Али-Бердуковски
Али-Бердуковски (оьрс. Али-Бердуковский) — Российн Федерацин Кхарачой-Чергазийчоьнан Хабезан кӀоштара эвла.
Эвла | |
Али-Бердуковски | |
---|---|
абаз. Алибердыкъва гӀебарт.-чергаз. Али Бердыкъуэ кхарач.-балк. Али-Бердуковскийоьрс. Али-Бердуковский | |
43°59′18″ къ. ш. 41°44′20″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Кхарачой-Чергазийчоь |
Муниципалан кӀошт | Хабезан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Али-Бердуковски |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1831 шарахь |
Хьалхара цӀерш | 1931 шо кхачале Хагундоково (Хьэгъундыкъуей) |
Майда | 55 км² |
Центран локхалла | 759 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗5414[1] стаг (2016) |
Луьсталла | 98 стаг/км² |
Къаьмнийн хӀоттам | чергазий |
Динан хӀоттам | бусалбанаш-суннийш |
Бахархойн цӀерш | али-бердуковхо, али-бердуковхой |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87873 |
Поштан индекс | 369 425 |
Автомобилан код | 09 |
Код ОКАТО | 91240000003 |
Код ОКТМО | 91640403101 |
Картин тӀехь | |
Бо шена йукъахь ша́ цхьа эвла бен йоцу муниципалан кхоллам Али-Бердуковски йуьртан меттиг.[2]
Географи
бӀаьра нисйанЭвла лаьтта Хабезан кӀоштан йуккъерачу декъехь, Жима Зеленчук эркан аьрру бердаца. Лаьтта 5 км къилбехьа кӀоштан центр йолчу Хабезан, 38 км къилба-малхбузехь Черкесск гӀалин, Р265. Черкесск—Архыз трассин тӀехь.
Йуьртан меттиган майда йу — 55 км2.
Доза ду эвланийн лаьттанашца: Жакон къилбехахь, Хабезан къилбаседехь, Инжич-Чукунан къилбаседа-малхбален. Малхбузехь а, къилба-малхбузехь а эвлан лаьтташ байданашка довлу.
Эвла лаьтта республикин ломан кӀажошкара зонехь. Меттиган рельеф гунаш долу акъари йу, лаьтта шина дукъ йукъахь. Йуккъера локхалла эвлан махкахь 759 метр йу хӀордан тӀегӀанан тӀиера.
Гидрографин маша коьртаниг гайтина Жима Зеленчук эрко. Эвлан малхбузехьа лаьтта Бачби боьра, къилбаседа-малхбалехьа Кайбук боьра.
Климат барамера йу. ХӀаваан шеран йуккъера температура йу + 9°. Уггаре шийла бутт — январь (беттан йуккъера температура – 4°), ткъа уггаре бовха — июль (+ 22°). ГӀур туху декабрь болалуш, чекхйолу апрель болалуш. Йочанийн шеран йуккъера барам шарахь 600 мм бу. Уьш алсама хуьлу апрелера июне кхаччалц болчу муьрехь.
Истори
бӀаьра нисйан1825 шарахь ГӀебарта йерриг йукъатуьйхира Российн империн декъа. Иза бахьнехь, дукхаха болу оьрсийн паччахьан Ӏедал къобал дан лууш боцу гӀебартой, йаккхий тулгӀенашца кхалха буьйлабелира ГӀебартчуьра Кубань дехьа, кхин адыгаш болчу.
Эвла кхоллайалар доьхку Машук ломаца Ӏийна «бевдда» гӀебартошца. Жигара оьрсий охьаховшаро, дукха сиха аратетта йолийра чергазийн йисина эвланаш.
1824 шарахь Хагундоков эвлара бахархойн доккхаха долу дакъа, дӀакхелхира Кубан тӀе, хевшира хӀинцалерачу Мара эвлан кӀоштахь, эвла цигахь лаьттира шарахь гергга. Амма 1825 шарахь рогӀера эвлан тӀелатаро дизийтира церан кхин а гена бовла.
Цул тӀаьхьа ХагундоковгӀар хевшира Ахьмад-лам тӀе. Цул тӀаьхьа кхелхира Сторожеви гӀалан йисташка. Цигахь а баха ца белла, дӀабахара Маруха эркан атагӀе.
Бахархойн дукхалла
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
2002[3] | 2010[4] | 2012[5] | 2013[6] | 2014[7] | 2015[8] | 2016[1] |
5071 | ↗5354 | ↗5371 | ↘5360 | ↗5368 | ↗5380 | ↗5414 |
Климат
бӀаьра нисйанКхузахь климат барамехь континентан йу, аьхка йовха хуьлу, ткъа Ӏа барамехь-шийла хуьлу. Шеран уггаре а бовха бутт бу — июль (мангалан), уггаре а шийла — январь (кхолламан).
Сахьтан аса
бӀаьра нисйанКхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Закон Карачаево-Черкесии от 16 декабря 2004 года № 48-РЗ «Об установлении границ муниципальных образований на территории Хабезского района и наделении их соответствующим статусом» . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 март. Архивйина 2015 шеран 2 апрелехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Численность постоянного населения территорий КЧР по окончательным данным Всероссийской переписи населения 2010 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 октябрь. Архивйина 2014 шеран 10 октябрехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара Кхарачой-Чергазийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |