Шедала хи
Шедала хи[1][2][3][4] (гуьрж. შატილისწყალი, Шедала) — историн-географин областера Пхейн-Махкара ломан эрк, охьадогӀу Гуьржийчоьнан къилбаседа-малхбалехула, Душетийн муниципалитетан Мцхета-Мтианети махкахула. Орган аьрру га.
Шедала хи | |
---|---|
гуьрж. შატილისწყალი | |
Амал | |
Дохалла | 10 км |
Бассейн | 43 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Караты ломан гергахь |
• Локхалла | 2595 м |
• Координаташ | 42°41′33″ къ. ш. 45°07′01″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Орга |
• Эрк чекхдолу меттиг | 126 км аьрру бердаца |
• Локхалла | 1409 м |
• Координаташ | 42°39′32″ къ. ш. 45°09′33″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 118,6 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регион | Мцхета-Мтианети |
КӀошт | Душетийн муниципалитет |
Эркан цӀе масех декъах лаьтташ йу: гуьрж. შატილი (шатили), гочдо вайнехан меттанашкара Шенийн мохк; гуьрж. -ის (-ис) — доланиг дожарера суффикс; гуьрж. წყალი (цкъали) — хи, эрк[1][5]. ЖамӀ дича хуьлу — Шейн мехкан эрк.
Эркан хьосташ ду 2412 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь, Караты (2912 м) а, Махисмагали (3890 м) а лаьмнийн басешна йукъахь, Российн-гуьржийн дозан гергахь. Лакхенашкахь охьадогӀу малхбалехьа а, къилбаседа меалхбалехьа а, тӀаккха доьрзу къилбехьа, Миткурихархи схьакхетначул тӀаьхьа хикхоче кхаччалц доьду къилба-малхбале. Эркан шоралла хикхочехь 5 м йу, кӀоргалла — 0,3 м, хин сихалла 2 м/с, эркан бух тӀулгийн бу. Шедала хин хикхоче йу Орган хикхочел 126 км лакхахь аьрру бердашца, 1395 метр хӀордан тӀегӀанал лакхахь, Шедала эвлан гергахь[2][3][4].
Шедала хин ду цӀе тиллина цхьа га — Миткурихархи[2][3] (гуьрж. მითხულის-წყალი). Иза кхета Шедала хих аьтту агӀора, хьостал 2 километр гергга лакхахь, 1542 м хӀордан тӀегӀанал лакахб[2][6].
Эркан уллехь лаьтташ цхьа эвла бен йац — Шедала, Цигахь Шедала эркан тӀехула тесна масех тӀай ду[4][6].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Дехьа гӀо: 1 2 А. В. Твердый. Топонимический словарь Кавказа. — Краснодар: Краснодарское кн. изд-во, 2011.
- ↑ Дехьа гӀо: 1 2 3 4 Картан кехат K-38-43-В.
- ↑ Дехьа гӀо: 1 2 3 Лист карты K-38-43 Ниж. Алкун. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
- ↑ Дехьа гӀо: 1 2 3 Картин кехат K-38-55-А. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш.
- ↑ Кеп:Инструкции по русской передаче географических названий
- ↑ Дехьа гӀо: 1 2 Данные получены при помощи картографического сервиса Google Maps