Антикоммунизм
Антикоммуни́зм — коммунистийн ойланийн, идеологин, политикин боламийн, кхин а также уьш кхочушйен политикин институтийн йукъара мостагӀаллин идеологи[1]. Антикоммунизм билгалйаккхара билгала доцу дозанаш гучудуьйлу дуккха а тардинчу терминашкахь: антисоветизм, антисоциализм, антимарксизм, наггахь «контрреволюционалла»[1].
Антикоммунизм сецош йолу идеологеш
бӀаьра нисйанXX бӀешарахь антикоммунистийн идеологи, риторика йа практикин гӀолоцу агӀонашна йукъахь йара:
- Консерватизм
- Либерализм
- Неоконсерватизм («рейганизм») идеологи а, 1980-гӀа шерашкара «капиталистийн революцин» болам а хьовсура коммунистийн партийн урхаллера ражашка коьрта мостагӀе санна. Рейган Рональдан администрацис цӀеххьана политика луьра йира ССРС агӀора, йолийра массашкахь антикоммунистийн пропаганда, альянсаш йира политикин исламаца, ультрааьтту ницкъашца, партизанийн боламашца («Рейганан доктрина»).
- ТӀаьхьа «Рейганан доктрина» цӀе йелла программин хьалхара могӀанаш, 1985 шеран февралехь охьадехкира АЦШ Конгрессе бинчу президентан «Махкара хьолех лаьцна» цӀе йолчу кхайкхамехь:
Вай тешам байа ца беза, шайн са а ца кхоош, ОвхӀанера Никарагуа кхаччалц, йерриг континенташна тӀехь, советийн агрессица дов латтош, вай динчу хенара дуьйна вайн йолу маршо Ӏалаш йан гӀертачеран. Маршо къуьйсучарна гӀолацар шеш лардар ду.
- Неоконсервативаторийн антикоммунизм къаьстара дуьхьала латтаран башха энергица а, луьраллица а. Коммунизмана дуьхьала хӀоттайора «консервативан прогрессан» концепци — экономикин неолиберализм, буржуазин социалан модернизаци, оьздангаллин популизм. Неоконсерваторийн тулгӀенан гӀарабевлла политикаш бара, масала Рейган Рональд, Тэтчер Маргарет, Штраус Франц Йозеф, Накасонэ Ясухиро, Фанфани Аминторе, Малруни Брайан, Фрейзер Малколм, Малдун Роберт.
Антикоммунизм сецош йолу идеологеш
бӀаьра нисйан- Иштта сих-сиха гражданийн тӀемашкахь (Горянски болам Болгарехь, Чан Кайшин заманара цийхойн Гоминьдан, Испанера Франко Франсискон раж) коммунисташца Ӏиттало тайп-тайпана мехкашкара а, агӀонашкара а национализм.
- Башха къегина антикоммунизмаца къастара, коьртехь Степан Бандера волу, украинийн националистийн болам. Украинийн националистийн кхолламо герзашца болу къовсам ССРС дуьхьала Украинин гӀаттаман эскаран ницкъашца бина ца Ӏаш, кхин а шена тӀелецира дуьненайукъара координацин болх а. Стецько Ярослав а, цуьнан зуда Ярослава а лаьттира Антибольшевикийн къаьмнийн блокан коьртехь.
- Фашизманна а, национал-социализманна а шен мостагӀ гуора мехкан чоьхьарчу коммунисташна йукъахь а, кхин ССРСан а, Коминтернан а ражашкахь (гитлеран коалици Антикоминтернан пакт олу бартаца йихкина йара). Национал-социалистийн лидерша шайн пропагандехь цхьанамехала бо коммунистийн болам жуьгтийн (жидобольшевизмаца). Иштта Геббельс Йозефа 1936 шарахь кхайкхийра: «большевизм олуш йолчун, цхьан а йукъара хӀума дац вайн „ойланаш йарах“ а, „дуьнене хьежарх“ а. И кхин хӀума йу, жуьгташа кечйина, масала, патологин а, зуламан а Ӏовдаллин кеп санна, иза атта гучудоккхур ду, оццу жуьгташа лелош берш, гӀерта дуьненайукъара жуьгтийн дуьненан раж а хӀоттийна, цуо куьйгакӀела далор ду дерриг къаьмнаш а, церан Ӏедал а, Европин цивилизацин къаьмнаш хӀаллак дархьама»[2].
- Фалангизм — шен специфика йолу испанин фашизма вариант. Кхоллайелла ультранационалистийн ламасталлех (Хосе Антонио Примо де Ривера) а, радикалан национал-синдикализмах (Рамиро Ледесма Рамос) а. Фалангизм тарйалийта ца оьшу консерваторийн-милитаризмаца а, клерикалан франкизмаца а; иза кхин а алсама радикалан а, популистийн а болам бу. Идеологин башхаллаш кхуллу испанхойн менталитетан акценташца. Йуьхьанца дуьйна аьрру синдикалистийн элементаш а, Рамос Ледесмин Советийн Российн цхьацца безамаш бйолушехь, испанин фаланга лаьттара йистера антикоммунизман позицешкахь.
- Гарсиамесизм — 1980-гӀа шерашкара Боливера тӀеман-зуламан урхалла. Бух бара тӀеман хунтин гражданийн ультрааьтту кхолламашца а, зуламхой структурашца альянсехь. Президента Гарсиа Месас марксизм а, коммунизм а орамашца дӀайаккхар шен ражан уггаре хьалхара Ӏалашо йу олура.
Польша
бӀаьра нисйан- 2009 шеран 28 ноябрехь Польшин президента Качиньский Леха советийн сийлаллаш эца а, латто а цамагарх долу омар кӀела куьг йаздира[3]. Документаца, советийн сийлаллаш йолу хӀуманаш йа йаздинарш эцаро а, даржадаро а, шина шарна набахти чуволларца таӀзар дан тарло.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйан- Антисоветизм
- ЦӀен кхерамКрасная угроза
- Коммунизм охӀаллакбинчеран мемориал (Прага)
- Коммунизм охӀаллакбинчеран мемориал (Вашингтон)
- Европин Кхеташонан 1481-га резолюци
- Мацца цкъа а коммунистийн сийлаллаш цамагийна мехкийн исписка
- Блок «ФАКТ»
- Дерригдуьненан антикоммунистийн лига
- Джамбори
- Дуьхьалонан интернационал
- Къаьмнийн антибольшевикийн блок
- Азин къаьмнийн антикоммунистийн лига
- Aginter Press
- Дерригдуьненан маршонан де
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Fayet, Jean-François. Reflections on writing the history of anti-communism // Twentieth Century Communism 6.6 (2014): 8-21.(ингалс.)
- ↑ Так говорил Геббельс. Избранные речи и статьи министра пропаганды и просвещения Третьего рейха. Глава 2. Большевизм в теории и на практике. Речь, произнесённая в Нюрнберге 10 сентября 1936 года на 8-м съезде национал-социалистической партии (Joseph Goebbels. Die ausgewählte Reden und Artikel) . — Пер. с англ. Питер Хедрук. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 19 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 5 мартехь Архивйина 2012-03-05 — Wayback Machine
- ↑ Символ страха. В Польше запретили советскую символику
Литература
бӀаьра нисйан- Безансон А. Бедствие века. Коммунизм, нацизм и уникальность Катастрофы = Le Malheur du siècle: sur le communisme, le nazisme et l'unicité de la Shoah. — 1-е. — Москва-Париж: МИК, 2000. — 104 с. — ISBN 5-87902-054-1.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Генри Э. Профессиональный антикоммунизм: К истории возникновения. — М.: Политиздат, 1981. — 367 с.
- Нольте Э. Европейская гражданская война (1917—1945). Национал-социализм и большевизм. — М.: Логос, 2003. — 528 с. — ISBN 5-8163-0046-6
- Паульман В. Антимарксизм П. Бергера
- Torben Gülstorff. Warming Up a Cooling War: An Introductory Guide on the CIAS and Other Globally Operating Anti-communist Networks at the Beginning of the Cold War Decade of Détente (Cold War International History Project Working Paper Series #75), Washington 2015.