ХӀаджар
«ХӀа́джар» (Ӏаьр. هاجَر) — ИбраьхӀим пайхамаран зуда а, ИсмаьӀилан
нана а ю. Бусалбанийн а, керстан а динехь цуьнан историн маьӀнаш цхьатерра ду.
ХӀаджар | |
هاجَرْ | |
Йина меттиг | Мисар |
---|---|
Кхелхина меттиг | Макка |
ДӀайоьллина меттиг: | Хьиджр ИсмаIил |
Къам | Ӏаьрбий, Жуьгтий |
Да | Pharoah[d][1] |
Майра | ИбраьхӀим |
Бераш | ИсмаьӀил |
ИсториНисъе
Сарат шен цӀийндеца ИбраьхӀимца Мисар кхаьчначу хенахь, Мисаран паччахьо цунна совгӀатан ХӀаджар елла хиллера. Саратас цунах шен ялхо йина. Оцу хенашкахь Саратан цхьа а бера дацара. ИбраьхӀиме аьлла цо: «хьайн ХӀаджарах зуда ен». ХӀаджарас кӀант вира ИсмаьӀил, оцу хенахь ИбраьхӀиман 86-шо дара. Сарат оцарах чӀогӀа хьоьгуш яра. И бахьана долуш АллахӀ-дала омра дина ИбраьхӀиме: «и шиъ Макка дӀадига, цигахь Ӏад дита» — аьлла. ИбраьхӀимас иза кхочуш а дина, шен цӀа схьавеара.
Цхьажимма хан яьлча, ХӀаджарера яа хӀума дӀаяьллера. Иза хила дӀасауьдуьра «Сафа а, Марват а» — олучу шинна ломана тӀе. Оцу меттехь ИсмаьӀилан когашкахь хьаладолуш цхьа хи дара, оцу хин цӀе «Замзам» — ю. Цигахь цхьа хан яьккхира цушимма.
Оцу махка кхечира цхьа «ДжурхӀум» — олуш цӀе а йолуш, цхьа къам. ХӀаджарера бакъо а яьхна, уьш цигахь баха охьахевшира. Цу бакъо а елла, уьш цигахь Ӏаш бара. ИсмаьӀила вина 5-шо даьлча, Саратас — Исхьакъ пайхамар а вира.
ХӀаджар ИсмаьӀилаца КаӀбатан уллохь «Хьиджр ИсмаӀил» — олучу меттехь дӀайоьллина ю.
Кхин хьажаНисъе
- ↑ 5 // (unspecified title)