ЧӀулга-Йурт

Теркан кӀоштара коьрта йурт, Нохчийчоь.
(ЧӀулга-Юрт тӀера хьажжина кхуза)

ЧӀулга-Йурт[4][5] — Нохчийчоьнан йурт, Теркан кӀоштан центр[6].

Эвла
ЧӀулга-Йурт
оьрс. Знаменское
Сурт
43°40′44″ къ. ш. 45°07′25″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Российн Федераци
Регион Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Теркан  
Истори а, географи а
Йиллина 1808
Дуьххьара хьахор 1811
Хьалхара цӀерш Эльдарова, Мундар-юрт[1]
Центран локхалла 94[2] м
Климатан тайпа барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 9620[3] стаг (2002)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, оьрсий
Динан хӀоттам бусулбанаш, керстанаш
Бахархойн цӀерш ЧIулга-Йуртхой, ЧIулга-Йуртхо
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7,87132[2]
Поштан индексаш 366813, 366831
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО код 96216816001
sznamenskoe.ru
Картин тӀехь
ЧӀулга-Йурт картан тӀехь
ЧӀулга-Йурт
ЧӀулга-Йурт картан тӀехь
ЧӀулга-Йурт
ЧӀулга-Йурт картан тӀехь
ЧӀулга-Йурт

Кхузахь деха нохчийн тайпанаш: Ӏаларой, цӀонтарой, гендаргной, зандакъой, аьрсаной, чермой, чартой, энганой, аргӀаной, айткхаьллой[7].

ЧӀулга-Йуртан Администраци
Теркан кӀоштан Администраци

Географи

Йуьрт лаьтта Теркан аьтту берд тӀехь, Соьлжа-гӀалан 99 километр генахь.

 
ЧӀулга-Йуртара некъаш хадо меттиг

Уллора йарташ: къилбаседехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Рубежни йурт, малхбузехь — Бена-Йурт а, Ӏелин-Йурт а, малхбалехь —Чернокозово йурт, къилба-малхбалехь — Новр-ГӀала, Алпату, Лакха-Невре, Лаха-Невре йарташ, къилба-малхбузехь — Ломаз-Йурт[8].

Микротопонимаш

Йуьртахь билгалъйаьхна лахара микротопонимаш.

"Зима шу" - Теркан дукъан хьалхара тӀегӀа. ЧӀулга-йуртан къилба агӀора[9], йурт зима шу тӀех шорйелла.

"Боккха шу" - Теркан дукъан шолгӀа тӀегӀа. ЧӀулга-Йуртан къилба агӀора[10].

"Теркан татол" - хи туху татол, йуьртан къилба агӀора чекхдолу[11].

"Саьнгар" - Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш 1942 шарахь мостагӀийн танкашна дуьхьала йаьккхина йуьртахоша. Йуьртан малхбуза агӀора йу[12], къилбаседехьа а йара, амма Теркан бердаца гӀишлош йина саьнгар къевлина.

"Диксалун барз" - лаьтта йуьртан къилба агӀора, ширачу заманара кешнийн барз бу иза. «Диксалу» - наггахь хаало нохчийн цӀе йу. Баккхийн наха дийцарехь, оцу барз тӀиера коллективизаци еш а, кулакашна дуьхьала дов латтош а, йуьртахошна хьалха вистхилира йуьртара жигархо Диксалу, цигара йогӀу цӀе: Диксалун барз[13].

"Лакхара хьун" - йуьртан къилбаседа а, къилбаседа малхбузан а агӀора.

"Лахара хьун" - йуьртан малхбалера хьун[14].

"МогIара баьрзнаш" - йуккъерчу бӀешерашкара могӀара лаьтта кешнийн баьрзнаш. Малхбузехьа. ЦӀе йелла тӀехуларчу сиптех[15].

"Теркан тогIе" - йуьртан къилбаседехьа, Теркан йисттехь[16].

"ЖагI мере" - жагӀа боллу меттиг йу йуьртан къилба-малхбузехь[17].

"Къахка муьре" - хьун. Малхбале агӀора. «Къахк» - диттан тайпа, «муьре» - дахкаделла дитте. Хила мега, «муьре» - галдаьккхина «мере», нохчаша и дош леладо уллохь, герга дешнийн маьӀнехь.

"ХӀурин бун лаьттинчу" - малхбален агӀора Эмасулин уллора говраш хохку майданахь лаьтта барз. Баккхийчара дийцарехь кхузахь бун тоьхна дуьххьара охьахиина ХӀурис[18][19](СайдулаевгӀеран а, ГелихановгӀеран а дайшах хилла иза). "Хьо хӀун да гӀерта хаьттича" - йуьртахоша хаьттича, жоп делира бахара:"Нах тӀебагӀахь йуьртда хир ву ша, цабагӀахь бун хир шена".

"Пероз" - къилбаседа-малхбузера хьуьнах олу. Нохчий махках бахале цигахь лаьттина Терках волу бурам. Дош даьлла оьрсийн "перевоз" дашах[20]. Бурам тӀехь болхбеш хилла ЧӀулга-Йуртан вахархо Гилхан Ӏусман.

"Божа лаьхкина боьра" - йуьртан къилбехьара меттиг[21].

"Алмазийн боьра" - йуьртан къилбехьара меттиг, «Алмаз» я «Алмаст» - хьуьнхара, вала а ваьлла, дика стаг, хьехаво нохчийн а, гӀалгӀайн а фольклорехь. Масала, нохчийн эшаршкахь ГIулоз чоь хьахош гуттара а цунан улло туху ловзу алмаз (...Алмазаш ловзучу ГIулозан бийрахь)[22].

"ГӀулоз чоь" - «Банкин-Йуьртан уллора боьра[23]. Йуьртан къилбехьара меттиг.

"Банкин кIотар"[24] . ЧӀулга-Йуьртан къилбехьара Теркан дукъ тӀиера кӀотар йу, цига ховшура чӀулгйуртхой.

"Эмсулиэ" - йуьртан малхбалехьара меттиг. Хьун а, жима кӀотар а. ГӀараваьллачу нохчийн этнографа А.С.Сулеймановс йаздо: "Нохчийн меттаца оцу дешан кхетам бац"[25]. Амма йуьртарчу воккха стага Итрин Мийкалас дийцира оцу топониман маьӀна. Цуо дийцарехь, оцу меттигехь хьоладен Мазаев Тимофейн бахам бара, цуьнан шина йоӀа Эммас а, Соняс а тойш хӀиттадора, кхойкхура йуьртарчу кегий нехе кӀотарара тойне. Хьо стенгара вогӀу хаьттича, жоп лора ЭммСоние йолчура олий (аьлчи а Эммий, Соний йолчура).

"Чергазийн некъ" олура, баккхийчара хӀинца а олу, малхбузера малхбалехьа Теркан аьтту бердаца боьдучу некъах. Шоссейн некъ бу, цуо вовшех тосу Теркан аьтту бердаца йолу йарташ. Ширачу заманахь цуо вовшахтасара БуритӀе ГӀизларца, кхин дӀабоьдура ХӀинжа-гӀала а, Дербенте а, иза чӀогӀа ладаме йохк-эцаран а, стратегин а аса хилла. Тахана республикин чоьхьара маьӀна бен дац[26].

"Теркан тIай" - Теркан тӀехулара тӀай, цунна "ДоттагӀаллин тӀай" аьлла цӀе тиллина оьрсаша. Вовшахтосу йурт Ишореца, аьлчи а аьрру, аьтту бердаш[27].

"Къуйн некъ" - ширйелла цӀе. Иштта олуш хилла ишалаш, боьранаш чухула, хьаннаш йукъахула боьдучу некъах, оцу некъа лелаш хилла къуй, талорхой, талораш деш, дукха хьолахь даьхни дӀадохуш хилла жаш лелош волчу Мазаев Тимофейгара а, гӀалагӀазкхийн баьччанашкара а, оьрсаша латтанаш деллачу нохчийн хьоладайшкара а, паччахьан белхалошкара Гендаргнойн ЧIулгера а, НогӀа-Мирзегара а (НогIа-Мирзин-йуьртан йуьртда). ХӀинца йарташ йаккхий хилла, ишалаш лекъна некъ байна[28].

Истори

Йуьрт йиллина схьавалар нохчех волчу, Ичкерера масех доьзал охьабалийначу мукъаваьккхинчу поручика Гендаргнойн ЧIулга 1808 шарахь Теркан аьтту берд тӀехь Ишоре гӀалин дуьхьала, ЧӀулга-Йурт аьлла цӀе а тиллина. Дукха хан йалале, тӀелетачу ламанхойх лардайтархьама, йуьртахоша кхайкхина валийра Аксайра гӀумкийн эла Эльдаров Мурдар[29], оцу хенахь иза акъарийн нохчийн йарташ лелош дара уьш Жимачу ГӀебартан латташ лоруш доллушехь. Иштта йуьртах Мундар-йурт ала долийра[30].

Эла Мундар Эльдаров аьттонца даржехь хьалавоьдуш вара, дика алапа а дагӀара цунна, таро йолуш вехаш вара, амма 1840 шарахь гӀевттинчу теркйистерачу нохчаша болчу бахамах ваьккхира иза. Иза шен цӀенош дагийна ведара[31].

Гендаргной тайпана наха кхоьллина лору йурт, амма ЧӀулгаца Ичкерера охьабаьхкинарш АргӀаной хилла, 1811 шеран дуьххьара ЧӀулга-Йурт хьахочу архиван тептар тӀехь вуьйцу АьргӀанойн тайпана Бисолтийн некъех волу Байтаркха. 1863 шеран дозатохаран архиван кехат тӀехь, комисси йукъахь бу Далка Мисарбиев АьргӀанойн тайпанара, ШаӀма Болатбиев Беркойн тайпанара, Нурмохьмад Центуров ЦӀонтаройн тайпанара. ТӀехьуо XIX бӀешо чекдолуш йуьрта охьахевшина кхечу тайпанан нах — Айткхаьллой, Аьрсалой, Аьрсаной, ГӀордалой, Зандакъой, Салой, Таркхой, ТӀерлой, Чермой, Чартой, Шикъарой, ЭгӀашбатой, Энганой, Ӏаларой, ткъа иштта кхечу къаьмнийн векалш — оьрсий, гӀалгӀай, жӀайхой, гӀазгӀумкий, гӀумкий[32].

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а, ара а баьхна Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхинчул тӀехьа Мундар-Йуртан цӀе хийцира оьрсаша шайн маттахь Знаменское аьлла[33], амма нохчашна ЧӀулга-Йурт цӀе йисира. 1943 шарахь 1 сентябрехь Мундар-Йурт (ЧӀулга-Йурт) уллохь тӀемаш хилира немцойн эскаршца Мазалк агӀо мукъаяккхархьама — мостагӀийн (шиъ минометан батарей а, батальон сов гӀашлой а) аьтту белира Теркан къилба берд тӀе дехьабевлла чӀагӀбала бердйисттерчу хьун чохь йуьртан къилбехьа. Йуьртан тӀелатар йухатуьйхира 417-гӀа Сивашан а, 389-гӀа кхийсархойн дивизин а ницкъашца. ТӀехьуо, 1943 шеран декабрехь Мазалк а мукъаяьккхира[34].

Дуьххьара ножан хьокха ЧӀулга-Йурт кхуллучу меттигехь боьгӀна ша ЧӀулга, аларца:

  «ХӀокху йуьртана дика маьхкарий а, чехка дин а ма иэшабойла.»[35]  

Оцу хьокханах иттанаш шераш девлча боккха наж кхиара.

1963 шарахь 1 февралехь НГӀАССР-н Теркан кӀоштан администраци Лаха Неврера дӀахьо ЧӀулга-Йурта[36].

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1970[37]1979[38]1989[39]2002[40]2010[41]2012[42]2013[43]
422151916141962010 28610 52810 828
2014[44]2015[45]2016[46]2017[47]2018[48]2019[49]2020[50]
11 07211 23311 41211 65411 77711 87612 167
Къаьмнийн хӀоттам

2002 шеран:

Социалан сфера

Йуьртахь йиъ йуккъера ишкол йу: № 10 йолу гимнази (Московски ур., №20), ЧӀулга-Йуьртан № 1 йолу ЙДИ[51], ЧӀулга-Йуьртан № 3 йолу ЙДИ[52] (Центран урам тӀехь), ЧӀулга-Йуьртан № 2 йолу ЙДИ[53] (А.Хь. Кадыровн цӀарах микрокӀоштехь), спортан ишколаш, йиъъ берийн беш, шиъ техникуман филиал, шиъ спортан цӀа, стадион, Нохчийн Республикин лакхарчу лигехь ловзу футболан команда «Теркйист», тренажерийн чоьнаш, бассейн, шиъ медицинан учреждени, Оьздангаллин цӀа 100 меттигана, шиъ библиотека, шиъ пошта, телеграф, иттаннаш туьканаш, кафеш, ресторанаш, йохк-эцаран центр «Знаменский», иттаннаш машенаш тоен боксаш, иттех машенаш йуьлуш йолу боксаш. Дзержински урам тӀиера № 1 А йолчу гӀишлон чохь йу Россельхозбанкан тӀейина офис.

Гимназин а, №1 йолу ишколан а гӀишлош вовшахъяьккхина, меттиг кӀезиг хиларна, цигахь йина йаьлла керла йаккхийра гӀишлош.

2019 шарах ЧӀулга-Йуртахь йиллина микрокӀошт Нохчийчоьнан президентан а, Российн турпалхочун а А.Кадыровн цӀарах. Даздарца микрокӀошт дӀайоьллуш дакъалецира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин парламентан председатела Даудов Мохьмада, гӀишлошъяран министраллин коьрто Зайпуллаев Муслима, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама, Теркан кӀоштан администрацин куьйгалхочо Куцаев Шамила. ЧӀулга-Йуртара микрокӀошт лерина йу Горагорскера бахархой кхалхо. Берриш микрокӀошта кхелхира ву 963 стаг – царна йина 128 хӀусам, ерриг майда 16 эз. сов кв м йолуш. Керла берийн беш йоьгӀна микрокӀоштахь, дарбан цӀа а ду дугӀуш. Кхин а тӀедеш ду 35 цӀа[54].

Промышленность

ЧӀулга-Йуртахь промышленностах йара ЧӀулга-Йуртан «Тереквинпроман» чагӀаран завод, ЧӀулга-Йуртан кӀоштан йуурган комбинат, шурийн завод, гарзанийн фабрика.

КӀоштан йуурган комбинатах цхьа а хӀума ца дисина, ткъа шурийн заводах деккъа пенаш бен ца дисина, чагӀаран завод вовшахъяьккхина, гарзанийн фабрикан гӀишлош дика лаьтташ йу, амма иза а болх беш йац; кемсаш бухъйаьхна алкоголан дуьхьала компани йолчу хенахь. Дика болх дӀабахийта хи дуьллу маша метта хӀотто беза, 800 га майданера кемсаш меттахӀитто оьшу.

Гарзанийн фабрикан уллохь йина цхьаъ ах гектар майданехь йоккха дешаран-производственни реабилитацин центр, цигахь деша таро йу тайп-тайпанчу пхьоланашна 240 беран, царна йукъахь БЦП бала хьоьгуш а, кхин цамгарш йолу бераш а. Оцу майданахь йалх производственни пхьолгӀа йоцуш 30 беран лерина чохь Ӏан меттиг йу, самукъадаккхаран комплекс йу, администрацин гӀишло йу, маьждиг ду. Центр дӀайоьллуш дакъалецира НР Правительствон жима а, йуккъера а бизнесан Комитетан председатель волчу Шуаипов ШаӀранис, цуо элира[55]:

«Хьуьнарчашна кхузахь йу пхьолгӀанаш: мебелан, дечка пхьолан, тегаран, эчка пхьолан, хьун йакъоран чоь. Йу иштта берашна компьютерца болх, бухгалтеран гӀуллакх Ӏамо классаш. Берашна кхузахь 12 корматалла Ӏамор йу, царна йукъахь аьчка пхьар, дечка пхьар, слесаран, дешин а, кхин а пхьоланаш. 120 стаг болх беш хир ву центрехь даиман а бух тӀехь»

Динан агІо

Йуьртахь маьждигаш ду:

  • Абаст-Хьаьжин цІарах долу рузбанан маьждиг
  • ССРС дуьххьара дина доккха маьждиг
  • Хамидов Баудин маьждиг
  • ЦӀонтаройн маьждиг
  • Миколаев ЗавдигІера маьждиг
  • Іабдул-КеримгІера маьждиг
  • ДарбанцІен кертара маьждиг
  • Реабилитацин-дешаран меттиган кертара маьждиг
  • Базаран кертара маьждиг

Йуьртахь йоккха хьуьжар "Нур" йу.

Кешнийш кертахь кхоъ зиярат а, гІазота кхелхинчеран хІоллам а бу. Иза боьгІна вайн йуьртарчу кІенташна: Ахмадов Ильясан, Дадаев Зайндин, Кадиев Хьасанан, Мусаев Ризванан, Хажмурадов Анзоран.

Зияраташ:

  • Мани-Шайхан зийарат
  • Хьесамак-Моллин зийарат
  • МІомин зийарат

Куьйгалхой

Юьртдай лаьттина: Хьату Халад, Закаев Сайпудди Закаевич, Махмудова Людмила Петровна, Халадова ПетӀамат Ахмедовна, Такуев Висани Дараевич, Закаев Мохьмад Адамович, Аслаханов Салавдин Абал-Хасанович, Джагаев Адам Вахаевич. 1966—1971 шерашкахь — «Знаменский» совхозан директор лаьттина Завгаев Доку Гапурович — 1995—1997 шерашкара Нохчийн Республикин корта. Совхозехь директорш лаьттина Батукаев Асланбек, Нурадиев ИбрахӀим Олхазурович, Яхъяев Висхан Магомедович, Семиев Ширвани Язедович.

Файл:Закаев Сайпудди Закаевич.jpg
Закера Сайпудди

Тайпанаш

Юртара тайпанаш:

  1. Айткхаьллой
  2. АргIаной,
  3. Аьрсалой,
  4. Аьрсаной [56],
  5. Беркой,
  6. Гендаргной,
  7. ГӀордалой,
  8. Зандакъой,
  9. Нижалой,
  10. Пешхой,
  11. Салой,
  12. Таркхой,
  13. ТӀерлой (Гуорой, Оьтти),
  14. ЦӀонтарой,
  15. Чартой,
  16. Чермой,
  17. Шикъарой,
  18. ЭгӀашбатой,
  19. Энганой,
  20. Ӏаларой[4],

ГӀарабевлла йуьртахой

  • Гендаргнойн ЧIулг — XIX бӀешеран йуьххьера нохчийн баьчча, АтагӀан йуьртда.
  • Чуликов Юсуп — Теркан областан Теркан декъан хьаькам. Гендаргано.
  • Хамидов, Баудин Хожаевич (1958 шеран 9 апрель) — геолого-минералогиийн Ӏилманийн кандидат, ООО «Компания Полярное Сияние», ООО «Соровскнефть» инарлин директор. Тайпана аргӀано.
  • Умарсултанов, Вахит Османович (1950 шеран 20 август, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн художник, Российн Федерацин Сийлахь художник, Нохчийн Республикин художникийн тобанан председатель, Российн художникийн тобанан нохчийн регионан декъан председатель, Российн художникийн тобанан секретарь, ССРС художникийн тобанан декъашхо, дукха регионийн а, йерригроссийн а, халкъашна йуккъера а гайтахӀоттамийн декъашхо, 2012 шарахь Российн Федерацин Правительстван оьздангаллин совгӀатхо. ЦӀонтаро.
  • Багалова, Зулейхан Мутушевна (Зулай) ((1945 шеран 2 июнь, Кара-Балта, Жайыл кӀошт, Чуйн область, Киргизийн ССР, ССРС) — нохчийн актриса, НГӀАССР Халкъан актриса (1981 шо), РСФСР Сийлахь артист (1991 шо), йукъараллин гӀуллакханча. Тайпана аргӀано.
  • Ахтаханов, Руслан Абуевич (1953 шеран 14 март — 2011 шеран 15 ноябрь) — нохчийн поэт, Россин йаздархойн Союзан декъашхо, Боровик Артеман цӀарахчу премин лауреат, Современни гуманитарни академин проректор. Чертой.
  • Хажмурадов, Ӏайнди Алиевич (1955 шеран 25 май) — нохчийн йаздархо[57], поэт[58], 1983 шарахь дуьйна ССРС журналистийн Союзан декъашхо, 2014 шарахь дуьйна Российн яздархой Союзан декъашхо, 1976 шарахь Германера Дрезден гӀалахь хиллачу ерригевропан хелхаран фестивалан лауреат, вайнехан «Лаьмнийн Поэма» цӀе йолу хелхар хӀотторна мидал а луш. Тайпана аргӀано.
  • Салихов Джаьнтамар-Хьаьжа[59] — гӀараваьлла Ӏеламстаг, шайх, кхелхина 18.03.1904. Каш ду ЧӀулг-Йуртахь. Тайпана аргӀано.
  • Мисарбиев Джансу-Хьаьжа[59] — Ӏеламстаг, кхелхина 1902. Каш ду ЧӀулг-Йуртахь. Тайпана аргӀано.
  • Юсупов Хьабар (Хьабар-молла)[60] — гӀараваьлла Ӏеламстаг, шайх. Каш ду Йоккхачу АтагӀахь. Тайпана аргӀано.
  • Багалов Мутуш Генаевич[61][62][63] — ЧӀулга-Йуртан вахархо — лахара лейтенант, 1941 шарахь Сталинградан тӀамехь дакъа лаьцна, 1942 ш. мукъаваьккхина, тӀаьхьа 1943—1944 шерашкахь Теркан кӀоштехь болх бина ЧГӀХК хьаькам даржехь. Тайпана аргӀано.
  • Багалов Махьмуд Мутушович[64][65][66] — ЧӀулг-Йуртан вахархо, шиъ институт чекхъйаьккхина, Америкин колледжехь дешна. 1991—1995 шерашкахь Нохчийн Республикин Ичкерин Парламентан депутат, 1995—1996 шерашкахь НРИ Арахьарчу ГӀуллакхийн Министраллин Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь волу векал, АЦШ вахархо. Тайпана аргӀано.
  • Амаев Махьмуд[59][67] — революци хиллачул тӀехьа ССРС пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца дӀакъа лаьцнарш а. Тайпана аргӀано.
  • Хасанов Шамсуддин[68] а — революци хиллачул тӀехьа ССРС пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца дӀакъа лаьцнарш а. Тайпана аргӀано.
  • Усманов, Нурлан Сайд-Алиевич (1954 шо Карагандан область) — Российн Федерацин исбаьхьалчийн декъахо, Российн Халкъан говзанча, Нохчийн Республикин Хьакъ долу исбаьхьалча. Тайпана Пешхо.
  • Мицаева Рубати Хароновна[69] (1967 шарахь ЧӀулга-Йуртахь йина) - гӀарайаьлла тӀемло, тайпана аргӀано.
  • Гарсиев, Хьамзат Ӏелин кӀант (вина 2001 шарахь Луцкехь) - Луцкан "Волынь" командин тӀелатархо, тайпана аргӀано.

Урамаш

  • 1-ра Базаран урамалг
  • Абаст-Хьаьжин урам
  • Абубакар Сайдхасаевн урам
  • Абузара Айдамировн урам
  • Адам Сайдулаевн урам
  • Амад Атиевн урам
  • Артезианан урам
  • Асламбек Шериповн урам
  • Ахьмад Завгаевн урам
  • Ахьмад Завгаевн урамалг
  • Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн урам
  • Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн урамалг
  • Базаран урам
  • Бамматгири-Хьаьжин урам
  • Баудин Арсановн урам
  • Береговой урам
  • Ваха Умеевн урам
  • Виноградни урам
  • Владимир Маяковскин урам
  • Восточни урам
  • Гагаринан урам
  • Гилани Бисултановн урам
  • Грозненски урам
  • Грузински урам
  • Дальни урам
  • Дени Арсановн урам
  • Десяти урам
  • Дзержински урам
  • Докка Датиевн урам
  • Жаьнтамар-Хьаьжин урам
  • Зайнди Джамалхановн урам
  • Знаменски урам
  • Ирисхан Алиевн урам
  • Ирисхан Алиевн урамалг
  • Кабардински урам
  • Кавказан урам
  • Кавказан урамалг
  • Калауссан урам
  • Карьерни урам
  • Кати Айсхановн урам
  • КахӀим Ясаковн урам
  • Комаровн урам
  • Кооперативан урам
  • Кунта-Хьаьжин урам
  • Лев Толстойн урам
  • Лермонтовн урам
  • Лесной урам
  • Лесной урамалг
  • Луговой урамалг
  • Ляля Насуханован урам
  • Мани-Шайхан урам
  • Марьям Айдамирован урам
  • Маташ Мазаевн урамалг
  • Маташа Мазаевн урам
  • Махьмуд Амаевн урам
  • Махьмуда Эсамбаевн урам
  • Мира урам
  • Мирни урам
  • МитӀи Арбиевн урам
  • Мовлад Дакуевн урам
  • Мовлид Висаитовн урам
  • Мовлид Висаитовн урамалг
  • Молодежни урам
  • Молодежни урамалг
  • Московски урам
  • Мохьди Исраиловн урам
  • Мохьмад Баймурзаевн урам
  • Муса Абдулаевн урам
  • Мусайп Мидаевн урам
  • Муслим Магомаевн урам
  • Надтеречни урам
  • Надтеречни урамалг
  • Наурски урам
  • Нефтяникийн сектор 1 урам
  • Нефтяникийн сектор 2 урам
  • Нефтяникийн сектор 2а урам
  • Нефтяникийн сектор 3 урам
  • Нефтяникийн сектор 4 урам
  • Никита Хрущевн урам
  • Нови урам
  • Озерни урам
  • Олимпийски урам
  • Паша Бисултановн урам
  • Перви урам
  • Первомайски урам
  • Петр Захаровн урам
  • Победы урам
  • Пойменни урам
  • Полевой урам
  • Прудни урам
  • Раиса Ахматован урам
  • Рамзан Кадыровн урам
  • Рамзан Кадыровн урамалг
  • Садови урам
  • Сайд-Хьасан Индербиевн урам
  • Сайпудди Закаевн урам
  • Свободы урам
  • Свободы урамалг
  • Северни урам
  • Солта Бисултановн урам
  • Спортивни урам
  • Спортивни урамалг
  • Строительни урам
  • Сулим-Хьаьжин урам
  • Сулим-Хьаьжин урамалг
  • Тапа Чермоевн урам
  • Тапа Чермоевн урамалг
  • Ташу-Хьаьжин урам
  • Терски урам
  • Тихи урам
  • Торгови урам
  • Узеньки урам
  • Умалат Лаудаевн урамалг
  • Ханпаша Нурадиловн урам
  • Хизар Ахмадовн урам
  • Хьалим-моллин урам
  • Хьесамакк-Моллин урам
  • Хьусейн Исаевн урам
  • Хьусейн Исаевн урамалг
  • Хьусейн Юсуповн урам
  • Хьуьнхойн цӀа урам
  • Центральни урам
  • Чеченски урам
  • ЧуликовгӀеран урамалг
  • Шаба Шамаевн урам
  • Шайх Канин урам
  • Шайх Мансуран урам
  • Шамсуддин Хасановн урамалг
  • Шамсуддин Хасановш урам
  • Школьни урам
  • Энтузиастийн урам
  • Южни урам
  • Юнус Дешериевн урам
  • Ӏабдурахьман Автурхановн урам
  • Ӏарби Мамакаевн урам
  • Ӏели Малаевн урам
  • Ӏели Митаевн урам
  • Ӏумар Якубовн урам
  • Ӏусман-Хьаьжин урам[70]

Билгалдахарш

  1. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР от 23.02.1945 о переименовании с/советов и населенных пунктов Грозненской области
  2. 1 2 Село Знаменское / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  3. Итоги переписи населения 2002 г.
  4. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  5. История села Знаменское
  6. Закон Чеченской республики № 16-РЗ от 20.02.09 (doc). — Об образовании муниципального образования Надтеречный район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 декабрь. Архивйина 2012 шеран 9 апрелехь
  7. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.555
  8. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  9. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  10. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  11. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  12. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  13. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  14. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  15. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.555
  16. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  17. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  18. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007, стр.124,126.
  19. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  20. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  21. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  22. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  23. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  24. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  25. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  26. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  27. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  28. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  29. http://arhiv-chr.ru/deyatelnost/publikatsii/50-knyazya-eldarovy
  30. Волкова Н. Г. — Этнический состав населения Северного Кавказа в XVIII — начале XX века. M., 1974, стр. 184
  31. . И. ДУХАЕВ, отдел научно-исследовательской работы и информационно-поисковых систем Архивного управления Правительства ЧР
  32. АИЭ, ф.8, д.27, л.67. Материалы экспедиции 1971 г.
  33. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ № 100)
  34. А. А. Гречко — Битва за Кавказ
  35. Эльмурзаев, Юсуп Мутушевич страницы истории Чеченского народа.
  36. Административно-территориальное деление Чеченской Республики
  37. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 октябрь. Архивйина 2013 шеран 14 октябрехь
  38. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 29 декабрь. Архивйина 2013 шеран 29 декабрехь
  39. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  40. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  41. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  42. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  43. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  44. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  45. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  46. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  47. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  48. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  49. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  50. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  51. МОУЧ 'СОШ N1 С.ЗНАМЕНСКОЕ' 89637077601, 2007003903
  52. МОУЧ 'СОШ N3 с. Знаменское' 89280894523, 2007003893
  53. https://chechnyatoday.com/news/348415
  54. https://obzor.io/2019/05/31/mikrorajon-imeni-kadyrova-poyavilsya-v-chechenskom-sele-video-66649/
  55. В Чеченской Республике открылся крупный учебно-производственный реабилитационный центр
  56. Эрсеной тейп.
  57. http://mk-chr.ru/press-sluzhba/arhiv-news/825-id825
  58. https://www.culture.ru/events/272476/koncert-yazyk-dusha-naroda
  59. 1 2 3 Духаев А. И., «Эпоха шайхов», Элиста, «Джангар», 2007, стр.162-172.
  60. Духаев А. И., «Эпоха шайхов», Элиста, «Джангар», 2007, стр.162.
  61. https://www.geni.com/people/%D0%9C%D1%83%D1%82%D1%83%D1%88-%D0%91%D0%B0%D0%B3%D0%B0%D0%BB%D0%BE%D0%B2/6000000037718090002
  62. http://lists.memo.ru/d3/f27.htm
  63. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. «Краткая история и генеалогия тайпа АргӀаной», Знаменское, ГУП «Надтеречная межрайонная типография», 2007, стр.72.
  64. https://www.youtube.com/watch?v=T5t_v_hLx3Y
  65. http://artofwar.ru/w/woronin_a_j/prawitelxstwodudaewamart1994goda.shtml
  66. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. «Краткая история и генеалогия тайпа АргӀаной», Знаменское, ГУП «Надтеречная межрайонная типография», 2007, стр.23, 72.
  67. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. «Краткая история и генеалогия тайпа АргӀаной», Знаменское, ГУП «Надтеречная межрайонная типография», 2007, стр.23, 75.
  68. Кадиев (Мисарбиев) С.-М. Х. «Краткая история и генеалогия тайпа АргӀаной», Знаменское, ГУП «Надтеречная межрайонная типография», 2007, стр.28, 55.
  69. https://www.kavkaz-uzel.eu/articles/371447/
  70. http://mapkarta.ru/%D0%A7%D0%B5%D1%87%D0%B5%D0%BD%D1%81%D0%BA%D0%B0%D1%8F__%D0%A0%D0%B5%D1%81%D0%BF/%D0%9D%D0%B0%D0%B4%D1%82%D0%B5%D1%80%D0%B5%D1%87%D0%BD%D1%8B%D0%B9__%D1%80%D0%B0%D0%B9%D0%BE%D0%BD/%D0%97%D0%BD%D0%B0%D0%BC%D0%B5%D0%BD%D1%81%D0%BA%D0%BE%D0%B5__004/%D1%83%D0%BB%D0%B8%D1%86%D1%8B

Хьажоргаш