Ӏелин-Йурт
Ӏелин-Йурт[4] — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.
Эвла | |
Ӏелин-Йурт | |
---|---|
43°40′18″ къ. ш. 44°57′37″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Теркан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Ӏелин-Йуртан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | XVIII бӀешо |
Хьалхара цӀерш | Алхазово[1], Ӏелин-Йурт[2] |
Центран локхалла | 108 метр |
Сахьтан аса | UTCUTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↘8446[3] стаг (2020) |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 366823 |
Автомобилан код | 95 |
ОКАТО | 96216810001 |
Картин тӀехь | |
Ӏелин-Йуртан йуьртан меттиган административан центр[5].
Географи
бӀаьра нисйанӀелин-Йурт лаьтта Теркан аьтту берд тӀехь, кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Йуртан 8 километр малхбузехьа, цӀерпоштнекъан станци йолчу Ишорен 15 километр генахь, Гуьлгани (Ставрополан мохк) гӀалан дуьххьала. Уллора йарташ: къилба-малхбузехь — НогӀамирзин-Йурт, къилбаседа-малхбалехь — Бена-Йурт[6].
Йуьртан микротопонимаш
бӀаьра нисйан- Йуьртахь а, йуьртан йисташкахула а йу микротопонимаш.
- 1941-1945 шерашкара Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь кхелхинчу салташна вежарийн каш тӀехь боьгӀна хӀоллам. Йуьртан йуккъехь.
- "Элан хьун" – йуьртан къилба-малхбалехь.
- "Халадан хьун" – изза хьун. Халад – паччахьан эскарехь хилла эпсар, цуьнан боккха мохк хилла Теркан аьтту бердаца.
- "Зандакъойн бассе" – Теркан дукъан къилбаседа басе, дуьйш, дерзош, даьхни дажош лелош хилла Ӏелин-Йуртара Зандакъойша.
- "Шу тIера кешнаш" – йуьртан къилбехьара кешнаш.
- "Шира кешнаш" – йуьртан йукъара кешнаш.
- "Чарташ дохку меттиг" – изза кешнаш.
- "Цугин хи" – йуьртан къилбехьа. Цуга – долара цӀе.
- "БугIин некъ" – къилбаседехьа Теркан тӀебоьду некъ. БугIа – долара цӀе.
- "Айдин кхор" – Ӏелин-Йуртан къилбаседа йисттехь ша лаьтташ кхор болу меттиг.
- "Алашин хи" – йуьртан къилбаседехьа. Алаша – наггахь бен хаалуш йоцу стеган долара цӀе[7].
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1970[8] | 1990[9] | 2002[10] | 2010[11] | 2012[12] | 2013[13] | 2014[14] |
4962 | ↘4907 | ↗7184 | ↗7471 | ↗7715 | ↗8034 | ↗8268 |
2015[15] | 2016[16] | 2017[17] | 2018[18] | 2019[19] | 2020[3] | |
↗8299 | ↗8323 | ↗8386 | ↗8431 | ↗8459 | ↘8446 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн нах багарбаран[20]:
Къам | Дукхаллин барам, чел. |
Дакъа берриг бахархойх, % |
---|---|---|
нохчий | 7 037 | 94,19 % |
жӀай | 273 | 3,65 % |
гӀумкий | 43 | 0,58 % |
гӀазгӀумкий | 24 | 0,32 % |
кхин берш | 28 | 0,37 % |
ца хаийтина, къам доцуш | 66 | 0,88 % |
массо | 7 471 | 100,00 % |
Истори
бӀаьра нисйан1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а ара а баьхна, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхича Ӏелин-Йуртан кхин цӀе тиллира – Гвардейски[2]. Советийн Ӏедал доьхначул тӀаьхьа шен шира цӀе Нохчийн Республикин Ичкерин парламенто меттахӀоттийра. НРИ Ӏедал дохийначул тӀаьхьа, йуха а официалан цӀе Гвардейски лело йолийра.
Iелин-Йурт цӀе тиллина хила тарло дуьххьара охьахиинчу Iелин цӀарах. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу Эла Мусостанний, Адин Сурхонний илли» цӀе йолчу Турпалийн иллин чохь буьцу хиламаш Iелин-Йуртахь хиллачух тера ду[7].
Инфраструктура
бӀаьра нисйанЙуьртахь йу социалан объекташ:
- Ӏелин-Йуртан муниципалан йуккера йукъарадешаран № 1 ишкол[21].
- Ӏелин-Йуртан муниципалан йуккера йукъарадешаран Мальсагов Аюбан цӀарах № 2 йолу ишкол[22];
- Ӏелин-Йуртан муниципалан йуккера йукъарадешаран № 3 йолу ишкол[23];
- Ӏелин-Йуртан кхианза болчеран социалан-реабилитацин центр[24];
- Ӏелин-Йуртан "№ 1 йолу Берийн беш "МАЛЫШ""[25];
Юьртахь алссама туькнаш, кафеш, заправкаш йу. Эвла йисттехь Ӏелин-Йуртана а, Бена-Йуртана а йуккъехь йиллина асфальтан завод.
Тайпанаш
бӀаьра нисйанӀелин-Йуртара тайпанаш[26]:
Йуьртара гӀарабевлла бахархой
бӀаьра нисйанГериханов, Ихван Баудинович - (вина 1954 шеран 17 апрелехь, Караганда гӀала, Карагандан область, Кхазакхийн ССР) — Нохчийн Республикин политикин а, пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, юридически Ӏилманийн кандидат, республикера йуристех дуьххьарчарех Ӏилманча-юрист.[27][28] Нохчийн Республикин Ичкерин Парламентан депутат хилла.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Сунженский округ Терской области
- ↑ 1 2 Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
- ↑ 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
- ↑ Нохчийчоьнан яртийн цIерш.
- ↑ Гвардейский сельский округ (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
- ↑ Карта Чечни Объём 8 МБ.
- ↑ 1 2 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.553
- ↑ Надтеречный район (1970)
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
- ↑ Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более" . Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
- ↑ МОУЧ 'СОШ 1 с. Гвардейское Надтеречного района'
- ↑ МОУЧ 'СОШ 2 с. Гвардейское Надтеречного района'
- ↑ https://gvardeysk3.edu95.ru/ Архивйина 2018-02-12 — Wayback Machine
- ↑ gsrtsn.ru/contact/
- ↑ http://www.list-org.com/company/8030006
- ↑ Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006.
- ↑ Диссертации на тему: Международное право, Европейское право . www.dissland.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 15 январь.
- ↑ Стр. 51 - ученые чечни . chenetbook.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 15 январь.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Топонимика слова Элин-Юрт
- ЭЛИН-ЮРТ 1. Индекс почты 366823 — отзывы и оценки работы отделения почты
- Населённые пункты Чечни — Эшарш.ком Архивйина 2013-12-31 — Wayback Machine
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |