Хажмурадов, Ӏайнди Алиевич
Хажмура́дов Ӏа́йнди Алиевич (1955 шеран 25 май) — нохчийн журналист, йаздархо[1], поэт[2], 1983 шарахь дуьйна ССРС журналистийн бертан декъашхо, 2011 шарахь дуьйна Российн йаздархой бертан декъашхо, 1976 шарахь Германера Дрезден гӀалахь хиллачу йерригевропан хелхаран фестивалан лауреат, вайнехан «Лаьмнийн Поэма» цӀе йолу хелхар хӀотторна мидал а луш. Тайпана аргӀано.
Хажмурадов Ӏайнди Ӏелийн кӀант | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | журналист |
Вина терахь | 1955 шеран 23 май (69 шо) |
Вина меттиг | Коунрад, Карагандан областан, Кхаз.ССР, ССРС |
Корматалла | йаздархо, поэт |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Да | Ӏела |
Нана | Зарган |
Бераш | 3 йоӀ |
Биографи
бӀаьра нисйанХажмурадов Ӏайнди вина 1955 шеран 25 майхь Кхаз.ССР, Карагандан областан, Коунрадехь. Ӏайндин ден Ӏелийн доьзал боккха а, бертахь а бара – ворхӀ кӀанттий, цхьаъ йиший. 1960 шарахь Кхазакхстанера Даймахкарчу, шайн дайш баьхначу ЧӀулга-Юрта[3] цӀа дирзинчул тӀаьхьа, йуьртара йуккъера ишкол чекхйаьккхира. 1972-1975 шерашкахь чекхдаьккхина Соьлжа-ГӀалара Оьздангаллин Серлонан училищан хелхаран дакъа. 1975-1977 шерашкахь эскарехь хилла Германерчу Эберсфальдерерчу, йерриг Европехь гӀарайаьллачу Советийн Эскаран хелхарийн а, эшарийн а ансамблан хелхаран солист волуш тӀемалочун декхар дӀадалар нисделла. 1976 шарахь Германера Дрезден гӀалахь хиллачу йерригевропан хелхаран фестивалехь хьалхара меттиг баьккхина, вайнехан «Лаьмнийн Поэма» цӀе йолу хелхар хӀотторна мидал а луш. 1984-1990 шерашкахь балхана йукъара а ца волуш чекйаьккхина Л.Н.Толстойн цӀарах йолчу Нохч-ГӀалгӀайн университетан филологин факультет. Белхаш бина: оьздангаллехь, журналистикехь, ишколехь, мехкдаьттан промышленностехь, гӀишлошйарехь. Ӏайнди болхбеш ву Теркан кӀоштан «Теркйист» газетехь журналист.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанӀайнди йазйан волавелла ишколехь дуьйна. Миччанхьа Ӏен дезнехь а, болх бинехь а, йазйар дита ца делла.
- 1983 шарахь ССРС-н журналистийн союзе дӀаэцна.
- 1995 шарахь дуьйна Российн журналистийн союзехь ву.
- 2009 шарахь арайаьлла «Са боцу са» повесть.
- 2010 шарахь арадаьлла «Безаман ӀиндагӀ»[4] цӀарца кегийра дийцарш долу жайна.
- 2011 шарахь Российн йаздархойн союзе дӀаэцна.
- 2011 шарахь арайевлла «ДоӀа»[5] цӀе йолу стихаш.
- 2012 шарахь арадаьлла «Марчо» цӀе йолу дийцарш.
- 2013 шарахь арадаьлла «Безаман дирста» цӀе йолу дийцар.
- 2014 шарахь арадаьлла «ЧӀиран хӀоллам» цӀе йолу дийцар.
- 2018 шарахь арадаьлла «Диканан хьост» цӀе йолу дийцар.
Лакхахь дийцина жайнаш доцуш, Ӏайндин дуккха а дийцарш, масех повесть зорба тоьхна йаздархойн йукъараллин жайнин сборникаш тӀехь а, «Орга», «Вайнах» журналаш тӀехь а.
Доьзалла
бӀаьра нисйанӀайндин доьзаллехь кхоъ йоӀ йу.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ http://mk-chr.ru/press-sluzhba/arhiv-news/825-id825 Архивйина 2018-07-26 — Wayback Machine
- ↑ https://www.culture.ru/events/272476/koncert-yazyk-dusha-naroda
- ↑ http://vesti95.ru/2014/04/kraj-dobryh-lyudej/
- ↑ http://grozny-inform.ru/news/culture/17713/
- ↑ http://j-vaynah.ru/wp-content/uploads/2013/08/Vajnah-1.2012.pdf стр.95