Робинсон Дэвид Морис харц цӀе «Адмирал» (инг. David Maurice "The Admiral" Robinson; вина 1965 шеран 6 августехь(19650806), Ки-Уэстехь, Флорида штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, йерриг шен карьерехь левзина Къоман баскетболан ассоциацин «Сан-Антонио Спёрс» командехь, цуо хаьржира иза 1987 шеран КъБА драфтехь йукъара хьалхара лоьмарца. «Спёрс» йукъахь хилла КъБА шозза чемпион. Баскетболан сийлаллин залан декъахо 2009 шарахь дуьйна, ФИБА сийлаллин залан декъахо 2013 шарахь дуьйна.

Робинсон Дэвид
инг. David Robinson
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой
Харц цӀераш Адмирал (инг. "The Admiral")
Локхалла 216 см
Возалла 107 кг
Гражданалла
Вина терахь 1965 шеран 6 август({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (58 шо)
Вина меттиг Ки-Уэст, Флорида, АЦШ
Ишкол Осборн-Парк (Манассас, Виргини)
Колледж АЦШ ТӀХӀА (1983—1987)
Драфт КъБА 1-ра (1-ра раунд), 1987, Сан-Антонио Спёрс
Статистика
Ловзарш 987
Очкош 20790 (21,1 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 10497 (10,6 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 2441 (2,5 йуккъера барам ловзарехь)
Схьалацар 1388 (1,4 йуккъера барам ловзарехь)
Блок-шоташ 2954 (3 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Сеул 1988 баскетбол
Деши Барселона 1992 баскетбол
Деши Атланта 1996 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Испани 1986
Панамерикин ловзарш
Дети Индианаполис 1987 баскетбол
Америкин чемпионаташ
Деши Портленд 1992
2009 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Левзина центровойн позицехь. Дешна АЦШ ТӀеман-хӀордан академехь, 1987 шарахь КъБА драфтехь харжира «Сан-Антонио Спёрс» командо 1-ра лоьмарца, шен йерриг карьера а оцу клубехь дӀайаьхьна (1989—2003). Шозза олимпийн чемпион (1992 а, 1996 а), шозза КъБА чемпион (1999, 2003), 1993/94 шеран ассоциацин уггаре дика иччархо, 1994/1995 шеран КъБА MVP, шеран жамӀашца 10-зза сийлаллин гулйина командашна йукъавахна (1991, 1992, 1995, 1996 — хьалхара команда, 1994 а, 1998 а — шолгӀа команда, 1990, 1993, 2000, 2001 — кхоалгӀа команда), ткъа иштта, шеран жамӀашца 8-зза дуьхьалонан сийлаллин гулйина командашна йукъавахна (1991, 1992, 1995, 1996 — хьалхара команда, 1990, 1993, 1994, 1998 — шолгӀа команда), 10-зза «Дерриг седарчийн» матчан декъахо хилла, 1986 шеран дуьненан чемпион, 1988 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо хилла. Иза йукъавахна ассоциацин исторехь уггаре дика 50 ловзархочун.

1994 шеран 17 февралехь «Детройт Пистонс» командица ловзуш Робинсон йира исторехь 4-гӀа, тахана тӀаьххьара йолу квадрупл-дабл КъБАхь.

2009 шеран 11 сентябрехь Робинсон йукъавахийтира Баскетболан сийлаллин залан[1], 2013 шарахь — ФИБА сийлаллин залан.

Статистика нисйе бӀаьра

Статистика КъБАхь нисйе бӀаьра

Шо Команда РогӀера шо Плей-офф сери
GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG
1989/90 Сан-Антонио 82 81 36,6 53,1 0,0 73,2 12,0 2,0 1,7 3,9 24,3 10 10 37,5 53,3 - 67,7 12,0 2,3 1,1 4,0 24,3
1990/91 Сан-Антонио 82 81 37,7 55,2 14,3 76,2 13,0 2,5 1,5 3,9 25,6 4 4 41,5 68,6 0,0 86,8 13,5 2,0 1,5 3,8 25,8
1991/92 Сан-Антонио 68 68 37,7 55,1 12,5 70,1 12,2 2,7 2,3 4,5 23,2 Дакъа ца лаьцна
1992/93 Сан-Антонио 82 82 39,2 50,1 17,6 73,2 11,7 3,7 1,5 3,2 23,4 10 10 42,1 46,5 0,0 66,4 12,6 4,0 1,0 3,6 23,1
1993/94 Сан-Антонио 80 80 40,5 50,7 34,5 74,9 10,7 4,8 1,7 3,3 29,8 4 4 36,5 41,1 0,0 74,1 10,0 3,5 0,8 2,5 20,0
1994/95 Сан-Антонио 81 81 38,0 53,0 30,0 77,4 10,8 2,9 1,7 3,2 27,6 15 15 41,1 44,1 16,7 80,7 12,1 3,0 1,5 2,7 24,7
1995/96 Сан-Антонио 82 82 36,8 51,6 33,3 76,1 12,2 3,0 1,4 3,3 25,0 10 10 35,3 51,6 - 66,7 10,1 2,4 1,5 2,5 23,6
1996/97 Сан-Антонио 6 6 24,5 50,0 - 65,4 8,5 1,3 1,0 1,0 17,7 Дакъа ца лаьцна
1997/98 Сан-Антонио 73 73 33,7 51,1 25,0 73,5 10,6 2,7 0,9 2,6 21,6 9 9 39,2 42,5 - 63,5 14,1 2,6 1,2 3,3 19,4
1998/99 Сан-Антонио 49 49 31,7 50,9 0,0 65,8 10,0 2,1 1,4 2,4 15,8 17 17 35,3 48,3 - 72,2 9,9 2,5 1,6 2,4 15,6
1999/00 Сан-Антонио 80 80 32,0 51,2 0,0 72,6 9,6 1,8 1,2 2,3 17,8 4 4 38,8 37,3 0,0 76,2 13,8 2,5 1,8 3,0 23,5
2000/01 Сан-Антонио 80 80 29,6 48,6 0,0 74,7 8,6 1,5 1,0 2,5 14,4 13 13 31,5 47,2 0,0 69,5 11,8 1,7 1,3 2,4 16,6
2001/02 Сан-Антонио 78 78 29,5 50,7 - 68,1 8,3 1,2 1,1 1,8 12,2 4 4 20,3 47,4 - 0,0 5,8 1,3 0,8 0,8 4,5
2002/03 Сан-Антонио 64 64 26,2 46,9 - 71,0 7,9 1,0 0,8 1,7 8,5 23 23 23,4 54,2 - 66,7 6,6 0,9 0,8 1,3 7,8
Массо 987 985 34,7 51,8 25,0 73,6 10,6 2,5 1,4 3,0 21,1 123 123 34,3 47,8 9,1 70,7 10,6 2,3 1,2 2,6 18,0
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. David Robinson Hall of Famers (инг.). hoophall.com. Basketball Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 ноябрь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра