ХӀусам
ХӀусам — ламастан, стаг ваха кечйина гӀишло йа Ӏаламан къайлаволийла. Практикан функци, йоцуш хӀусамо символан роль йу, арахьара хаосах лардеш адаман оьздангаллин аренашкахь структуран ойла кхочушйо, уьйр йо доьзалан йа тайпанан хьалхарчу чкъоьрашца. Иштта ойла йича хӀусам кхетайина ца Ӏа шен веха гӀишло, амма шуьйрачу маьӀнехь цӀа а, эвла а, мохк а кхетадо[1].
ХӀусам | |
---|---|
Йина | гӀишлойн гӀирсаш |
Викиларми чохь медиафайлаш |
ХӀусам цӀарца кхетадо гуттаренна нах беха квартиран цӀенош, йукъара хӀусамаш болх бечу йа доьшучу хенахь беха, хьешан цӀенош йоцучу хенахь бахархьама. Квартиран цӀеношна йукъадоьду хьешан цӀийнан тайпана а, къанойн интернаташ[2].
ТӀехулара куц, пенийн а, чухулара а хӀусам йина гӀирс тайп-тайпана бу (иза хила тарло дечиг, гата, тӀулг, бетон, латта, кибирчиг, болат, аьнгали, даьӀахк, ло).
Истори
бӀаьра нисйанАдамаша хӀусам лелайо хьалхалера бахаман йукъараллин хӀоттаман заманара дуьйна. Йуьхьанца уьш йара тайп-тайпана хьехаш. Ӏаламан хӀусамашка кхочуш ца далора ширачу адаман хьашташ, уьш тойан буьйлабелира. Бехачу майдане тӀулг била буьйлабелира (масала, шира хӀуттийла Ла Ферраси, Эль-Кастильо хьех), тӀулгийн керташ (ХӀуттийла Ильски Краснодаран махкахь) йан йолийра, йа тӀулгуш духкура кертан меттана (Волчи грот хьех ГӀирмахь). Аренашкара адамийн шира хӀусамаш хилла тоьланаш а, баннаш а.
Климат хийцайаларо, шелйаларо, дийзийтира адамийн тӀаьхь-тӀаьхьа жигара хӀусамаш йан. Йуьхьанца лерина белхан гӀирс боцуш, белхан гӀирс хилира дечиг а, дийнатийн даьӀахкаш а. Дуьненахь уггаре ширачех йина йолу хӀусаман 10 эзар шо ду, иза йина мамонтан даьӀахкех; карийна ССРС махкахь Межирич йуьртахь, Киевн гена йоццуш, хӀинцалерачу Украинехь. ХӀусам мамонтан цӀуканашца къевлина хилла хила тарло. ХӀусам карийна 1965 шарахь ахархочун 2 метр кӀоргехь, шен кертахь ларма йоккхуш[3][4].
ХӀусамаш таханлерачу кхетамца йан йолийра, схьагарехь, неолитат заманехь дуьйна, амма маьӀ-маьӀӀехь, тайп-тайпана оьздангаллашкахь хӀусамаш йар цхьаьна хенахь ца доладелла. Иштта, Ширчу Мисран уггаре хьалхара йевза неолитан хӀусамаш йу вайн эрал X эзар шо хьалхара, ткъа Грецехь карийна вайн эрал 6000 шо хьалха йинарш. Луьра Ӏаьнаш долчу къилбаседа регионашкара хӀусамаш, гоьрга йа деакӀуо чоь йу йуккъехь кхерчан меттиг а йолуш, лакхахь кӀура дӀабахийта Ӏуьрг а долуш. Наггахь ишттачу хӀусамехь адамаша буьйса йоккхура шайн хӀусаман дийнаташца. Болгарин гӀалахь Стара-Загора музей йу «Неолитан хӀусамаш» , цигахь гойту оцу муьрера хӀусаман бахамехь оьшу хӀуманаш: дуьххьарлера бепиг дотту пеш, куьйга хьовзо хьер, кхира пхьегӀаш, кхин а[5].
Кхерстаран дахарера охьахевшина дахаре девлчи хӀусамаш кӀез-кӀезиг хийцало. ХӀусаман куц, барам, латтар къаьста йаккхий башхаллашца, дозу регионан къоман а, оьздангаллин а башхаллех, цуьнан хӀусамден социалан хьолех. Йекъачу хьаннаш йоцучу кӀошташкахь йора поппар чутоьхна, кибирчиган, буьда кибирчиган гӀишлош. Европера хьаннех йехаш йолчу кӀошташкахь а, Азехь а дора хьаннийн цӀенош. Йуьхьанца иштта цӀенош лаьттара цхьана чоьнах, тӀаьхьа йан йолийра гӀишлош, масех чоь йолуш, шен-шена лерина йолу: масала дуьйшу чоь, хӀума йуу чоь, хьешан чоь, кхин дӀа а.
Вайн эрал IX эзар шо хьалха йукъадовлу дуьххьарлера тӀулгийн цӀенош. Археологашна тӀулгийн дахаран гӀишлош карийна ширачу нах хевшинчу меттигашна йукъара йу Къилба-Малхбален Анатоли Чайоню а, Палестинера Иерихон а[6].
Борзан бӀешеран муьрехь Европехь уггаре йаьржина хӀусам лаьттах аьхкина тоьланаш хуьлу. Цаьрца цхьаьна ду латтан тӀехулара цӀенош, пенаш дуттура тӀулгех йа дора зӀарех тӀе поппар а тухий. Неолитан а, Борзанан бӀешеран а дозанехь йаьржа бӀогӀамийн хӀусам, кхин тӀе из алело область дикка шуьйра йу — италин террамар а, Альпашна йисттера Ӏаьмнаш тӀехь йина гӀишлош а тӀиера, Океанера бӀогӀаман гӀишлошка а, Калимантанера даякийн хӀусамашка а кхаччалц.
ТӀемаш даржар бахьнехь йан йолайо чӀагӀйина йарташ (нах хевшина меттиг Березняки, Ярославлан область, Тушемля гӀала, Смоленскан область)[7].
Цхьайолу хӀусаман кепаш (масала гӀа́ланаш) билгалчу историн муьрашкахь, долахь хила таро йара, цуьнца догӀу социалан хьал долчеран (масала элий). Йуьхьанца, алсама лелориг йуьртабахам болуш, цӀенош дора кегийрачу тобанашца (йарташ, поселкаш, кӀотарш). ТӀаьхьа пхьоланаш кхиарца тӀаьхь-тӀаьхьа гӀаланаш кхиара.
Ширачу Мисран хӀусамаш
бӀаьра нисйанМассо а кхечу меттигашкахь санна, Мисран махкара хьалхара хӀусамаш тоьланаш а, хьехаш а, тайп-тайпана дийнатийн цӀоканех дина рагӀуш а, йуьйцина конструкцеш лелош йина хӀусаман йара. ТӀаьхьа лело йолийра малхехь йакъийна кибирчиг. Уггаре йаккхий а, шира а кибирчигах йина меттигех йу Меримде Бени-Салама, иза кхоллайелла некъел хьалхарчу муьрехь. Ишттачу кибирчигийн хӀусамаш овалан хуьлура, цӀенкъа латта хьаьккха, тхьов къовлура эрзаца. Оцу кепара хӀусамаш йисина тӀаьхьа а — Хьалхара паччахьаллин муьрехь а, тӀаьхьа а. Алсама таро йолу нах, масала, цӀуйн таро йара дукъошах хӀусам йан. ПирӀунийн гӀаланаш хила тарлора йаккхий кибирчигийн гӀишлош[8].
Ширачу Грецин хӀусамаш
бӀаьра нисйанШирачу хӀусамех чӀогӀа кӀезиг археологин хаамаш бу. Цхьаьна декъех ширачу хӀусаман сурт хӀотталур ду гомеран поэмашкахь. ХӀусам ондда йихкина йара латталерца; цӀийнан коьрта дакъа керт хилла. Иштта цӀийнан комплекс йукъайан тарлора беш, хасбеш, бани, бассейн. Ша къастош йара зударийн агӀо (гинекей), иза хила тарлора шолгӀачу гӀат тӀехь.
Классикан муьран гӀалин хӀусамаш билгалйохура гӀалин планан структурица. ГӀала еакӀуо куьпашна йекъаро, иштта йеакӀуо гӀишлош йойтура, кхин тӀе массо гӀишло тера барам болуш а йара. Йовха климат хиларна коьрта чоьнаш цӀийнан къилбаседан агӀора хуьлура. Кораш а, неӀарш а арайовлура чоьхьарчу керта, циггахь тӀегӀанаш а йара шолгӀачу гӀот тӀевала. Чоьнаш йоькъура функцица: андрон (божарийн чоь) лерина йара тойнашна, ойкос (кхерч болу чоь), кхин а. ГӀишлош йуттура йаттанза йолчу кибирчигех, тхов бора дечиган, бедан тӀе гераг йуьллура йа латта тосура.
Эллинистийн муьрехь хӀусамаш кхиаран Ӏаткъам бора бахамашца нах къастар. Алсамо таро йолчу наха дора ах куп дӀалаьцна йа сов цӀенош. ХӀусаман коьрта тайпа хуьлу перистилан цӀа, иза дукхахьа нисло йухадина пастадан цӀа[9].
Ширачу Руман хӀусамаш
бӀаьра нисйанКъаьстина социалан декъадаларо Руман имперехь йийкъира хӀусамаш тайп-тайпана социалан тобанийн кепашка. ГӀалин бахархой тӀекхетар бахьнехь, алсама долу дакъа миска нах хуьлура, тӀаккха йукъайелира инсула тайпана хӀусам. Инсула дуккха а гӀоташ йолу цӀа дара, цунна чуьра чоьнаш мехах чубуьтуш йара. Дукха хьолахь хӀусам баккхал йа цхьа пхьолгӀа йара, тӀехула кхин тӀе йина вахаран гӀат а йолуш. Иштта тӀехула хӀусам йан таро хилира имперера гӀишлошйаран техника кхиарна, масала, руман бетон йукъайалар, дика тодар нартолан къовламийн техника. Амма ша конструкцин дикалла дукха хьолахь лахара хуьлура, цундела уьш чуоьгура. Инсулашкахь хи а, канализаци а йацара. Локхалла инсулийн хила тарлора 5-6 гӀат.
Алсама хьал долчу румхойн хӀусам йара атриуман-перистилан цӀенош (домусаш). Гуттаренна а модификаци йеш, кхин тӀе гӀоташ йеш, бух бира йуккъехь чоьхьара керт йолу дуккха квартиран цӀенош-гӀунаш тӀаьхьа йукъадовларан. Атриуман-перистилан цӀеношна чохь, атриум а, перистиль а йоцуш, дуккха чоьнаш йара тайп-тайпана функци йолуш, цхьа низам доцуш тӀеечу хӀусамаш цхьаццанхьа дийна цхьа хӀусам йуй теша олий хаттар а хӀотталора.
Ша-кепара хӀусамаш хилла императорийн резиденцеш. Йуьхьанца, хила тарло, уьш домус тайпана хилар, ткъа тӀаьхьа царех шортта корпусаш йолу ансамблаш хилла. Царна йукъайогӀура шеш гӀаланаш, Ӏаршан залаш, базилика, бассейнаш, стадиумаш, ларарий, бахаран корпусаш, кхин гӀишлош.
Руман элийн кхин цхьа тайп хӀусаман хилла виллаш . Вилла гӀалин арахьара дахаран хӀусам хилла. Калориферан йовхо йукъайаларо таро йира церан дерриг шарахь веха хӀусам хила. Виллаш тайп-тайпана йара, цхьаьна гулахь гӀишло а хила тарлора, шен функцешца йекъна гӀишлош а хила тарлора. Дукха хьолахь гӀайренаш тӀехь йа бухташкахь лаьтта, виллашна йукъабогӀура кема соцу причал а. Уггаре йаккхий вилланаш йара шуьйра архитектурин-ландшафтан композицеш цхьаьна ойланца дина[10].
ХӀусамаш Русехь
бӀаьра нисйанШирачу Русан заманахь, феодалийн йукъаметтигаш кхиарца, хийцайала йолало тайпана кӀотарш йаккхий йукъарчу хьолашца йолу йарташца, иза хилира бахам цхьаьна доьзало лело буьйлабалар бахьнехь. Адамийн хӀусамаш оцу муьрехь шен хьалха хилла кеп лелайора — иза латтан тӀехулара йа цхьа дакъа лаьттах доьллина цӀа, тоьла. Къилбаседехь пенаш даран коьрта гӀирс дукъош хилла, къилбехахь даьржина дара каркасан конструкцеш чу поппар а тоьхна. ЦӀенош дара цхьаьна чоьнах лаьтташ, кхерч латтара дукха хьолахь тӀехьарчу пенаца, цӀенкъа охкийн бахаман сурсаташ ор чу йохкура.
Элий бехачу эвланашкахь хуьлура гӀишлойн дифференциаци шен Ӏалашонца: билгалйовлу килсаш, лайшан къаьстина хӀусамаш, дааран сурсаташ Ӏалашде хӀусамаш. Уггаре чолхе структура йара элийн хӀусамийн — хоромийн. Хоромаш, дукхах ерг, хьаькхна вовшех хиттина дукъойх йина йара, уьш кхаа декъах лаьттара: сени, йовха чоь, шийла бахаман чоь[11].
Интерьеран а, план хӀотторан а истори
бӀаьра нисйанХьалхалерачу хӀусамех а, церан интерьерех а кӀезиг хаа, амма аьтту болу церан историн тӀаьхьа терго йан уггаре атта лочкъийлашка кхаччалц. Шира Руман архитектора Витрувийс тардолуьйтура, хьалхара архитектурин гӀишло тӀе поппар хьаькхна геннех йина бун хилар, — атта хӀусам[12]. ТӀаьхьуо Филипп Табора (Philip Tabor) билгалдоккхура, XVII бӀешеран голландин цӀенош бух хилар таханлерачу архитектурин[13]:
Дахаран хӀусамах вай ма-кхеттара, хӀусамийн а хӀусам йу — Нидерландаш. XVII бӀешеран деаннах хьалхарчу кхаа декъехь и ойла чагӀйелира. Нисса оцу хенахь голландхойн хилла кхечера йоцу вовшахкхетта таро, церан таро йара меттиг беркате тойан.
Дуьххьарлера йоза (ингалс.)As far as the idea of the home is concerned, the home of the home is the Netherlands. This idea's crystallization might be dated to the first three-quarters of the 17th century, when the Dutch Netherlands amassed the unprecedented and unrivalled accumulation of capital, and emptied their purses into domestic space.
Йукъара чоьнаш
бӀаьра нисйанЙуккъера бӀешерашкахь дукхаха йолу капиталан хӀусамаш йара керташкахь, цигахь цхьацца белхаш а дора, тайп-тайпана хиламаш а хуьлура. Оцу хӀусамашкахь дехара дукха адам, царна йукъахь доьзал, гергара нах, белхалой, ялхой, хьеший[12]. Церан дахар дара дукхаха дерг коммуналан, хӀусаман чоьнаш цуьнца йогӀуш а йара. Йоккхачу чоьнехь дукхаха дерг массара цхьаьна хӀума йаара, гуламаш бора, ткъа йоккха сирла чоь йукъара дуьйшу чоь йара[14].
Чучча чоьнаш
бӀаьра нисйанЧучча чоьнаш йолу хӀусамаш йан йолийна италин гӀаланашкахь XV а, XVI бӀешерашкахь, архитектурин ЙухаметтахӀотторан муьрехь. Кертара хӀусамех къаьстина, гӀалан дукхаха йолу чоьнаш стенна хьажийна йу билгала хууш дацара, амма хӀоранна а церан луларчу чоьнаш чу йоьдуш масех неӀ хуьлура. Эванс Робина (1944—1993) йуьйцура иштта план «шаьшша лаьтта, амма дика вовшахтесна палатийн матрица» санна[15]. Цуо таро лора гӀалин бахархошна йерриг гӀишло чухула паргӀата лела чучча чу а оьхуш, цкъаццӀа къайленийн дозанаш дохош. «Чухула лела чучча чухула бен таро а йацара. Ламеш а, сени чоьнаш а, нагахь уьш елахь а, цхьаьна чу йоьдура, цигара кхечу чоьне, цкъан а ца бора „йукъара некъ“. ХӀусаман пенаш чоьнаш къастайахь а, хӀусаман йиллина план йара[15]. Йиллинчу плано бахархой лаахь а ца лаахь а социалалле а, уьйране а буьгура[12].
Сени чоь
бӀаьра нисйанСени чоь йукъайаларан уггаре хьалхарчех масала карадо Бофор-Хаузехь (инг. Beaufort House), иза дина 1597 шарахь лондонан Челсихь ингалсан архитекторан Зоп Джонан проектаца, цуо шен чертежаш тӀехь йаздина: «Ехха дехьаволийла массарна йуккъехула» (инг. A Long Entry through all)[16]. Оцу хӀусамера хӀора чуьра аравалалора урам тӀе йукъарчу сенин чухула а, йукъара чу-ара волу неӀархула а, чучча чухула а ца лелаш. Оцу хенан иштта архитектурин болх боккха хийцам бара. Ингалсан архитектора Пратт Роджера йаздина, «йуккъехула чекхволу цӀийна дохаллехь йукъара чоь хиларо, таро йора адамашна вовшен са ца гатдайта чучча чухула лелаш»[17]. XVII бӀешарахь йукъаралла йекъайелла, адамашна йукъара харцо совъйаьлла, йукъараллин классаш а, чкъоьраш а кхин а чӀогӀа къаьстина. Оцуо архитектурин Ӏаткъам ца бича ца болура. Йехаш йолчу хӀусамехь дукха луьра йоькъу чоьнаш ялхошна а, лахара классашна а; ялхочун бакъо йацара тоьхначу дозанал аравала, хӀусамден хьеший болуш йа хира нах болуш муххале а[17]. Оцу къечарна а, хьал долучарна а социалан декъадаларо дира, XIX бӀешарахь дукхаха долу британин гӀалин цӀенош сени чоьнаш йолуш, чучча чоьнаш дӀа а йохуш.
Социолога Рубцински Уитольда билгалдаьккхира, оцу хенахь «хӀусам йекъайелира дийнан а, буьйсенан а чоьнашна, формалан а, формалан йоцу а меттигашна»[18]. Оцу хенара чоьнийн йара цхьа неӀ йукъара сени чу йоьдуш, цунах чеккхенца хилира йукъарчух, долара башха чоьнаш[12].
Болх цӀийнах къастабар
бӀаьра нисйанШирачу заманахь а, Йуккъера БӀешерашкахь а дукхаха долу адамаш болх бора шеш дехачохь: шайн цӀахь, йа цӀийнан гергахь: лаьттан декъа тӀехь, даьхьанан кертахь, пхьолгӀехь йа баккхал чохь. XVII бӀешеран Голландехь долийра тӀехь-тӀехьа алсама болх, пхьоланаш йа бизнес, хӀусамах къасто, иза доьзна дара промышленностан революцица, йаккхий фабрикаш йахкарца, кегийра пхьераш арататтарца.
Ингалсан Ренессансан йаккхийра хӀусамех къаьсташ, Голландехь «дешийн» XVII бӀешарахь хӀусамаш йора дикка жима майда йолуш, хӀоранна а чохь вехара максимум виъ-пхиъ стаг[12]. Оцу заманан голландхой шайна бен тӀе ца товжура, шайн ницкъех бен ца тешара, кхин а хӀусамехь ялхой ца лелабора. Цундела хӀусамаш кегийра йора: цӀа цунна чохь беха доьзалан ницкъашца леладалийта[12]. Оцу заманан Голландийн беха хӀусамех хилира дегӀана аьхна бен, хӀусаман Ӏалашо йара садаӀийтар, доьзале а, гергара накъосташка а. Шена хилар иштта ладаме дара; цундела, голландийн цӀийнан компакталле хьаьжна ца Ӏаш, цунна чохь чучча чоьнаш а ца йеш, йора йукъара сени. XVII бӀешо чекхдолуш, голландийн хӀусамийн таханлерачу кепах тера йолу трансформацин процесс чекхйелира[12].
ХӀусаман эволюци XIX—XX бӀешерашкахь
бӀаьра нисйанПромышленностан революцис гӀаланашкара хӀусамийн мах цӀеххьана хьалабаьккхира: мехах чубуьтура бедан тӀе, тоьли чу, божалаш чу, ларми чу.
Британи|Йоккха Британехь]] заводашкара а, фабрикашкара а дукха белхалошна ийшира хӀусамаш. Иза бахьнехь, гӀишлошйар сихдан а, дораха дан а, буьйлабелира массашкахь тӀегӀан тайпана дукха дакъош долу блокех цӀенош дан. Ингалсан гӀаланийн урамаш дуьзира ирча кибирчигийн шина тӀегӀан цӀенойн могӀанаш — лахахь кухни кӀоран пеш йолуш, урам тӀе а, жимачу беша а араволийла, лакхахь — йеккъа цхьа чоь массарна а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Е. В. Смирницкая. ХӀусаме . Большая российская энциклопедия - электронная версия. bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 август. Архивйина 2018-08-14 — Wayback Machine
- ↑ Жилые дома//Энциклопедия современной техники. Строительство. Том 1 (А — Кессон) —М.: Советская энциклопедия, 1964
- ↑ Gregorovich, Andrew (1994), Ancient Inventions of Ukraine
- ↑ Межиричская стоянка. Памятник археологии, 1965 г. Путеводитель по Украине. Doroga.UA. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 2 октябрь. Архивйина 2012 шеран 14 октябрехь Архивйина 2014-09-10 — Wayback Machine
- ↑ Музей «Неолитни хӀусама» — Стара Загора Архивйина 2010-01-24 — Wayback Machine
- ↑ Гайко Г. І., Білецький В. С. Історія гірництва: Підручник. — Київ: Видавничий дім «Києво-Могилянська академія», 2013. — 542 с. — ISBN 978-966-518-616-8. — С. 26.
- ↑ Всеобщая история архитектуры, Том 1. Москва, 1973 год. с.17-36
- ↑ Всеобщая история архитектуры, Том 1. Москва, 1973 год. с.39-47
- ↑ Всеобщая история архитектуры, Том 2. Москва, 1973 год. с.20,142,320
- ↑ Всеобщая история архитектуры, Том 2. Москва, 1973 год. с.619
- ↑ Всеобщая история архитектуры, Том 3. Москва, 1966 год. с.516-524
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Hill, Jonathan. Immaterial Architecture. New York: Routledge, 2006.
- ↑ Tabor, Philip. Striking Home: The Telematic Assault on Identity. // Occupying Architecture: Between the Architect and the User. — Jonathan Hill, editor.
- ↑ Manor House . Middle-ages.org.uk (2007 шеран 16 май). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 4 январь.
- ↑ 1 2 Evans, Robin. Translations from Drawing to Building: Figures, Doors and Passages. — London: Architectural Associations Publications, 2005
- ↑ Summerson, John «The Book Of Architecture of John Thorpe in Sit John Soan’s museum: 40th Volume of the Walpole Society» England: The Society 1964
- ↑ 1 2 Pratt, Sir Roger «Sir R. Pratt on Architecture» 1928
- ↑ Rybczynski, Witold. Home: A Short History of An Idea. — London : Penguin, 1987. — P. 56. — ISBN 0-14-010231-0.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанHouse Викилармехь |
- Жилище в БСЭ
- Самые удивительные дома мира Архивйина 2012-01-19 — Wayback Machine
- Комфортное и безопасное строительство, системы Умный дом Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- Необычные дома. Нестандартная архитектура Архивйина 2013-09-29 — Wayback Machine
- Строим дом из дерева(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Дом каталог чохь йу хьажоргаш Open Directory Project (dmoz).
- Жилище — одно из основных материальных условий существования человека Архивйина 2014-10-29 — Wayback Machine