ГӀурбанан Ӏийд
бусалбанийн шина Ӏийданах цхьаъ
ГӀӯрбанан Ӏӣйд (Ӏаьр. عِيدُ الْأَضْحَى Ӏийдул-азхьа̄) — иза бусалбанийн шина Ӏийданах цхьаъ ду (важа Ӏийд — Марха досту Ӏийд ду), иза Ӏарафат дийнахь латтар чекхдаьллачул тӀаьхьа, зул-хьижжатан 10-чу дийнахь нисло, бусалба хьажой шена чохь лаьтта меттиг йу иза, хьаьжан коьрта белхаш кхочушдархьама, ткъа иза чекхдолу зул-хьижжатан 13-чу дийнахь. Иштта хӀара Ӏийд ИбрахӀим пайхамаран дийцар дагалацар лоруш а ду, цунна гӀан гинчу хенахь, шен кӀантана ИсмаӀилна гӀурбанна урс хьакха аьлла Дала омрадеш. Цундела кху дийнахь бусалбанаш Далла гергабоьду цӀерачу дийнатех цхьанна урс хьакхарца а (уьстагӀ йа йетт йа эмкал), гӀурбанан жижиг доьзална а, гергарчарна а, мискачарна а дӀасадекъарца а, цундела аьлла цунах ГӀурбанан Ӏийд.
ГӀурбанан Ӏийд | |
---|---|
Ӏаьр. عيد الأضحى | |
| |
Тайпа | исламан |
Даздо | бусалбанаша |
Терахь | 10 зул-хьижжат |
2024 шарахь | 16 июнехь |
Даздар | маьждигехь |
Доьзна ду | хьажца |
Викиларми чохь медиафайлаш |