Сарат
ИбраьхӀим пайхамаран зуда
Сарат (Ӏаьр. سارة) — ИбраьхӀим-пайхамаран зуда йу, Исхьакъан нана Якъуб-пайхамаран дена. Сарат жуьгтий цӀе йу, Ӏаьрбийн матте гочйича цуьнан маьӀна "хазахетар". Жуьгтий цӀе Сарат (שָׂרָה) цуьнан маьӀна "принцесса" хуьлу. Шен хенахь чӀогӀа хаза зуда хилла Сарат.
Сарат | |
---|---|
Ӏаьр. سارة | |
![]() | |
Йина терахь | гергга 1936 в. э. хьалха[1] |
Кхелхина терахь | гергга 1809 в. э. хьалха[1] |
ДӀайоьллина меттиг: | |
Къам | Жуьгтий |
Да | Тарахь |
Майра | ИбраьхӀим |
Бераш | Исхьакъ |
Динашкахь ларар | Ислам, Керсталла, Иудаизм |
БиографиНисйе
Сарат а, ИбраьхӀим а жималлехь дуьйна гергарло долуш хилла, Саратан, ИбраьхӀиман, ЛутӀан наной йижарий хилла боху. Вавилон Намрузан махкахь Ӏаш хилла уьш. ИбраьхӀимас Сарат маре йигира. Шайн махкахь йокъала хӀоьттинчу хенахь и шиъ Мисар дахар. Саратан цхьа бера дацара, шен йалхо ХӀаджар ИбраьхӀиме маре йига аьллера цо. ХӀаджаран кӀант хилира ИсмаьӀил, массарна и шиъ дукха дезар, и бахьана долуш Сарат царех хьоьгура.
90 шо кхаьчча АллахӀ-дала цунна кӀант Исхьакъ велира.