Эмасуле
Эмасуле[3] йа Эмасулиэ[4] — Нохчийн Республикин Теркан кӀоштан кӀотар йу. Бахархой — 35 стаг.
КӀотар | |
Эмасуле[1] | |
---|---|
43°38′47″ къ. ш. 45°11′22″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Нохчийчоь |
КӀошт | Теркан кӀошт |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1808 шо кхачале |
Бахархой | |
Бахархой | 35 стаг |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Бахархойн цӀерш | бусулбанаш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87132[2] |
Поштан индекс | 366812 |
Автомобилан код | 20, 95 |
ОКАТО | 96216807001 |
Картин тӀехь | |
Иза йу Лакха Неврен йуьртан меттиган[5] йукъайогӀу кӀотар.
Географи
бӀаьра нисйанЭмасуле лаьтта Лакха Неврен 7 км къилбаседа-малхбузехьа, ЧӀулга-Йуртан 4 км къилба-малхбалехьа, Лаха Неврен малхбузехьа, Теркан аьтту бердаца[4].
Лулара нах беха меттигаш: къилбаседехь — Алпату йурт, къилбаседа-малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Новр-ГӀала а, къилба-малхбалехь — йарташ Лаха Невре, Макан-КӀотар, Минеральни, къилба-малхбузехь — ГӀулоз[6].
Истори
бӀаьра нисйанДийцаркахь йиллина цхьаьна гӀумкийчо Хажгириев Эмас, Лакха Неврен масех чаккарма (1,06 км) малхбузехьа йиллина эвла Эмасуле. Цигахь цхьаьна бехара гӀумкий а, нохчий а. Оцу эвлахь вехира XIX бӀешеран йуккъерачу заманахь корнет эла Солтахан Таймазов.
1878 шарахь Чечанара ДадаевгӀар Джаби-Хьаьжа, Къада-молла, Уса, Даша охьахевшина Эмасуле. Церан тӀаьхье хӀинца еха ЧӀулга-Йуртахь[7].
Оьрсийн даьхнийлелорхошна МазаевгӀарна латта мукъадаккхархьама, 1888 шарахь Теркйисттерачу йарташкахула дӀасабоькъу. Эма Хажгириевн тӀаьхье УмалатовгӀар, ТембулатовгӀар, СалаватовгӀар, ДакиевгӀар хӀинца а беха Ӏелин-Йуртахь.
Советийн Ӏедал тӀедеанчул тӀаьхьа, нохчий махках баьхначул тӀаьхь, кхузахь йиллира хьакхарчий лело ферма, иза латтира 80-гӀа шераш кхаччалц. И ферма йохийначул тӀаьхьа кхузахь бежний лело буьйлабелира. Иштта даьхний лелон аьтту хиларна кхуза кӀез-кӀезиг адам охьахууш ду хӀусамаш а йугӀуш. ДӀадекъна лаьттан дакъош а ду керла бахархошна.
Инфраструктура
бӀаьра нисйанКӀотаран къилбехьа, Мазалк-Гуьмсе новкъаца, лаьтта заправкин комплекс, цунна йукъайогӀу: бензин а, газ а йутту заправка, чӀургаш тоен вулканизаци, кафе, бильярдан чоь, машенаш йуьлу меттигаш.
КӀотарахь ишкол а, берийн беш а йац, бераш автобусца Лакха Неврен ишколе дуьгу.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Руслан Хуррит, Некоторые лакуны историографии Чечни, Караганда, издательство "Луч", 2018,стр.24
- ↑ Село Верхний Наур / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ) Архивйина 2011-08-30 — Wayback Machine
- ↑ Руслан Хуррит, Некоторые лакуны историографии Чечни, Караганда, издательство "Луч", 2018,стр.24
- ↑ 1 2 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Грозный, ГУП «Книжное издательство», 2006,стр.581, 585
- ↑ Верхненаурский сельский округ (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь rar. Объём 8 МБ.
- ↑ Руслан Хуррит, Некоторые лакуны историографии Чечни, Караганда, издательство "Луч", 2018,стр.24