Хантиев (Ахметханов), Кана-Шейх
Кана-Шайх (нох. Хантиев Кана-Шайх) — накъшбандин тӀарикъатан шайх, XX бӀешеран Нохчийчоьнан политикин гӀуллакххо, Ӏусман-Хьаьжин жимаха волу ваша. Схьавалар Ӏалларойн тайпанах ду.
Хантиев Кана-Шайх | |
---|---|
нох. ХІентин Кана | |
| |
Дуьненан цӀе | Кана |
Вина терахь | 1848 |
Вина меттиг | Девкар-Эвла |
Кхелхина терахь | 1933 шеран 10 май |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала |
Динан цӀе | Кана-Шайх |
Биографи
бӀаьра нисйанКана-Шайх Лаха-Неврера Хантиев Ӏусман-Хьаьжин жимаха волу ваша вара. Иза вина 1848 шарахь. Канин нана йара курчалой тайпанера Жовхар — Ахметханов ХӀентин шолгӀа зуда.
Дешар
бӀаьра нисйанБер долуш Ӏусман-Хьаьжас дӀавелира иза Таьшкичура Абун хьуьжаре. Абу-Шайха кхелхинчул тӀаьхьа Канин устаз хилира Таьшкичура гӀумкий Хож-Ахьмад. Канин шайхан дарже кхача гӀодира Таьшкичура Хож-Ахьмада а, Ӏусман-Хьаьжас а.
Хьехархо
бӀаьра нисйанКана-Шайх (нох. Хантиев Кана-Шайх) — накъшбандин тӀарикъатан шайх, XX бӀешеран Нохчийчоьнан политикин гӀуллакххо, Ӏусман-Хьаьжин жимаха волу ваша. Схьавалар Ӏалларойн тайпанах ду.
Махках ваккхар
бӀаьра нисйан1911 шеран октябрехь «Обарг Зеламхин гӀодарна» Кана-Шайх кхечу шайхашца – Митаев Бамат-Гири-Хьаьжица (Іовдица), Гайсумов Суоип-моллица, Хамирзаев Чиммирзица (Дуккица), Белхароев БатӀал-Хьаьжица, Шаптукаев Ӏабдул-Ӏазизца (Доккица), Назиров Мохьмадца (Маница), Ӏаьндара Ӏумар-Хьаьжица цхьаьна – араваьккхира Калуга гӀала. 1912 шеран апрелехь иза мукъаваьккхира бехке цахиларна, цӀа ван бакъо йелира[1][2].
Шайхан тӀаьхьара шераш
бӀаьра нисйан1918—1920 шерашкахь Кана-Шайх шен мурдех лаьтта тобанан коьртехь, дакъалоцу кӀайнгвардихошна дуьхьала къовсамехь. 1918 шеран 2 январехь цара дакъалоцу Девкар-Эвлара тӀамехь. Деникинан Шайн Лааман эскарна дуьхьала тӀом бинашехь, советийн Ӏедал хӀоттарца Канин репрессеш йо, хьийза а во. ТӀаьххьара иза лецира 1933 шеран 17 мартехь, 85 шо долуш, оцу шеран 9 апрелехь уггаре лакхара кхел кхайкхийна. Кхел кхочуш йира 1933 шеран 10 майхь. 1990-гӀа шарахь Кана-шайханна реабилитаци[1][2] йина.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Кана-Шейх Хантиев . «Зори ислама» — республиканская газета (2021 шеран 15 июнь). Архивйина 2022 шеран 3 октябрехь
- ↑ 1 2 Багаутдин Аджаматов. Башир–шейх аль-Яхсави. История Кавказа и селения ЭндирейISBN 9785449885562. . — Издательские решения. —
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
- Багаутдин Аджаматов. Башир–шейх аль-Яхсави. История Кавказа и селения ЭндирейISBN 9785449885562. . — Издательские решения. —
- Духаев А. Плеяда шейхов из Надтеречья . — Лаха-Невре, 1997.
- Духаев А. Эпоха шейхов . — 3-е. — Нальчик, 2016.