Адыгейчоь
Респу́блика Адыге́й (адыг. Адыгэ Республик; йоца цӀе: Адыге́йчоь, Эдигей[2]) — Российн Федерацин субъект, цунна йукъара республика[3], Къилба федералан гуонан йукъайоьду, Къалбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа. Коьрта шахьар — Майкоп гӀала.
Республика (пачхьалкх) | |||||
Адыгейчоь | |||||
---|---|---|---|---|---|
адыг. Адыгэ Республик | |||||
|
|||||
Адыгейчоьнан шатлакхан илли | |||||
44°39′ къ. ш. 40°00′ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Росси | ||||
Адм. центр | Майкоп | ||||
Корта | Керашев, Анзаур Асланбекович | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1991 | ||||
Латта |
|
||||
Сахьтан аса | MSD | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой |
|
||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ISO 3166-2 | RU-AD | ||||
Телефонан код | 877 | ||||
Официалан сайт(оьр.) | |||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Республикин мехкан массо а агӀора гуо бина Краснодаран махко.
Кхоьллина 1922 шарахь 27 июлехь Адыгейн (Чергазийн) автономин область аьлла Кубанан-ӀаьржахӀордан областан Майкопан а, Екатеринодаран а дакъойн махкахь, 1928 шеран августехь цӀе хийцина Адыгейн автономин область аьлла, 1991 шеран 3 июлехь республика йина[4][5].
Пачхьалкхан меттанаш: оьрсийн а, адыгейн а. Иштта баьржина эрмалойн, украинийн, кхурдойн меттанаш.
Географин хьал
бӀаьра нисйанАдыгейчоь лаьтта Российн Федерацин къилба-малхбузехь, Кубанан аьрру бердашца, дӀалоцу Кубанйисттера таьӀна (Кубандехьара) аренан йуккъера дакъа а, Къилбаседа-Малхбузан Кавказан къилбаседа басеш а.
Республикин коьрта мохк бу Кубанан доккхачу шина ген йукъахь — Лабан а, КӀайн а, лаьтта 44° а, 45° а къ.-с. ш. параллелашна йукъахь, 45-гӀа параллело йоькъу Краснодаран хилоттийла а, Кубанйисттера аренан къилбаседа дакъа а, 44-гӀа чекхйолу ломан кӀошташкахула Псенодах Ӏоман а, Гузерипль эвлан а гергахула, 40-гӀа меридиан йуккъехула аьлчи санна чекхйолу республикин къилбаседера къилбехьа, чекхйолу Лагонакан акъарин йуккъерачу декъехула, Майкопан а, Гиагински гӀаланан жимма малхбузехьа.
Адыгейчоьн доза ду Краснодаран мехкан Красноармейски, Динскан, Усть-Лабинскан, Курганинскан кӀошташца а, Краснодар гӀаланца а — къилбаседехьа, Йоккха Сочин Адлеран, Лазаревски, Хостински кӀошташца — къилбехьа, Апшеронскан, Белореченскан, Северскан кӀошташца а, Довха Хьост гӀалин администрацин мехкаца а — малхбузехьа, Мостовскан, Лабински, Курганински кӀошташца — малхбалехь.
Адыгейчоьнан майда — 7790 кв.км., дозанийн дохалла — 900 км, республикин йохалла мехкан къилбаседехьара къилбехьа — 208 км, малхбузера малхбалехьа — 165 км.
Ӏаламан тӀаьхьалонаш
бӀаьра нисйанАдыгейчохь хьаннийн тӀаьхьалонаш шорта йу, цара дӀалоцу мехкан кхоалгӀа сов дакъа, къилба агӀора. МаьӀданех кӀеззиг Ӏаламан газ йу, шорта бу гӀишлошйаран гӀирсаш (жагӀа, гӀум, сацкъар-латта, кир-маьӀда), республикин лаьмнашкахь доллу кӀеззиг деши[6], маьӀдан гӀирсаш.
Сахьтан аса
бӀаьра нисйанАдыгей Москохан хенан сахьтан зонехь йу. Сахьтан аса: UTC+3.
Климат
бӀаьра нисйанАдыгей Республикин климат барамехь-йовха а, дикка кӀеда а йу. Регионан климат кхолларан боккха Ӏаткъам бо атмосферан циркуляцин амало. Меттигера ладаме климатан а, рекреацин а амал йу, малх къегаран йохалла. Дерриг а республикехула шарахь дагардо 200 - 250 декхна де; цхьаьнатоьхна мелхан радиаци хуьлу 115 - 120 ккал/кв.см.
Доккхачу тӀегӀанера Адыгейчоьнан климатан амал билгалйоккху республикин географин хьолан башхаллаш, уггаре хьалха, гӀуорош боцу Ӏаьржа хӀорд гергахь хилар, меттиган шоралла, локхалла, Къилбаседа-Малхбузан Кавказан ломан раьгӀнаш латтар. Ӏаьржа хӀорд дика йовхонан «аккумулятор» йу, аьхка гулйой, Ӏаьнан заманахь гуонахьарачу меттигашна кӀез-кӀезиг луш дӀало цуо. Цуьнца цхьаьна иза Ӏаьржа хӀордан циклонаш кхоллало хьост ду, цуо бердашкарчу кӀошташка тӀуналла йахьа.
Шен рогӀехь, Кавказан лаьмнаш сацадо тӀуьна малхбузера мехаш, аьтту бо республикин мехкан тоъал тӀуналла латто бӀаьстенан-аьхкенан заманахь. Цундела Адыгейчохь йочанаш шозза дукха хуьлу, масала, Краснодаран мехкан къилбаседан аренан зонехьчул. Йочанаш йолуш шарахь 115 – 150 де хуьлу. Довха 200 – 210 шо шарахь хуьлу.
Республикин махкахь йочанаш йар цхьабосса дац, кхин чӀогӀа башхалла йу ломан кӀажошкарчу зонехь. Церан барам тӀекхета лакха мел волу. Амма йочанаш йекъаран боккха Ӏаткъам бо меттиган орографино. Иштта, Лагонакин акъарин къилбаседа басе ша-кепара «орографин экран» йу, цунна хьалха йочанийн барам цӀеххьана тӀекхета. Уггаре дукха йочанийн шеран йуккъера барам (2744 мм) хаайелла Белореченски дукъ хадорехь.
Мехкан механ раж иштта куьйга кӀела йу меттиган орографин. Иштта, нагахь Даховски гӀалахь къилбаседа а, къилбаседа-малхбален а агӀора мехаш делахь, тӀаккха Бели эркан тогӀен чохь йолчу Гузерипль эвлахь – къилбаседа, къилбаседа-малхбален, къилбан, къилба-малхбузан агӀора ду. Махкахь мехаш башха сиха ца хуьлу. Уггаре чӀогӀа шторман мехаш хаало дукхах дерг Ӏаьнан заманахь, доьзна ду деккъа кхузахула атмосферан фронташ чекхйовларца. Ломан а, ломан кӀажошкара а зонан механ рожан амалин башхалла йу ломан-тогӀин мехаш хилар.
Адыгейн мохк къилбаседера къилбехьа беха боццушехь (200 км гергга), республикин климат чӀогӀа тайп-тайпана йу. Къилбаседа аренан декъехь климат барамера континенталан йу, ломан кӀажошкахь - йовха, тӀуьна, ткъа къилба декъехь – лекха лаьмнийн шийла климат. Йерриг лаьрча Адыгейчоьнан климатан ресурсаш дика йу йуьртабахаман, промышленность, транспорт, рекреаци кхиарна. Климатан башхаллаш дика къаьста шеран заманашца. Республикера Ӏа кӀезиг ло долуш, барамехь шийла, кӀеда ду. Наггахь бен доцу шерашкахь иза долало сихха. Дукха хьолахь хуьлу беха Ӏаьн хьалхара мур. Оцу заманахь хуьлу хийцало шелонаш а, йовхонаш а дерриг ло а дешаш.
Адыгейчуьра Ӏа доладаларан йукъара барам ноябран чеккхе йу, оцу хенахь хӀаваан температура охьайолу -5°С. Уггаре шийла Ӏаьн бутт январь бу. Йуккъера дукхашеран температура -2,0°С тӀиера (аренашкахь) -4,4°С кхаччалц (лаьмнийн кӀажошкахь). Ӏаьнан заманахь сих-сиха дикка шелонаш хуьлу, оцу хенахь температуран минимум охьайолу -20, - 25°С. Цу тӀе абсолютан минимум хила тарло -30, - 35°С. Ӏаьн йуккъехь цӀеххьана йохйала тарло +5, +10°С температурашца, лайнаш а дашош, ша а бохош, хиш а дестош. Дукха хьолахь и йовхонаш йоьзна бовхачу бекъачу мехца - фенца.
Лайн чкъор аренашкахь стомма дац - 6 - 10 см, ломан кӀажошкахь а, ломахь а 50 см тӀиера 2 - 5 м кхаччалц ду. Луон кӀоргаллин максимум (6,1 м) хилла ломан Фиштан тобанехь. Аренан декъехь латта гӀуорадар 15 - 30 см сов ца хуьлу. БӀаьсте йоьзна Азин баран максимум лагӀйаларца, цуьнан малхбузен агӀо малхбалехьа йухайаларца. Иза бахьнехь, лаьттанйукъарахӀордан циклонийн аьтту болу малхбалехьа а, къилбаседа-малхбалехьа а кхача. Цуьнца йоьзна йовха хӀаваан массаш къилбехьара а, къилбаседехьара а таро йо сихха хӀаваан температура айа, йашийта, латта доххо. Адыгейчоьнан бӀаьстенан циркуляцин башха амал йу атмосферийн процессийн чӀогӀа хийцамаш хилар а, сихха хӀаваан массаш хийцайалар а.
БӀаьсте аренашкахь хьалха йулу (йуккъера дукхашерийн хаамашца, февраль чекхболуш – мартан йуьххьехь), ткъа лаьмнашкахь 2000 м лакхахь – март чекхболуш а, тӀаьхьа а. Март болалуш луо дерриг деша аренашкара, ткъа дерриг латта деша февралехь. Йохйалар бӀаьста сиха хуьлу. БӀаьсте йолаелла 15 де даьлчи – мартан бохаллехь, хӀаваан температура +5°С сов йолу, ткъа 10 - 20 апрелехь - +10°С сов хуьлу. Оцу хенахь гӀуоролаш дӀайовлу. Аьхка хӀаваан массийн циркуляци дикка лагӀло. Хенан-хӀоттам коьртаниг кхоллало меллаша йогӀу азоран а, арктикан антициклонийн хӀаваан массийн трансформаци бахьнехь, цунна дика гӀо до алсама мелхан радиаци йаро. Адыгейчуьра аьхке лаьтта йуккъера барам 140 дийнахь. Республикин аренан декъехь иза тӀекхочу майн хьалхарчу декъехь, ломан кӀажошкахь - 10 - 15 де тӀаьхьа, ткъа лаьмнашкахь 1700 - 1800 м хӀордан тӀегӀанал лакха кхаччалц – июнан хьалхарчу декъехь. Шеран уггаре бовхачу беттан температуран йуккъера барам – июлехь аренашкахь хуьлу +23,2°С, ткъа ломан кӀажошкахь +20, + 22°С. Аьхке аренашкахь йовха а, йекъа а хуьлу, ломан кӀажошкахь дикка шийла хуьлу. Дикка лекхачу лаьмнашкахь хӀоьттина хӀаваан температура + 10°С хьалайалар ца хаало.
Аьхкенан йочанаш чӀогӀа догӀан амалехь хуьлу. Адыгейчоьнан берриг аренан махкахь йовхачу муьрехь 300 - 400 мм догӀа догӀу. Ломан кӀажошкахь оцу муьрехь тӀекхета 500 - 550 мм, ткъа лаьмнашкахь 800 - 1000 мм. Аренашкахь гуьйре тӀекхочу сентябрь чекхболуш – октябрь болалуш, ломан кӀажошкахь 10 - 15 де хьалха. Гуьйренан йуьххьехь бовха, бекъа, бекхна хенан хӀоттам хуьлу. Октябран шолгӀачу декъехь хӀаваан температура 10°С охьайолу, соцу жигара йуьртабахаман культурийн вегетаци, хаало дуьххьара гӀуоролаш. ДогӀанаш деха, массанхьа хуьлу. Ноябрехь хӀоьттина хӀаваан температура охьайолу -5°С, йуьртабахаман культурийн вегетаци йерриг соцу.[7]
Истори
бӀаьра нисйан1991 шеран декабрехь — 1992 шеран январехь хилира Республика Адыгейн Лакхарчу Советийн депутатийн харжамаш. Кхоьллира Адыгейн исторера дуьххьарлера парламент. 1993 шарахь цунах бира Законашкхолларан Гулам (Хасэ), ткъа 1995 шарахь Пачхьалкхан Совет — Хасэ.
1992 шеран январехь хаьржира республикин дуьххьарлера президент Джаримов Аслан. 1992 шеран мартехь — Республика Адыгейн Лакхарчу Советан дуьххьарлера председатель Тлеуж Адам. 2002 шерера 2007 шо кхаччалц Адыгейн коьртехь вара Хазрет Совмен, 2007 шерера 2017 шо кхаччалц — Тхакушинов Аслан. 2017 шарахь дуьйна Республика Адыгейн Корта — Кумпилов Мурат ву.
1993 шеран 25 декабрехь болх бан йолаелла Российн Федерацин Конституцис къобалйина Адыгейн республикин статус.
Республика Адыгейн Конституци чӀагӀйина Закононашкхолларан Гуламо (Хасэ) 1995 шеран 10 мартехь.
Бахархой
бӀаьра нисйанРосстатан хаамашца республикин бахархойн барам 463 088[8] ст. (2020). Бахархойн луьсталла: 58,36 ст./км (2020). ГӀалийн бахархойн: 46,32[9] % (2017).
2017 шо чекхдолуш баларан коэффициент хилира 12.6 промилле. Берриг бахархойн чот йича кхочу, шарахь Республика Адыгейн регионехь кхелха 5713 стаг.[10]
Къоман хӀоттам
бӀаьра нисйанБагарбина шо | 1979[11] | 2002[12] | 2010[13] |
---|---|---|---|
Берриг бахархой | 404 390 | ↗ 447 109 | ↘ 439 996 |
Къам гайтинарш | 404 390 (100 %) | ↗ 445 306 (100 %) | ↘ 425 386 (100 %) |
Оьрсий | 285 626 (70,6 %) | ↗ 288 280 (64,7 %) | ↘ 270 714 (63,6 %) |
Адыгейш | 86 561 (21,4 %) | ↗ 108 757 (24,4 %) | ↗ 109 699 (25,8 %) |
Эрмалой | 6 359 (1,6 %) | ↗ 15 268 (3,4 %) | ↗ 15 561 (3,7 %) |
Украинаш | 12 078 (3,0 %) | ↘ 9 091 (2,0 %) | ↘ 5 856 (1,4 %) |
Кхурдой | 2 (0,0 %) | ↗ 3 631 (0,8 %) | ↗ 4 528 (1,1 %) |
ГӀезалой | 2 415 (0,6 %) | ↗ 2 904 (0,7 %) | ↘ 2 571 (0,6 %) |
Цигонаш | 1 109 (0,3 %) | ↗ 1 844 (0,4 %) | ↗ 2 364 (0,6 %) |
Азербайджанаш | 274 (0,1 %) | ↗ 1 399 (0,3 %) | ↗ 1 758 (0,4 %) |
Желтой | 1 021 (0,3 %) | ↗ 1 726 (0,4 %) | ↘ 1 385 (0,3 %) |
Белорусаш | 2 244 (0,6 %) | ↘ 1 934 (0,4 %) | ↘ 1 253 (0,3 %) |
Кхин къаьмнаш | 6 701 (1,7 %) | ↗ 10 472 (2,4 %) | ↘ 9 697 (2,3 %) |
Къам ца гайтинарш | 0 | ↗ 1 803 | ↗ 14 610 |
гайтина 1000 сов барам болу къаьмнаш 1000 стаг |
Адыгейш беха, коьртаниг, 45 эвлахь, ткъа кхин а Майкоп гӀалахь, Энем, Яблоновски, Тлюстенхабле поселкашкахь. Уггаре гулахь хевшина уьш Тахтамукайн, Теучежан, Шовгенан, Кошехаблан, Красногвардейски кӀошташкахь.
1998 шарахь Косово а, Метохи а автономин махкара правительствон «Пачхьалкхан гӀоьнан Автономин мехкан Косовра (Бертан Республика Югослави) адыгаш (чергазий) Республика Адыгей кхалхош дӀататта йиш йоцу белхаш»[14] цӀе йолчу сацамца арайаьккхира чергазийн тоба (42 доьзал[15] (200 ст. гергга), охьаховшийра Майкопе а, керла эвла Мафэхабле (Майкопан кӀошт) а.
Йуьртан меттигашкара бисина бахархой беха гӀазакхийн гӀаланашкахь, кӀотаршкахь, эвланашкахь, посёлкашкахь.
Оьрсий беха республикин берриг махкахь, гулахь беха Гиагин а, Майкопан а кӀошташкахь, дукха бу уьш Красногвардейски, Тахтамукайски кӀошташкахь.
Украинаш хевшина баьржина ерриг Адыгейчухула.
Адыгейхь гулахь беха гӀезалой: Киров (Шовгенан кӀошт), Политотдел, Отрадни (Кошехаблан кӀошт) кӀотаршкахь, Афипсип эвлахь (Тахтамукайн кӀошт), Майкоп гӀалахь.
Эрмалой гулахь хевшина Майкопан кӀоштахь: Пролетарски, Цветочни, Къилбаседа-Малхбелен бошмаш, Шаумян кӀотаршкахь, Тульски посёлехь, Кужорски гӀалахь, Майкопехь.
Кхурдой: Бели, Преображенски, Садови, Еленовски, Красногвардейски йарташкахь, Бжедугхабль эвлахь (Красногвардейски кӀошт).
Желтой: Гавердовски кӀотарахь (гӀалин гуо Майкоп).
Бахархойн къоман хӀоттам кӀошташкахула (2002 шо)[16]:
Мохк | Оьрсий | Адыгаш | Эрмалой | Украинаш | Кхурдой |
---|---|---|---|---|---|
Майкоп гӀ. | 72,6 % | 16,7 % | 3,0 % | 2,5 % | 0,0 % |
Адыгейск гӀ | 18,1 % | 78,4 % | 0,4 % | 0,6 % | - |
Йуьртан меттиг Майкоп гӀ. |
79,9 % | 6,0 % | 2,3 % | 2,6 % | 0,8 % |
Гиагинскан кӀошт | 86,7 % | 2,8 % | 3,1 % | 2,1 % | 0,1 % |
Кошехаблан кӀошт | 43,0 % | 49,4 % | 2,0 % | 0,8 % | - |
Красногвардейскан кӀошт | 63,0 % | 17,3 % | 1,8 % | 1,7 % | 10,3 % |
Майкопан кӀошт | 81,2 % | 1,5 % | 10,0 % | 2,8 % | 0,1 % |
Тахтамукайн кӀошт | 54,7 % | 34,7 % | 2,6 % | 1,8 % | 0,1 % |
Теучежан кӀошт | 27,2 % | 68,4 % | 1,0 % | 0,8 % | 0,1 % |
Шовгеновн кӀошт | 33,6 % | 62,5 % | 0,4 % | 0,7 % | 0,0 % |
Бахархойн къоман хӀоттам 2010 шеран багарбарца[17]:
Мохк | Оьрсий | Ст. | Адыгаш | Ст. | Эрмалой | Ст. | Украинаш | Ст. | Кхурдой | Ст. | Цигонаш | Ст. |
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гиагинскан кӀошт | 86,77 % | 27 458 | 2,81 % | 889 | 3,85 % | 1 218 | 1,35 % | 428 | 0,26 % | 83 | 1,53 % | 484 |
Майкопан кӀошт | 81,44 % | 46 739 | 1,80 % | 1 031 | 10,66 % | 6 119 | 1,81 % | 1 036 | 0,21 % | 122 | 0,92 % | 528 |
гӀ. гуо Майкоп | 71,84 % | 112 802 | 17,83 % | 27 216 | 2,96 % | 4 651 | 1,87 % | 2 933 | 0,13 % | 203 | 0,26 % | 413 |
Майкоп гӀ. | 71,29 % | 96 119 | 18,19 % | 24 526 | 3,03 % | 4 085 | 1,88 % | 2 537 | 0,03 % | 36 | 0,15 % | 201 |
Красногвардейскан кӀошт | 64,14 % | 19 683 | 16,14 % | 4 953 | 1,76 % | 539 | 0,95 % | 290 | 13,11 % | 4 024 | 0,26 % | 80 |
Тахтамукайн кӀошт | 57,10 % | 38 257 | 33,21 % | 22 247 | 3,02 % | 2 022 | 1,17 % | 782 | 0,12 % | 78 | 0,37 % | 245 |
Кошехаблан кӀошт | 40,12 % | 12 147 | 51,90 % | 15 711 | 2,02 % | 612 | 0,55 % | 167 | - | - | 1,87 % | 565 |
Шовгеновн кӀошт | 32,77 % | 5 532 | 62,88 % | 10 613 | 0,55 % | 92 | 0,37 % | 63 | - | 1 | 0,08 % | 13 |
Теучежан кӀошт | 28,06 % | 5 626 | 65,82 % | 13 195 | 1,15 % | 230 | 0,56 % | 112 | 0,08 | 17 | 0,18 % | 37 |
Адыгейск гӀ. | 17,60 % | 2 120 | 79,04 % | 9 521 | 0,59 % | 71 | 0,33 % | 40 | - | - | - | - |
гӀ. гуо Адыгейск | 17,09 % | 2 470 | 79,93 % | 11 549 | 0,54 % | 78 | 0,29 % | 42 | - | - | - | - |
Административан-мехкан йекъайалар
бӀаьра нисйан№ | ХӀост | Муниципалан кхоллар |
Административан центр |
Майда, км² |
Бахархой, адам. |
---|---|---|---|---|---|
1 | Майкопан гӀалин гуо | Майкоп гӀ. | 57 | 167 559 | |
2 | Адыгейскан гӀалин гуо | Адыгейск гӀ. | 14 901 | ||
3 | Гиагинскан кӀошт | Гиагински э. | 790 | 31 390 | |
4 | Кошехаблан кӀошт | Кошехабль э. | 606 | 30 317 | |
5 | Красногвардейскан кӀошт | Красногвардейски э. | 726 | 31 005 | |
6 | Майкопан кӀошт | Тульски э. | 3667 | 59 246 | |
7 | Тахтамукайн кӀошт | Тахтамукай э. | 440 | 72 239 | |
8 | Теучежан кӀошт | Понежукай э. | 710 | 20 887 | |
9 | Шовгеновн кӀошт | Хакуринохабль э. | 521 | 16 859 |
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 https://www.gks.ru/storage/mediabank/PrPopul2021.xls
- ↑ Нохчийн маттахь мехкийн цӀераш . Даймохк. Архивйина 2023 шеран 18 мартехь
- ↑ Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
- ↑ Закон РСФСР «О преобразовании Адыгейской автономной области в Советскую Социалистическую Республику Адыгея в составе РСФСР»
- ↑ Республика Адыгея — История Архивйина 2021-06-10 — Wayback Machine
- ↑ Золото Северного Кавказа // Вестник золотопромышленника, 19.07.2010(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Республика Адыгея - Основные сведения . www.adygheya.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 17 июнь.
- ↑ Оценка численности постоянного населения на 1 января 2020 года и в среднем за 2019 год. Росстат . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март.
- ↑ Численность постоянного населения на 1 января (человек) 1990-2010 года
- ↑ Республика Адыгея: население, власть, здравоохранение, районы(бил-боцу.). femida.guru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль.
- ↑ Всесоюзная перепись населения 1979 года
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Национальный состав и владение языками, гражданство. Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации Архивйина 2013-07-24 — Wayback Machine
- ↑ Постановление Правительства РФ от 3 июля 1998 г. N 690 «О неотложных мерах государственной поддержки переселения адыгов (черкесов) из Автономного края Косово (Союзная Республика Югославия) в Республику Адыгея» Архивйина 2012-03-01 — Wayback Machine
- ↑ Черкесская общественность пожаловалась руководству НТВ на искажение истории черкесов Косова
- ↑ Сайт о населении Кавказа
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Численность населения Республики Адыгея. Том 4. Национальный состав Архивйина 2013-11-04 — Wayback Machine