогӀа мох а. Оцу тӀегӀанехь еха аьрзунаш, бирдолагаш, цхьацца кепара маймалш а, полларчий.

Кондарийн тӀегӀа (хьуьнан четар)

бӀаьра нисйан

Дукхаха долчу лекхачу диттийн кондарш кхуллу гӀеххьа луьсталлин гӀашшан чкъор — хуьнан четар. Дукхаха долчеран оцу тӀегӀан локхалла 30 — 45 метр хуьлу. И могӀа дуьненахь болчарех уггар луьста бу.

Цхьацца лерамашка хьаьжчи, оцу могӀанан ораматаш ду дуьненан тӀиера ораматех 40—50 процент гергга. Фауна тера ю лакхарчу тӀегӀанчух, амма алсамо дийнаташ тӀекхетна ю. Дуьненан тӀиера сагалматех доьалгӀа дакъа кхузахь дехаш лору.

Ӏилманчийн дукха хьалха дуьйна шек бара оцу тӀегӀанара дахаран кепаш тайп-тайпана хиларх, амма хӀинцца бен ца кхоьллина талламан практикан методаш. 1917 шарахь бен ца кхайкхина америкин натуралист волчу Бейд Уильяма (инг. William Beede), «кхин цхьаъ дахаран континент йисина талланза дуьненан тӀехь, 200 фут цунна тӀехула, иза яьржина эзарнаш квадратан милаш».

Боккъал а талла болийна и могӀа 1980-гӀа шерашкахь, Ӏилманчаша хьуьнан четарна тӀекхача методаш кхоьллича, масала, арбалетаца диттийн баххьаш тӀе муш кхоссар. Хьуьнан четар таллар хӀинци а хьалхарчу тӀегӀанехь ду. Кхин талламан методаш шена йукъа лоцу хӀаваан шараш тӀехь я хӀаваан кеманаш тӀехь некъ бар. Диттийн баххьаш тӀекхачаран Ӏилманех, дендронавтика (инг. Dendronautics) олу.

Юккъера тӀегӀа

бӀаьра нисйан

Хьуьнан четарна а, хьуьнан бухна а йукъахь ю кхин цхьа тӀегӀа, цунах олу коьллаш. Оцу йукъахь деха цхьа могӀа олхазарш, лаьхьарчий, моьлкъанаш. Оцу тӀегӀанера Сагалматийн дахар чӀогӀа шуьйра ду. Оцу могӀанера гӀаш дуккха а шуьра ду кондаран тӀеган тӀиерачул а.

Хьуьнан бух

бӀаьра нисйан

Юккъера Африкин Вирунга ломан тропикан дуьххьарлера хьуьнхахь лаьттахь серло 0,5 % гергга ю; къилба Нигерин хьаннашкахь а, Сантарема кӀоштехь (Бразили) а 0,5-1 %. Суматра гӀайренан къилбаседехь диптерокарпови хьуьнхахь серло 0,1 % гергга ю. Иштта хьолехь мурдоьллачу гӀад тӀехь а, у кепара орамаш тӀехь а кхуьу цхьайолу корсамаш, серло кхетар 0,2 % йолчохь хаало селагинелла а, доӀахан корсам а; 0,25-0,5 % йолчохь кепаш:Hymenophyllaceae, Commelinaceae, Zingiberaceae, Rubiaceae, плаунаш, бегони а[9]. Охьадоьдучу хишшан, ишалшан бердашна генахь а, йукъа, лоха ораматаш кхуьу лилхачу меттигашкахь а, хьуьнан бух гӀеххьа паргӀата бу ораматех. Оцу тӀегӀан тӀехь ган таро ю яхкало ораматаш а, дийнатийн декъий а, уьш чехка къайладовлу йовхоно а, тӀуьна климато а сиха дахкадалийтар бахьанехь.

Луьста ораматашка хьаьжна ца Ӏаш, ишттачу хьунхахь латта башха дика а дац. Сиха яхкаялар, доьзна ду бактерех, цуо новкъарло йо гумусан чкъор гулдаларна. Эчиган а, наштаран а оксидийн концентраци бахьанехь лаьттан латеризации (лаьттаца кремнезёман барам кӀазгбаларан, шеца цхьаьна эчиган а, наштаран а окись совдолуш долу процесс) хиларо басардо латта сирла-цӀе баса, наггахь кхуллу минералаш дохку меттиг (масала бокситаш). Къоначу лаьттанаш тӀехь, билггала тӀепинган кепарчарна тӀехь, латтанаш хила тарло ялта хьекъаш.

МогӀанера йоцу ораматаш

бӀаьра нисйан
 
Эпифиташ тропикан хьуьнхахь (Доминика)

Экваторан хьаннашкахь чӀогӀа дукха могӀанера йоцу ораматаш ю — лианаш а, эпифиташ а.

«Лианаш (франц. liane, lier — дехка), шайга ирхнехьа гӀад ца латтало ораматаш ю» (ЙСЭ)[10]. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь 2 эзар сов кепара лианаш ду. Лианаш тасадаларца хьерчаш я текхаш (масала пальма-ротанг (каламус), 300 м деха) хуьлу. Дукхах долу лианаш — автотрофаш ду, царна йукъахь эпифиташ, паразиташ далахь а[10]. Дукхах долу тропикийн лианаш хьерчачех ду, дечиг хилла гӀад а долуш, церан диаметр 20 см кхочу. Лианийн гӀад дукха чӀогӀа хуьлу, нагахь уьш масех диттах хьаьрчича, цуо дакъаделла дитт охьа ца дужийта. Текха лианаш тасало диттех кегийрачу зуьгалшца, ша кепарчу орамашца[4].

«Эпифиташ (эпи… а, грек. phytón — орамат), кхечу ораматаш тӀехь, дукхах дерг диттийн геннаш а, гӀодмаш а тӀехь кхуьу ораматаш ду, ткъа иштта гӀаш тӀехь — эпифиллаш олуш ерш, даар гонахьара Ӏаламера схьаоьцу цара (паразиташ йац уьш)»(БСЭ)[11]. Тропикийн хьаннашкахь эпифиташ коьртаниг Орхидан а, Бромелийн а доьзалера ю. Эпифитийн ю тайп-тайпана хи молу а, даар озоран а гӀирс:

  • орамаш тӀиера кӀожаман чкъор,
  • ораман бенаш тускар кепара орамех дуьйцина, царна йукъахь кхоллало латта дааран орамашна (чхьор асплениум, орхидея грамматофиллум),
  • лаьттана лаьхьта долу гӀад тӀиера лаьхтан гӀаш (чхьор платицериум)
  • цӀузам я розетка хинан (Бромелийн доьзалерчарна),
  • ксерофитийн (кактусийн, орхидейшан цхьайолу кепаш) гӀирс[4].

Адамца йолу йукъаметтиг

бӀаьра нисйан
 
ХӀаллак хуьлуш йолчу хьаннийн 1994 ш. хоттийна долу карта (Къаьмнаш Вовшехтоьхна Кхолламан тептаршкар)

Тропикийн догӀанан хьаннашкара долу дечиг, юурган а, генетикан а, медицинан а гӀирсаш, пайден маьӀданаш. Кхузахь карийна чӀогӀа дукха Ӏаламан молханаш, цуьндела оцу хьаннех «дуьненан жовхарш» а, «уггар йоккха дуьненан аптека» а олу. Церан йоккха роль ю регионин климат кхолларехь, хӀунда аьлча уьш бахьанехь 50 % Ӏаламехь хи хьуьйзу транспирацица, цуо жигара кхуллу латта тӀехула мархаш, уьш йаккхий йо, юхадаладо хи йочанашца. Цул сов, тӀуьнчу климатехь тӀуналло конденсации йо боьхаллин микродакъошна тӀехь, цуо дика цӀандо хӀаваъ, иза дикачу агӀора атмосфера тояр ду. ТӀуьна тропикийн хьаннаш иштта шайна чухула чекхдолу хӀаваъ шелдаран роль а лелайо. Цуьндела тӀуьна тропикийн хьаннаш дуьненан экосистеман коьртачех ю, хьаннаш халлакъяро лаьттан эрози йо, флоран а, фаунан а кепаш лагӀйо, экологин баланс йохайо яккхийчу меттигашкара а, цуьнца шадолчу дуьненан а.

Тропикийн хьаннаш Ӏаламехь хьовзадо дуьненан 28 % гергга кислород[12]. Дукха хьолахь догӀанан тропикийн хьаннех «дуьненан пехаш» олу. Амма иза шадерг бакъ дац, хӀунда аьлча лелаш йолчу ойланца, уггар хьалха, алссам долу кислород доккху хӀордан планктон йукъара цианобактереш, шолгӀа, Ӏаламехь кислород хьийзаран процесс иза даккхарх тарделла. ТӀуьна тропикийн хьаннаш, кхин йолу хилла евлла хьаннаш санна, худа а худу, даккха а доккху цхьатерра барам кислород а, углерод а — дитташ даьккхина кислород дойу гӀаш а, дечиг а дахкалуш, цигахь Ӏаш йолу дийнаташ садоӀуш, кхин дӀа а[13][14]. Цхьаболу талламчашна хета, дукхахйолчу догӀанан хьаннаша кӀорамусталлин газ йоккуш санна. Мухха делахь а, и хьаннаш лелайо йоккха роль кӀорамусталлин газ хьовзош, хӀунда аьлча царех углеродан яккхийчех йолу резервуараш хилла дера, иштта йолу хьаннаш хьаькхча совйолу дуьненан атмосферера кӀорамусталлин газ, цуо аьтту бо парникийн эффектан.[13][15].

ТӀуьна тропикийн хьаннаш сих-сиха хьокху хининан а, къахьонан а диттийн, кокосан пальмийн, каучуконосийн плантацеш дӀаерхьама[16]. Къилбан Америкехь тӀуьна тропикийн хьаннашна боккха кхерам бу низам доцуш пайден маьӀданаш дахарна.

Яьржина ойла ю, тӀуьна экваторан хьаннаш дуьненан «сийна пехаш» ду аьлла, хӀунда аьлча атмосферехь доккху кислородан кхоалгӀа дакъа цигахь доккху дера. Иштта, тӀуьна тропикийн хьаннаш халлакъяро аьтту бо парникийн эффектан.

Оцу ойланна коьрта доьхьало ю тӀуьна тропикийн хьаннаш дукха кислород доккхуш хилла ца Ӏаш, дукха кислород халлак а до, хьаннийн цӀераш ца хеддаш йохайо тӀуьна тропикийн хьаннаш кислород даккхаран эффект[17][18].

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 Тропический лес. Лесная энциклопедия / Гл. редактор Г. И. Воробьёв. — М.: Советская энциклопедия, 1986. — Т. 2. — 631 с. — 100 000 экз.
  2. Тропические леса // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  3. Глоссарий.ru: Тропические леса Архивйина 2013-10-02 — Wayback Machine
  4. 1 2 3 влажные экваториальные лесаГоркин, А. П. (Гл. Ред.). География: Современная иллюстрированная энциклопедия. — Росмэн, 2006. — С. 101. — 624 с. — ISBN 5353024435.
  5. 1 2 3 4 5 6 Лесная фауна // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  6. Экваториальный пояс // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  7. 1 2 Энциклопедия лесного хозяйства. — М.: ВНИИЛМ, 2006. — Т. 2. — С. 335—336. — 416 с. — ISBN 5-94737-023-9.
  8. Дождевые леса — БСЭ — Яндекс. Словари(ТӀе цакхочу хьажорг)
  9. Сааков С. Г. Оранжерейные и комнатные растения и уход за ними. Наука, 1985
  10. 1 2 Лианы // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  11. Эпифиты // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  12. (ингалс.)Killer Inhabitants of the Rainforests Архивйина 2011-01-22 — Wayback Machine
  13. 1 2 Broeker, W.S., 2006 «Breathing easy, Et tu, O2» Columbia University http://www.columbia.edu/cu/21stC/issue-2.1/broecker.htm
  14. Pregitzer, K. and Uskirchen, S. 2004 «Carbon cycling and storage in world forests: biome patterns related to forest age.», Global Change Biology 10, 1-26
  15. (укр.)Ірина Боднарук. Тропічні ліси спричинюють парниковий ефект? Станіславівський Натураліст (21 січня 2008). Архивйина 2013 шеран 2 февралехь
  16. Гилея Биологический энциклопедический словарь (2-е издание). Гл. ред. М. С. Гиляров; Редкол.: А. А. Бабаев, Г. Г. Винберг, Г. А. Заварзин и др. — М.: Сов. Энциклопедия, 1986.
  17. [[https://web.archive.org/web/20071012041511/http://antigreen.org/issue.php?index=113 Архивйина 2007-10-12 — Wayback Machine]]
  18. [[https://web.archive.org/web/20071012082556/http://antigreen.org/issue.php?index=48 Архивйина 2007-10-12 — Wayback Machine]]

Литература

бӀаьра нисйан