БархӀайн эрк
БархӀайн эрк[2][3] я БархӀайн эрк[4] — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикин Итон-Кхаьллан кӀоштахула. Орган аьрру га. Эркан дохала – 16 км[5]. Хи гулден майда — 66,1 км²[5].
БархӀайн эрк я ТӀерлойн эрк | |
---|---|
Амал | |
Дохалла | 16 км |
Бассейн | 66,1 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Локхалла | 2219 м |
• Координаташ | 42°48′47″ къ. ш. 45°26′56″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Орга |
• Эрк чекхдолу меттиг | 102 км аьрру бердаца |
• Локхалла | 968 м |
• Координаташ | 42°42′53″ къ. ш. 45°24′06″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 201,8 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Итон-Кхаьллан кӀошт |
Код ПХР чохь | 07020001212108200005894[1] |
— хьост, — хикхоче |
Схьадолу Юйчу ашнен коьртера (Яцеб корта, 2300 м) Лакхара БархӀа олучу меттигера[3]. ОхьадогӀу къилбехьа, докхан хьун яьллачу чӀожехула[3]. Эркан хикхоче ю Орган хикхочел 102 км лакхахь, аьрру бердаца[5].
Коьрта га — Никархойн эрк[3].
Геннаш
бӀаьра нисйанБархIайн эрках кхета цуьнан геннаш:
- Никархойн эрк - Гуоро эвлана уллехь.
- Терингара догIу хи – охьадогӀу къилбаседа-малхбузера, БархIайн эрках кхета аьтту агӀора БархӀан чохь.
- Гуьйр чуьра догу хи – охьадогӀу къилбаседа-малхбалера, БархIайн эрках кхета аьрру агӀора, БархӀан эвлан лахарчу куьпахь.
- Юьйчу аьшниера догIу хи – охьадогӀу къилбаседа-малхбалера, БархIайн эрках кхета БархӀа эвлан юккъехь.
- Эл кхара догIу хи – охьадогӀу къилбаседа-малхбалера, БархIайн эрках кхета аьрру агӀора. Дерриг кегийра эркаш цхьаьнакхета БархIайн эркаца Тиши БархIан саьлнашна юххехь[7].
Хин реестрах хаамаш
бӀаьра нисйанРоссийн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[5].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001212108200005894[5].
Истори
бӀаьра нисйанТӀерлойн эрк а, Орга а цхьаьнакхетачехь лекхачу меран тӀехь лаьтта онда бӀаьвнийн комплексех йисина КӀирда бӀаьвнийн саьлнаш. Сулейманов Ахьмадан дайша 1944 шо кхаччалц Ӏалашдина тептарша дийцарехь, XIV бӀешеран пачхьалкх Симсим йоьхначул тӀаьхьа паччахь Суррокъат а, цуьнан гуо а юхабевлира малхбузехьа, герзах, хазнех йоьттина йоккхачу ковраца, дисинчу эскарца, хан хене мел йолу новкъахь совцуш, кхечира ЧӀаьнта Орган тӀе. Цуьнан аьрру бердаца, лекхачу меран тӀехь юьйгӀира онда бӀаьвнийн чӀагӀо. Цунах йисина саьлнаш кхаьчна вайн деношка КӀирда бӀаьвнаш аьлла цӀе а тиллина. Паччахьан тӀаьхьенаш гӀиртира кхузахь чӀагӀбала, шайн нах Бийриг Бичча а, Элди Талат а элий хӀиттийна, амма цара сихха шайна йукъахь тӀом болийра. Суррокъат паччахьан а, цуьнан кӀантан Байран а чӀагӀбала а, хьалхалера шайн Ӏедал меттахӀотто а ца хиира кхузахь, шен эскарца цхьаьна дӀабахара цхьа дакъа Цийчоьн, важа дакъа Японан агӀора[8].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ Кеп:ГКГН
- ↑ 1 2 3 4 Лист карты K-38-43 Ниж. Алкун. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 104-105, 113, 116-118.
- ↑ 1 2 3 4 5 «Никарой» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 101.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 102.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 104-105.