Димаев, Умар Димаевич

(Умар Димаев тӀера хьажжина кхуза)


Дима́ев, Ума́р Димаевич (1908 шеран 1 октябрь, Хьалха-Марта, Нохчийчоь, Российн импери — 1972 шеран 26 декабрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн музыкант а, композитор а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист, вевзаш волу музыкантан а, композиторан а Али Димаеван да.

Димаев Умар Димаевич
Коьрта хаам
Вина терахь 1908 шеран 1 октябрь({{padleft:1908|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг Хьалха-Марта, Нохчийчоь, Российн импери
Кхелхина терахь 1972 шеран 26 декабрь({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (64 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Пачхьалкх Российн импери Российн империССРС СССР
Говзаллаш музыкант, композитор
Зуда Асет
Бераш:
СовгӀаташ
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист


Иза вина 1908 шеран 1 октябрехь Хьалха-Мартахь. 1924 шо дуьйна цо музыкантан болх бира Хьалха-Мартан кӀоштан радиоузлехь. 1929 шо дуьйна цо болх бира Соьлжа-ГӀалахь Нохч-ГӀалгӀайн драматически театрехь халкъан подурашан оркестран солист. 1934 шарахь иза хилира Республикин радиокомитетан халкъан подурашан оркестран солист. 1939 шарахь Москвахь хилла йолу Хьалхара Йерригсоюзан халкъан пондурашан эшархойн Лауреат хилира иза.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болу хенахь Димаевс йазйира шортта патриотически произведениш. Нохчий цӀера баххалц цо жигара болх бора фронтехь а, госпиталешкахь а, тӀехьен къинхьегамхойн хьалха а концерташ луш йолу эшеран бригадашкахь.

ЦӀера даьхначул тӀехь иза Ӏаш вара Киргизан ССРн Пишпек станцехь. 1946 шо дуьйна цо кочегар болх бира «Сельхозмашиностроение» заводехь.

1954 шо дуьйна Умар Димаев вара Нохч-ГӀалгӀайн эшеран а, херхаран а ансамблин (ТӀаьхьа оцу ансамблин Вайнах цӀе тиллира) солист. 1956 шарахь цӀера даьхначул тӀехь хьалхара Нохч-ГӀалгӀайн исбаьхьаллин говзанчийн концертан радиотрансляци хилира. Оцу концертехь дакъал лоцуш вара Умар Димаев.

Вайнах цӀа бирзинчул тӀехь 1957 шарахь цо шен Нохч-ГӀалгӀайн эшеран а, хелхаран а ансамблехь болх дӀакхоьхьура. Цу шарахь иза Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Сийлахь артист хилира, 1961 шарахь — Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист.

Цо дакъа лецира «Со хелха вера ву» цӀе йолу Махмуд Эсамбаевах лаьцна фильм йоккхуш.

1970 шо дуьйна цо болх бора Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан филармонехь, концерташкахь дакъа лоцара, царна йукъахь цо ша цхьамма локхуш йераш. Цо йазбина мукъамаш алсамйаккхира Кавказан а, «Мелодия» цӀе йолу Йерригсоюзан аз дӀайаздаран фирман архиваш. Цуьна мукъамаш дӀайазбина шортта пластинкаш арайелира. Цо дӀайазбира 400 сов мукъам.

1970 шарахь иза РСФСРн Сийлахь артистан цӀарна хьалхатеттира. Амма цамгар бахьнехь и цӀе тиллар ца нисделира.

Умар Димаевс а, цуьна зудчо Асетс хьалакхиира кхо кӀант — СаӀид, Ӏали, Амарбека. Уьш кхоьа музыкант хилира. Али Димаев хилира вевзаш волу музыкант а, композитор а, Нохчийн Республикин Халкъан артист а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан