Усманов, Нурлан Сайд-Ӏалин воӀ

(Усманов, Нурлан Сайд-Алиевич тӀера хьажжина кхуза)

Усманов, Нурлан Сайд-Ӏалин воӀ (11 августехь, 1954 шеран, Атасу, Жана-Аркин кӀошт, Карагандин область, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн исбаьхьалча, 1989 шарахь дуьйна ССРС исбаьхьалчийн тобанан декъашхо, Российн халкъан пхьар, 2002 шарахь дуьйна Нохчийн Республикин хьакъ долу исбаьхьалча[1][2].

Усманов, Нурлан Сайд-Ӏалин воӀ
Гилани
Бакъ цӀе Нурлан
Вина терахь 1954 шеран 11 август({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (70 шо)
Вина меттиг Атасу, Жана-Аркин кӀошт, Карагандин область, Кхазакхстан, ССРС
Корматалла исбаьхьалча
Гражданалла  ССРС Росси
Да Сайд-Ӏали
Нана Марус
Зуда Марет
Бераш Майрбек, Заурбек
СовгӀаташ

Российн халкъан пхьар, Нохчийн Республикин хьакъ долу исбаьхьалча

Тайпана пешхо.

Усманов Нурлан вина 1954 шарахь Кхазакхстанан Карагандин областехь. 1957 шарахь цӀа бирзина, баьхна шайн дай баьхначу Теркан кӀоштара ЧӀулга-Юрта.

Цуьнан нана Марус ССРС гӀарайаьлла кемсашлелорхо йара. Дуккха а пачхьалкхан орденаш, мидалш, совгӀаташ а долуш. Массо а бер ненан говзалла схьаэцна, цунна улле хитина къахьоьгуш дара. Йуккъера Нурлан вара куьйга говзаллин тӀегӀерташ.

1974 шарахь ЧӀулга-Юртара йуккъера ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, цуо 1974-1975 шерашкахь дийшира Соьлжа-ГӀалара №2 йолчу техникин училищехь.

1975-1977 шерашкахь Советийн Эскаршкахь шен тӀемалойн декхар дӀаделира.

1978-1982 шерашкахь дийшира Россера Абрамцевн промышленностан-исбаьхьаллин Васнецовн цӀарах йолчу училищехь. Говзалла – дечиг а, эчиг а, тӀулг а исбаьхьа кечйаран пхьар.

1983-1986 шерашкахь болх бира Теркан кӀоштан оьздангаллин декъан исбаьхьаллин-кечдаран пхьолгӀин куьйгалхочун даржехь.

1991 шарахь Нохчийн Республика Ичкерин исбаьхьалчийн тобан кхолламаллин декъан куьйгалхо вара.

1992 - 1999 шерашкахь «Терекагровинпром» агрофирман слесарь.

2000 - 2004 шерашкахь Берийн кхолламаллин тӀедешаран центрехь хьехархо болх бира.

2004 шарахь дуьйна Теркан кӀоштан «Йукъара РОССИ» партин декъан куьйгалхо ву[3]

Декоративан-прикладни говзалла гуттаренна а лелош ву. ХӀинца а авторан кхолламаш беш а, хьоьхуш а ву. 1998 шарахь дуьйна, цуо Ӏамош йу, дечиг агаран а, металл кечдаран а говзалле, ЧӀулга-Юртара 50 говза берийн тоба[4].

Къуона исбаьхьалчийн тоба шайн хьехархочуьнца дакъа лоцуш хуьлу баккхийчу гайтамашкахь, бӀаьрг белош пхьерийн а, исбаьхьаллин мах хуучеран а. Цхьа эзар ах эзар сов декаративан-прикладни говзаллин хӀума йу кечйина Нурлана а, цуьнан дешархоша а. Ден новкъа вахана цуьнан кӀант Заурбек. Цуо ша анималистикин жанрехь болх бен, кегийчу кепийн пластикин пхьар гайтина[5].

Къинхьегам

бӀаьра нисйан

ХӀокху заманан нохчийн декоративан-прикладни говзалла лелош болчу исбаьхьалчашна-пхьерашна йукъахь Усманов Нурлана башха меттиг дӀалоцу. Нурланан карайахна дечиган шолгӀа дахар дӀадолало. Цуьнан белхаша хьовсархой тӀеийзабо къоман бустамийн дукхаллийца. Эзар сов къоман бустамийн суьртийн автор ву иза[6].

1974 шарахь дуьйна дакъа лоцуш ву массо а республикин а, зонан а гайтамашкахь. Нохчийчоьнан исбаьхьалла гайтина Германехь а, Шемахь а. Дохку къоман бустамаш.

1983 шарахь дакъа лецира Дон-тӀера-Ростовхь «Бепиган мох» цӀе йолчу, йалхалгӀачу зонан исбаьхьаллин къуоначу исбаьхьалчийн кхолламийн гайтамехь.

1984 шарахь дакъа лецира Нальчикехь "Советийн къилбе" цӀе йолчу йалхалгӀачу зонан исбаьхьаллин гайтамехь.

1988 шарахь Москохахь ССРС къаьмнийн прикладни говзалла гайтамехь дакъа лецира.

1989 шарахь Краснодарехь «Къилба зона - 89» цӀе йолчу зонин гайтамехь дакъа лецира.

2000 шарахь Москохахь «Ӏийса пайхамар   вина 2000 шо кхачарна» цӀе йолчу Йерригроссийн исбаьхьаллин гайтамехь дакъа лецира.

2002 шарахь масех гайтам хилира Москохахь: метро Сокольникин гайтаман комплексехь, Российн Федерацин Кхеташонехь, Исбаьхьаллин Академехь[7].

Москохахь Российн Исбаьхьаллин Академехь хиллачу «Нохчийчоьнан исбаьхьалчаш» цӀе йолчу гайтамехь (май-июнь 2002 шо), чӀогӀа хазахийтира цуьнан дечигах бина болх «Декоративан ага»[8].

2003 шарахь Краснодарехь «Кавказана машар» цӀе йолчу Российн Къилбин зонин гайтамехь дакъа лецира.

2004 шарахь Москохахь Йерригроссийн исбаьхьаллин гайтамехь дакъа лецира.

2004 шарахь Москохахь метро Сокольникин гайтаман комплексехь дакъа лецира Регионашна йукъара гайтамехь «Форум - 2004».

2004 шарахь Петарбухехь Российн КЪФГ гайтамехь дакъа лецира.

2005 шарахь Москохахь Регионашна йукъара гайтамехь дакъа лецира.

2005 шарахь Москохахь Арахьара гӀуллакхийн министраллера гайтамехь дакъа лецира.

2007 шарахь Москохахь, ЦГК 5-гӀа «Российн Халкъан исбаьхьаллин промыслийн ярмарка. Кема – 2007 шо» цӀе йолчу гайтамехь дакъа лецира.

2008 шарахь Москохахь, ЕГЦ Дуьненайукъара «Росси - Беларусь ярмарка» цӀе йолчу гайтамехь дакъа лецира.

2009 шарахь Москохахь Российн Пачхьалкхан Думера гайтамехь дакъа лецира[9].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан